Баккъалла а, дикачу (мелехь долучу) х1уманаша вониш (къинош) д1адоху[3 - – Х1уд, аят: 114.].
И х1ун бохург ду хаьий хьуна?!
Иза дера ду стага динчу цхьана диканна дуьхьал Дала цу стеган цхьа вон д1адоккху, цунна къинт1ера а волу.
Ткъа ахь ойла е. Стага цкъа Къуръан дешна чекхдаьккхича, цунна ткъе кхойтта миллион дика хуьлуш хилча, оццул Дала цу стеган къинош геч а дой д1адоху цу стагана т1ера!!!
Аллах1у Акбар!
Ла? ила?х1а иллаллох1!
Я Аллах1, ма доккха х1ума ду иза!
Ахь ойла е, оццул къинош стагана т1ера д1адохуша хилча, къа диса а дуьсур дуй-те цунна т1ехь. Я Аллах1, ма боккха бу-кх Хьан къинхетам тхьоьца! Я Аллах1! Ма доккха дика дина Ахь тхуна Хьайн Къуръан даларца, иза тхуна деша могашалла яларца, иза тхуна 1амадарца, иза тхоьга дешийтарца. Хастам бу Хьуна, х1ай тхан везан Дела! Хастам бу Хьуна!
Суна схьахетарехь, х1ара хиъначул т1аьхьа цхьа а 1ийр вац Къуръан ца доьшуш, иза шена деша ца 1амош! Къуръан 1ама а дина, юх-юха чекхдаккха ца лууш цхьа а вуьсур ву аьлла ца хета суна.
Вай тидам ца бо Къуръан т1ера цхьа элп дешча итт элп дешча санна мела хуьлу бохучун, амма хьо иза дагардан воьлча хьераваллал х1ума карадо. Цундела, Къуръан деша деза вай. Дуккха а деша деза, ваьшна дуккха а мела баккхархьама, эхартахь вайна цунах бекхам хилийтархьама.
Амма тахана вай Къуръан т1ехь къахьегарца г1ийла ду. Къезиг нах бен бац Къуръан доьшуш 1амал еш берш. Дуккха нахана Къуръан деша ца хаьа. Ткъа цул а галдаьлларг – иза шена деша 1ама а аца г1оьрта. Тайпа-тайпана бахьанаш лоьху: «хан яц, 1емар дац, воккха хилла, жима вац, корта бац, д1алацалур дац, ва.. ва… ва..» – иштта д1а кхин а дуккха а бахьанаш.
Амма хан хуьлу цуьнан деха сахьтанашкахь телевизор хьежа а, телефон чу хьежа а, накъосташца хан яккха а, шен г1уллакхаш дан а, амма цу Къуръан т1е куьг ца кхочу-кх цуьнан. Къуръанна хан ца карайо-кх цунна. Иза бакъ дац. Бакъдерг, цунна лаам ца карабар ду. Иза ду бакъдолу жоп.
Лаам ца хилар – Эхартан са къезиг гаттадар. Дуьне хьалха даьккхина хилар, эхарт т1аьхьа а теттина. Дуьне ма лаха ца боху бусалбачу дино, амма иза Къуръан д1а а тасий ма лаха боху, Къуръанац лаха боху, т1аккха хьайн г1уллакхех беркат хир ду хьуна.
Тахана хьуна цхьа болх нисбелча, цунах хьуна луш долу алапа уьттаза са доккхуш хилча, иза болуьйтур барий ахь ца беш?
Бацара. Вайх цхьаммо а бацара.
Цу белхан алапа ткъе кхойтта миллион хилча ца беш 1ийр дарий вай иза?
Аьттехьа а дацара!
Х1унда аьлча, миллионер хир вар-кх хьоьх т1аккха. Ткъа хьанна ца лаьа миллионер хила?! Массарна лаьа. Бакъду, бакъдолу миллионаш эхартахь хьуна карор дерш ду хьуна. Дуьнен миллионаш дуьненахь дуьтура ду ахь, эхартахь хьоьца хир дац уьш. Амма ахь Къуръан доьшуш гулбина миллионашкахь болу мела эхартахь карор бу хьуна.
Т1аккха вац хьо миллионер?!
Дера ву-кх, Къуръан доьшуш верг бакъволу миллионер а, миллиардер а!!
Цундела, дуьненан дуьхьа вай и къахьоьгур хилча, эхартан дуьхьа а къахьега ца деза вай?
Вайна даима дуьсур дерг эхарт дац?
Дуьне дита а дитина д1аг1ур долуш дац вай эхарта, ткъа цига вай д1ахьур долчу уггаре даккхийчу а, дукхачу а диканех ма ду Къуръан дешар. Цу т1ехь ойла е, х1ай Делан Къуръанаца ийман диллина бусалба стаг!
Ахь бахьанаш лоьхур-м ду, амма хьуна хьайна ма хаьа, хьайн кийрахь, ахь лоьху бахьанаш мел бакъ ду. Хьажа, Дала Къуръан чохь х1ун боху бахьанех лаьцна:
<<Адам шен кийрахь дерг дикох хууш ду. Цо мел бахьанаш даладахь а[4 - – Аль-къияма, 14.]>>.
Тахана Къуръан 1амадан аьтто бац хьан? Иза хьуна 1амадан цхьа вац? Могашалла яц хьан? Аьтто бац хьан?
Я лаам бац-те?
Дала Къуръан чохь ма боху:
<<Баккъалла а, Къуръан деша атта дина Ас, цхьа вуй иза деша лууш[5 - – Аль-къамар, 22.]>>.
Аллах1у Акбар!
Дала Ша атта дина боху Къуръан деша луучунна, мила ву из деша лууш, Аса цунна 1амор ду иза – боху Дала. Дела ма ву хьуна Къуръан 1омуьйтуш верг, хьо ма вац. Цо г1о дийр ду хьуна иза 1амадан.
Бакъду, Къуръан 1амо уггаре дика хан жималла ю. Ткъа жималлехь 1амадар ца нисделлехь, воккха хилча 1ама ма де бохург ма дац иза. Къуръан жимачунна а, воккхачунна а доссийна ма ду Дала.
Тахана вайна гуш ма ду, къаналле бирзина болчу дукха наха Къуръан 1амадеш, дуккха а деша а доьшуш чекхдоккхуш схьабог1уш буй.
Цундела, цу йоккхачу йолах ма валалахь, х1ай бусалба стаг, бак
къалла а Дала боккха къинхетам бина хьоьх хьо бусулба варца, хьуна Къуръан даларца, из дешча оццул йоккха ял яларца, хьуна иза 1амадан аьтто барца, иза 1амо атта хилийтарца.
КЪУРЪАН ДОЬШУШ ВЕРГ
СТОЬМЕХ ТЕРА ВУ
Къуръан доьшуш къахьоьгуш верг дикачу стоьмех тарвина вайн Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза стоьмех тарвар цхьана доккхачу хьикматана ду. Хьажал:
Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:
<<Къуръан доьшуш волу муъмин стаг стоьмех (цитрон) тера ву: Хьожа а дика ю цуьнан, чам а дика бу цуьнан. Амма Къуръан ца доьшуш волу муъмин стаг тамрах (екъачу хурмах) тера ву: Хьожа яц цуьнан, амма чам мерза бу[6 - – Муслим, 797.]>>.
Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) бусалбачу стеган Къуръанац долу хьал билгалдо. Шина кепе вина цо иза.
Цхьаъ Къуръан доьшуш верг ву. Иза цитрон олучу стоьмех тарвина, и санна ву аьлла. Х1унда аьлча, цитрон стом шен чам а, хьожа а йолуш бу. Шех хаза хьожа йог1уш, мерза чам болуш стом бу иза. Иштта ву Къуръан доьшуш волу бусалба стаг а.
Шен чам мерза бу цуьнан, хьожа а хаза ю цуьнан. И бохург шен кийрахь дика ву иза, ткъа шен дикалла шена гонаха болчарна д1алуш а ву иза, стоьмо шен хьожа д1аяларе тера. Цунна уллехь нислучунна цуьнан дикалла хаало.
Амма Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг якъаеллачу хурманах тарвина. Якъаеллачу хурмана чам мерза хуьлу, амма хьожа ца хуьлу цуьнан. Цу кепара ву Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг, шен кийрахь дика ву иза, амма шена гонахачарна шен дикалла даиманна д1алуш вац иза. Цунна т1ецатоьург Къуръан ду. Кхочуш дуьззина дац цуьнан бусулбаналла. Амма Къуръан доьшуш иза хилча, цунна гонаха болчарна хаало, цуьнан беркат кхочу цаьрга.
Ишттачу стоьмех тарвина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Къуръан доьшуш а, ца доьшуш а волу бусалба стаг.
И шиъ стоьмех тарварца Делан элчанна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) лууш дерг вай кхеташ долу масала даладар ду. Вайна хаьа шен чам а, хьожа а дика йолу стом г1олехьо буй, шен чам дика а болуш, амма хьожа йоцчу стоьмел.
Делахьа а Къуръан доьшуш вацара аьлла иза дика стаг вац ца бах Делан Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза бусалба стаг хиларца, цуьнан чам дика бу бах цо. Амма и чам шен хьожанца кхечарна дехьа ца болу цуьнан, иза Къуръан доьшуш цахиларна, цундела кхоччуш дикалла яржош вуьззина вац иза бохург ду иза.
Вы ознакомились с фрагментом книги.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера: