1уьйрана чайнан стака а мелла, ишколе балха ваха со араваьлча, уьйт1а юккъехь, наб кхетта 1охку кегий бераш санна, ул-уллохь 1уьллуш х1инцца дассийна къаьркъана ши шиша 1уьллура. Х1инца кхийтира со лулахочун къизачу бегашех.
Со ишколе д1акхаьчча, деза кхаьънаш санна схьакъедош дара суна сох лаьцна керла «туьйранаш». Ондачу завучо мерза кхаъ бина дийцира суна:
– Ванах, хьенех. Хьо, уьйт1а юккъе дийнна яьшка къаьркъа а х1оттийна, сахиллалц молуш, салтийн йир а бохуш, лулахой бийша а ца буьтуш, 1а ма боху! Бакъ дуй и? Хьажахьа, минот ца яьллехь, хьоьга маре а йог1ур-кх со! Ма къа долуш синош ду-кх тхо, зударий!
– Зударий-м хила а мега…, – дуьхьал къовзарш дира ас.
Амма къена жеро-м яцара оцу сан хьовзийначу дешнех кхетар йолуш, дуьненчохь кхин цхьана дахарехь яьхча а. Соьгара пурба даьккхича санна д1ахьаьдира иза-м, со теш а вина, сох лаьцна шена хетарш дийца.
– Гина хир ду-кх Чацкийна а г1ан! – элира ас сайга. – Амма иштта говзаниг-м ца гина!
– Хьо экзаменна кечам беш-м вац? – хезира суна аг1онца кхоалг1ачу завучан аз.
Хазачу зезаган ц1е а йолуш, лекхуо, оьздачу дег1ехь, жима зуда яра и.
– Шадолчу дахарх еккъа ц1ена экзамен а хилла д1адаха х1ара сан дуьне-м, – бегаш бира ас.
– Махьмудна т1е а г1ой, хьо х1окху ишколан директор хила г1ерташ вац ала, хьайна х1ара концерт чекхъяла лаахь, – элира соьга зудчо, эсала ела а къежаш.
– Ой, – цецвелира со. Хьуна муха хиира со директоран меттиг къуьйсуш воций?
– Хьо Дала поэт хила кхоьллина ву. Нуьцкъала хьо директор х1оттийча а, ахьа баттахь а бийр бац х1ара болх. РОНО-хь а шарахь бен ца хьевелла хьо, итт шо хьалха делахь а, – кхин цкъа а оьзда елакъежира жима зуда.
– Ткъа стенгара даьржина и эладита, со директоран меттиг схьаяккха веина ву аьлла? – хаьттира ас хьекъалечу жимчу зудчуьнга.
– Хьайн лулахошца бертахь 1е, я меттиг хийца, – хьехар дира жимчу зудчо.
– Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, – элира ас.
– Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, – ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.
«Адамашца тарвала веза!» – тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.
– Ваша, ваша, – т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.
Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.
– Х1ун боху ахь, жима стаг? – сецира со.
– Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, – хаийтира к1анта.
– Баркал, жима стаг, баркал, – мукъавитира ас к1ант.
Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.
– Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, х1ара ишта нисдаларна. Масех шарна аьлла чувахийтинера ас хьо х1усаме. Делахь а, и х1усам парг1атъяккха дезар ду хьан цхьана-шина дийнахь. И тхан к1ант аьлча а, оцу мер1уьргана зуда ялор чудоьссина-кх. Уьйт1ахь цхьа чоь мукъа а елара, хьо ара ца ваккха, – бехкала вахана кеп х1иттайора квартирин дас.
– Со х1усамехь 1ерна ишколо ахча д1аделлий хьуна? – хаьттира аса.
– Ахча-м, дера, хир дацара х1окху ишколера. Иза-м оьшуш а дацара, – бехказвуьйлура и.
– Дика ду, ас директоре сайна кхин х1усам лаха эр ду. Х1окху юьртахь еса лаьтташ дукха г1ишлош ю бохуш вара иза, – ас олуш къаьстира тхойшиъ.
Ишколехь-м директор карор вацара – ас мобилан з1е туьйхира Махьмуде.
– Еса лаьтташ г1ишлош шортта ю юьртахь. Ас завхозе омра дийр ду. Шек д1а а ма вала хьо! – дош луш, сан сапарг1атдаьккхира директора.
Амма де а д1аделира, шиъ, к1ира а. Завхоз а вара, эса дайна етт санна, корта а оллийна, бехкалвахана кеп х1иттош:
– Ванах, и цхьа ц1а доцуш висина накъост ма 1ийра вайн ишколехь, шена цхьа чоь а тойина. Божа вара и, Бомжа вара и – ц1е а яра цуьнан цхьа тамашийна. Оцу чохь цхьа зудчун бахьана а далийра цо. Хьуна кхин г1ишло караяллац цунах йисинчу чохь 1ийча х1ун дара хьо?
– Ткъа кхин г1ишло маца карор ю алалур дуй хьоьга? – хаьттира аса завхозе.
– Деллахь ца хаьа суна-м, – бехкалвахара завхоз.
Суна ишколан чохь нисйина чоь цхьа не1 уьчара чу, важа не1 аг1онца пенах луларчу пхьерийн чу а йолуш яра. Уьчахь – берийн г1овг1анаш, лулахь – ц1охарийн г1овг1а. Сан чохь ц1охаршна ток лун щит. Со вижина велахь а, г1аьттина велахь а, чай молуш велахь а, аг1онца пенахара не1 йоьллий, соьга салам а лой, шайн щит чохь болх бора белхалоша. Мала хи дезча а, меттара г1аттавой а, соьга доьхура. Бинт эшча а, соьга доьхура, не1 йоьллий, чоьхьа а бовлий.
– Г1уллакхаш муха ду? Х1умма а дац, оцу чохь-м Бомжа бохуш волу къонах иттех шарахь 1ийна хьуна. Вай кестта хьуна г1ишло лохура ю! Хьа-хьа-хьа! – хьуьнхахь йилбазмохь санна 1адавеш декара директоран белар.
Соьга схьакхийдош кехат, къолам а дара цуьнан: «Хьайн лаамца балхара д1аволу алий язде заявлени!» – бохуш.
Со ц1аьххьана самаиккхира. Со сайн г1аларчу х1усамехь, книгийн васхалшна хьалхха лаьттачу к1едачу г1антахь наб озийна 1аш хиллера. Суна дагадеира сайна гина г1ан. «Махьмад, Махьмад и мила вара?» – дагалоьцура ас. Т1аккхий бен тидам ца бира ас г1ийла екаш йолчу сайн мобилан телефонан. Со дисплей т1е хьаьжча, цу т1ехь яздина дара «Махьмад». Суна дагадеара айса юьртарчу ишколе балха ваха дагахь ву со аьлча, соьца цхьана хенахь РОНО-хь болх бинчу накъоста Расамбека Махьмудан телефонан номер елла хилар. Махьмуд вара соьга балха д1акхайкха мобилан з1е тоха езаш. З1е етташ верг и вара. Со кхин цкъа а хьаьжира телефонан дисплейга. Т1аккха ас, сайн г1ан дага а деана, телефонан ц1ен нуьйда т1ета1ийра. И нуьйда жимма т1ета1ийна латтийна, телефон д1аяйира дуккха а ханна. Махьмудна-м гуттаренна а.
2008 шо. Валарг.
Лакхарчу юьртара Iандаркъа
Оцу лекхачу Башламан т1ера охьанехьа лахлуш дог1у лаьмнаш, раьг1наш, хьаннаш кхачалуш Нохчийн аренга кхевддачу меттехь 1уьллуш яра жима ламаройн юрт. Генарчу лаьмнашна т1ера сиха хьаьдда дог1уч меттигера хишка хьаьжича, дикка доккха ларалуш хи а дара оцу юртан йисттехула охьахьаьдда доьдуш, лахахь цхьана дикане сатуйсуш санна сихделла. Оцу юьртаца цхьа аг1о хоттаела-яланзий лахенгахь хица охьанехьа к1отар яра. Кхечу ярташкахь 1аш берш хьега ца бан оцу юьртан ц1е юьйцура яц вай. Амма к1отаран ц1е яьккхича цуьнан бахархошца кийчча дов-м дара. Къайлаха аса йовзийту шуна оцу к1отарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла ц1е яккхан мегаш дара и к1отархой уллохь болуш а. Г1езийн к1отар алар-м, оцу хин йисттехь 1уьллучу к1отарарчу нехан алссама, г1ези1 олуш долу маьхьарен з1аькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу к1отархошна хезаш яккхан йиш яцар-кха нохчийн к1отаран ц1енна нохчийн ц1е, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а генуо, тилла ца валийта, оцу хинйистеша охьавахача, базар х1оттал йоккхачу юьрта а кхочура. Ярташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин г1ожмаш» санна ю, делахь вайн оцу ярташца кхин бала а бац. Цхьана б1аьстан довхуочу бахаран дийнахь оцу з1аькардаьхнин ц1е йолчу к1отаран лакхахь йуьллучу юьртара 1андаркъа ц1е йолу цхьа ламро вара лахенга охьаг1ерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй г1ажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнт1ера детта чоьшна юккхера схьагуш мелла а т1едаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста 1аьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла. К1айн вир хоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш. Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура уо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш. Шех терраниг х1усамнана а нисъеллера х1окхунна, кхин «х1ара де вай, иза де вай!» бохш майрачунна ша к1орда ца йойтуш.
Ц1ог1не з1аькардаьхнийн ц1е йолу юьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. К1отарахь-м вацара хаалуш дийна дег1 а, шаберш а базара баханехь а, йа х1ара к1ан вирахь вог1ург гина д1алевч1инехь а. Лакхара юрт а, к1отар а хинна аьру аг1ора хинйисттехь 1уьллуш яра, ткъа базар хуьлу юрт хинна аьтто аг1ора 1уьллура. Цундела ламаро ша к1отарна т1ехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м ч1ог1а реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м г1ийлла шен ког боккхуш схьаг1ертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчнна. Масийттаза г1оьртира к1айн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах г1уллакх ца хилира. Вир т1ера воссан дийзира вехачу 1андаркъин. Делахь а, х1ун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза г1аш вог1уш санна, когаш х1ора г1орзолах а тийсалуш вог1уш. Мухха делахь а, виран т1ер воьссина юьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а яьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш. Делахь а хеча дикка лекха яшонза-м ца висира и. гуонаха хьаьжича гуш дийна дег1 а дацара, ткъа т1еда хеча настаршна т1елеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гуонаха д1аса а хьаьжина сихха яьккхира 1андаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран к1айн букъна т1ейоьттинчу 1алг1ожна т1ехула яржош ластийна кхоьссира цо шен т1еда хеча. Цу т1еластаяле хьалха иза-м 1аьвдинехь а дацара х1умма а. ткъа хечех охьа1ийдало т1адамаш-м кегийра татолаш санна охьахьаьддера таьлсашна, силгахь йинчу нуьйрана а, цигара а охьадахча виран к1айн дег1ан аг1онца чоьшна юккъехь къевладолура. Шайна т1ехь хьекъна чо лаьцна йолу к1айн настарш г1овталан т1емашна юккъеша виран босца къийсайолийтуш, берзина кога юьйхина т1е газана мохь хаькхина базарденна къагийна муьжгийн эткийн, 1аьржа бос шен настаршца, виран аг1онца а къийса йолийтуш шен виран боларца улло х1оттина, хин тог1ин чухула охьанехьа г1ертара 1андаркъа. Тог1ина аьтту аг1ора жимма лекхуо айделла брдаш дара, оцу бердат1ехула охьа боьдура базаран юьрта ворданаш лелан некъ. Бердашна юккъехь цхьана меттехь хьала болуш некъ а болуш, бердаш хи дистина деъча цухаьрчина меттиг бара. Оцу метте шен вир дерзийна тог1ийна чуьра хьалавалан дагахь вара 1андаркъа. Дехьа, сехьа можа лаьттан бердаш а долуш чухирцина дикка беха бара бердах болу некъ. Эххар а бердах хьала велира т1ехь хеча йоцу къонах, Санчо Пансин виран Дон Кихот санна, шен к1айн вирана улло а х1оьттина, хьала-м велира къонах, амма ца ваьллехь а кхин х1ума а-м дацара.
Шен хеннахь, сатосуш малх анайист ц1енеш хьалаг1оьртича, арабевлла базарахь шайн г1уллакх чекхдаьккхина ц1ехьа бирзина ворданашкахь, говрашкахь, варрашна т1ехь, г1аш бердах чувуллучу кхаьчна дуьхьала бог1ура, шаверг бохург санна. Жима а воккха а, ц1е яккхан йиш йоцучу к1отаран бахархой. Бердаха болучу некъах хьалаваьлла дег1 нисдина 1андаркъий, к1отархой вовшен дуьхь-дуьхьала нисбелла ыкъан а вовшен ца гича санна делахьа, «делахь, вай-м вовшен ца гинехь а ма х1ума а дацара» – аьлча санна делахь а, дикка хенахь лаьттира буог1абелла. К1отаройн бехачу мог1ана т1аьххьарниш, хьалхарниш сенна севцина техьа, аьлла хьоьжуш соцунг1а хилла бисиера. Эххар а к1отархойн беха мог1на юьхьиг шена кхин х1ума а ца гича санна бердах чухьаьвзинчу некъах чубуьйлабелира. Бисина к1отархо1н мог1а а текъарган деха дег1 санна т1ехьаг1оьртира. 1андаркъин-м хьекъал тоьира шен к1айн вирана т1ехьа валан. Амма корта къевлабаларх, 1аьржа хьийзина чоьшна юккъера, виран когашна юккъаша к1айн лепа, настарш-м шаьш гучуюьйлура. Баккхийра к1оратхой-м шайна ца гун кеп х1оттош д1абоьрура, амма кегийн берийн иза дан хьекъал ца тоьура:
– Довлет! – ша санна жимчу к1антан белш хьаеш, гойтура пхи-ялх шо хир долчу вордана чохь шеца 1аш волчу к1анте.
– Х1у йоха ахь? – ламаройн 1едалехь хоьттура Довлета.
Виран когашна т1ехьара мужгийн эткаш чохь лепаш гинчу настарех г1адваг1на воьлура ши к1ант.
Бердах чубуьссучу к1отархо1н мог1ана т1ехььара ц1ога къевладаьллий-даланза ду аьлла хеташ 1андаркъас катуьйхира, виран букът1ехь малхо дикка якъийначу шен хечех. Х1инцачул т1аьхьа буьйсана д1авуьжуш а т1ера хеча 1оккхура йолчух тера дацара, цуьнан охкаделла кхекхан куйна чоьшна юккъера ц1еххьана къаьрзина, ши к1оран т1улг санна, 1аьржа б1аьргаш гича. Кхин иэхьен х1уманах Дала ларвеш д1акхечира 1андаркъа базар хуьлучу хинйисттехь аьрру аг1ора яхъелла 1уьллучу юьрта. Оцу юьртан йохалла юкъехь х1оьттинчу базара д1акхаччалца дуьхьала вог1уш цхьаъ нисвелча сихха шена лаха охьахожура къонах, ша билггал т1еюьйхиний техьа шен хеча, олий. Хеча х1инца-м шен меттехь яра. Кестта базара а кхечира къонах. Базар-м кестта д1айохан б1арзъелла, г1аж тоьхна з1угийн бен санна карзахъяьллера. Делкъахан т1ехиккхина хиларан билгало яра иза. Делахь а, оццул генара охьавеъна 1андаркъа а вацара кхин вухувалан дагахь. Шен к1айн виран юьхь а лаьцна т1аьхьий, хьалхий дикка дог 1аббош лийлира и шиъ, базар йоьхна чекхяьллалца. Миска к1айн вир а д1адоьллачух тера дара базарах, иза а яра 1андаркъас хьожуш корта берзийна, юхкуш йолчу х1умане шен олладелла деха ши лерг а дерзош, шен дена т1ехьах1оьттина лелаш. Вир-м шен денна ца гуш йисина хазчу юхкучу х1уман а хьажа кхуьура, къаьсттина юхкуш ериг хаза чам болу ахьар делахь, тамархяьхна, галешна д1асаяьржийна бертигаш а йолуш лаьтта, хьаьжк1аш а виран б1аьрг т1ехь соцуш яра. И хьаьжк1аш юхкуш верг а, шен галешца, 1андаркъа а висира цхьа-а, шен к1айн вирца, эххар а шерачу базаран майданахь. Гулъялар а, йохар а ц1е санна сиха хуьлуш ду-кх нохчийн базаран. Т1ом баьлча санна вовшен: