– Хьо хьаьнга етташ ву телпо?
– Хьоьга етташ ву-кх.
– Делахь, алло! – лерга лецира телпо.
1уьйрана балха т1аьхьадуьсуш
– Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа? – реза вацара майра.
– Мачаш ц1анйича, хьо д1а г1ура ву машенахь, соьга а ца хьоьжуш!
Учиталийн чоь.
– Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? – ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.
– Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! – кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.
Воккха стеган кхаж.
Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:
– Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, – элира воккхачу стаге жимчу зудчо.
– Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, – ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.
Вон зуда.
Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! – дов дора воккхачу стага шен зудчунна.
– Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! – бехказа юьйлура зуда.
Разита.
Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:
– «Иштта» а олуш, майрра ала дош!
– Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!
2021 шо.
1ашхой-мартанхочун забар.
– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.
– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.
– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.
– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
Валаргхойн забар.
– Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.
– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.
«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:
– Хьажахь, яларгхо, иштта ц1е йолу урам стенгахь бу хаьий хьуна?
– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.
– Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? – цецвелира юьртара воцу хьаша.
Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш
Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.
Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.
Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:
– Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, – аьлла.
– Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! – жоп делла лулахочо.
Мумадан кибарчиг.
Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд
– Х1ун боху, – аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.
– Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, – дехар дина Махьмуда.
Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.
Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.
Лулахочо ц1а деш новкъадаьлла кет1аваьлла бухд1ахашкахула хьоьжуш лаьттачу Мумадига хаьттина т1ехволучо, салам-калам а кховдийна:
– Ма г1ийла 1аш-вехаш вара и Махьмуд. Ц1а дан ц1ен кибарчиг стенгара яьлла техьа цунна?
– А-а, иза-м аса еллера цунна, – жоп делла Мумадас.