Лаьмнаша ца дицдо - читать онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев, ЛитПортал
bannerbanner
Полная версияЛаьмнаша ца дицдо
Добавить В библиотеку
Оценить:

Рейтинг: 4

Поделиться
Купить и скачать

Лаьмнаша ца дицдо

На страницу:
14 из 34
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– Цуьнан сан бала бац. Сан колхозехь мацалла оьгуш лаьтта даьхни! Сийсара, – цхьана буса! – кхин бархI йетт белла! Тахана обкомера йан йезаш комисси йу. Сан корта баккха санна, хьийзор ву со цара… Цуьнан ойла йо ас.

– Ткъа дика ду: ирх-пурх а леш лаьттачу оцу бежнех цхьанна-шинна, мукъна, урс хьакхийтахьа… цу нехан гурахь хин йолчу чоьтана чуларий. Ца мега ишта дан?

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна?! – ирхкхоссавелира Федунько. – Тхан колхозникийн дуьхьа а цамагориг, шун дуьхьа хьан магор дара! Ца мега! ТIаккха-м, и бахьана а xIиттош, хецца дойур дарийца пачхьалкхан бежнаш!.. Делларш-м ца мега нахана жижигна дIадала: цамгарш йаржа тарло! Ахь хIун дей? Шайн комендантана тIе гlo: и цуьнан бала бу. – Федунько охьахиира.

Керим, ара а ваьлла, комендантана тIе вахара. Дийцира, спецпереселенцаш таппашца мацаллех леш бу аьлла!

– Ткъа шуна шаьш кхуза курорте дахкийтина моьттура? Шу-х велларг список тIера дIавайар доцург, сан кхин декхар дац. Райисполкоме гIo! – аьлла, шен къацахетачу бIаьргаш чуьра цIе туьйхира Керимна коменданта.

Керим ца вахара райисполкоме. Шайн чу веъна, буьйса йуккъе йаххалц, йух-йуха та а деш, кехат йаздира цо Джамбулски областан кхаа а куьйгалхочуьнга: обком партин хьалхарчу секретаре, облисполкоман председателе, НКВД-н хьаькаме. Iуьйранна Эзаух дагавелира. Эзаус, шен кабинетан неI дика дIа а чIаьгIна, леринчу тидамца деша а дешна Кериман кехат, элира цуьнга, къолам кара а лаьцна:

– Ахь хIун дей: хIоккхузахь… кху могIанехь: «мацаллех ле» боху дешнаш дIа а дахий, «йуург цатоарна, дистрофия а хуьлий ле» алий, кIадде. Советан махкахь адам мацаллех ле бохург политически нийса лорур дац хьан. ХIокху могIанашкахь – хIоккхузахь – меттигерчу Iедалан бехк а ца беш, и бехк меттигерчу колхозан куьйгалхошна тIе хьажабе: «цара кхачам цабарна, кху халчу тIеман заманахь, колхозан балхана а, пачхьалкхана а сов оьшу и белхан ницкъ эрна бовш лаьтта» – алий, йазде… TIe… кхуза… кIел цхьа бен а йоцу кхин цIе а йазъе, хьайн куьг а ца таIош. Суна дагадогIу, тхан цхьа немцо, хIокху тайпана кехат йаздича, таIIийна чувоьллира, итт шо хан а тоьхна, Советан Iедална дуьхьал аьшпе пропаганда йарна.

Керима шен кехаташ, Эзаун хьехамца та а дина, дIахьажийра кхаа а адресе. Амма кIел шен бакъ куьг таIийра цо: «Итт шо башха йоккха хан а йац, кху тайпана долчу гIуллакхан дуьхьа, и хьан йаздина царна ца хууш а дуьсур дац», – хьесап дира Керима…


* * *

Мацаллина тIе тифаш а кхетта, белларш дIабохка а ца кхиабора. Гродековон йистехь а, больницин кхашна тIехьа а нохчийн кешнаш денна шорлуш догIура.

Йуьртахой а дарбеллера – массарна а ца тоьура йуург. Колхозан фермашкара а, колхозхойн керташкара а бежнаш а, уьстагIий а лечкъор алсамделира. Цуьнан бехке Iедалхоша а, кхузарчу бахархоша а шайлахь гуттар нохчий лорура: уьш кхечарел тIаьхьа тIебаьхкина а, дукхаха а бара. Жал-тюбехь а изза хьал дара. Цигахьара хабарш денна а Азрета дахьара Керимна.

Тахана сарахь а КеримгIера чу хIоьттира Азрет:

– Тхо долчу шун больницина а хIумнаш кхаьчна. ДIайахьа вола, – йуха тIетуьйхира. – Сийсара Шакен-агIагIеран а йетт бигина.

Iуьйррана Керим больницин керта веъча, Штольце хIургон кечйайта дагахь, цкъа хьалха Эзаун кабинета чу хIоьттира иза, цуьнга кехаташ тIе куьг таIадайта. ЦIаста санна цIийвелла Эзау вара, мара а бусийна, чIениг а йегош, маьхьарца тIечехаш, неIарехь вегош лаьттачу Штольцна – немцойн а, оьрсийн а маттахь:

– Хьажахь цу эхь доцчу тодакхе: ша божална йуххехь буьйса йоккхуш воллушехь, сийсара шен мера кIелхьара вайн цхьаъ бен йоцу говр йигийтинийца кху йовсаро… Доннер веттер!

Керим ша лаьттачохь вогIавелира: «Говр!.. Кхин ма хир йац и кху больницина»…

– Со йовсар дац!.. Со Изидор Карлович Штольц ву!.. – дуьхьало йора, къаьркъанан хьожа а йетталуш, лесташ лаьттачу Штольца.

– ТIехула тIе, – тIетуьйхира цо, – со хьан хехо а вац! Со – ворданча ву! Говрах жоп лург а со вац, завхоз ву! – Керимехьа корта ластийра Штольца.

ЦIеххьашха дегIах зуз деара Керимна: «Массо хIума а хIинца нохчашна тIедохуьйтучу кху муьрехь там бара…» – ойла чекх а ца йоккхуш, иза Эзаун йуьхь тIе хьаьжира: цуьнан йуьхь тIехь шех шеко ца хаайелира. «Делахь а, ма дика дар-кха и схьакарийча», – бохург дагатесна, Эзауга вистхилира Керим:

– Ахь пурба лахь, кхидерг буха а дитина, сихха, хIинццехь и лаха гlyp вара со йуьртахула… Хьанна хаьа… Хан а дукха ца йаьлла.

– Дика ду, гlo, – шен буьйсийнчу цIечу мерах йовлакх хьаькхира Эзаус.


***

Керим, цу-сохьта больницера араваьлла, ураман аьтту aгlopхьа вахара, хьалха, вухавогIуш, дехьахула схьаван дагахь. Кху йуьртахь болу нохчий дукхахберш цу aгlop Iаш бара цхьацца лаппагIанаш чохь. «Хьанна хаьа… царах цхьамма, мацалло са кхачийча, йигна хила а тарло», – бохург дагахь дара Керимна. – Урс хьакхале тIе мукъна а кхачахьара»…

Ша чу вах-вахана керт блокнота тIехь билгалйора Керима. Дукха хьолахь неIарш йиллина хуьлура. Цхьанхьа а ца хаалора говран лар а. ХIинца xIapa тIеваханчу цIенойн неI тIечIаьгIна йара. Схьа а йиллина, чувахара. Нара тIехь шиъ дакъа дара. Бецаш йиъна, сийна балдаш а, дистина хьаладахна геш а долуш. КхоалгIаниг лаьттахь эрзан черта тIехь Iуьллура. Кхин цхьа а чохь йа схьагуш а, йа схьахезаш а вацара.

– Чохь мила ву? – хаьттира Керима, цхьа а вуй-техьа, шена ца гуш а, кху даьссачу чохь, бохург дагатесна.

– Бехк ма биллалахь, со хьала ца гIаттало, хьуна… – Черта тIехь Iуьллург, охьахаа гIоьртира, амма ницкъ ца кхаьчна, йуха а охьавахара. – Хьуна охьахаа хIума а йац… кху чохь, – элира цо гIийлачу озаца.

Амма цо хIумма а ца доьхура шена чувеанчуьнга.

– Iодика йойла! Дала маршалла дойла! – аьлла, цу чуьра а сиха аравелира Керим, ша-шега корта а лестош. Йуххерчу цIенош чу вахара. Кхарачайн доьзал хиллера. Цхьана кедара дечиг чаданашца чорпа санна цхьа хIума йууш доллура, пхиппа шо хир долуш, ши беррий, церан наний.

– Да мичахь ву? – хаьттира, уьш ца кхийтира, йуха хаьттира и оьрсийн маттахь.

– Белла… KIиpa хьалха, – охьахьаьжира зуда. Жимачу кIанта чада хьалакховдийра Кериме: «Охьахаа, йаа!» – бохучу маьIанехь.

Церан кеда чу хьоьжура Керим: йаккхий кIайн даьIахкашший, цхьацца даьттанан тIадамашший хаалора кедахь. Пешана йуххехь Iохкура кхин а царех тера йаккхий даьIахкаш а, йохоза, йолоза йолу цхьа йоккха виран коьртан кIайн туьта а. Керим кхийтира: говр йацара и.

Кхин шина кертахула а чекхвелира – цхьанххьа а говран лар а ца хаалора. Эххар а, цу aгIop долчу тIаьххьарчу цIеношна тIе кхечира. Массо а корашна, уьш дика дIадукъуш, дуьхьал цхьацца хIуманаш оьхкинера чоьхьара. Тиша ков а, ринжа а тIечIагIдина дара. Царна хьалхахула, ураман некъаца говран лараш а гора, амма уьш цу кертахьа ца йоьрзура… Ков кхин цкъа а дIатеттира Керима – дIа ца деллалора. Нуьцкъала схьадиллира тиша ринжа. Чувахара. Бодане дара. Цхьана корера шаршу дIайаьккхина хьаьжча: цIенкъа йуккъехь, истанга тIехь, гIорийча санна, меттах ца хьовш, корта а оллийна Iapa цхьа зуда, шена тIехула, коьртана а тIехь, цхьа тIелхигйаьлла шаршу а кхоьллина. Зудчунна йуххехь, тIехула тиша галеш а тесна, цхьа сал хаалора. ДIо нара тIехь ша Iуьллура боьрша стаг, тIе тиша йургIа а тесна: цуьнан йаьшна тIуьска гуш йара.

– Де дика хуьлда хьан, – вистхилира Керим, зудчунна йуххе а хилла.

– Де дика хуьлда… – гIийлла корта айбира зудчо.

– И мила ву? – нара тIе пIелг хьажийра Керима.

– Мар.

– Наб кхетта ву?

– Велла… КхозлагIа де а ду…

– Ой-й!.. – Керима, тIе а хилла, йургIа хьалаайира стагна тIера: йуьхь йаьлла, балдаш сийна, ге дистина дара. Са ца доьIура.

– ДIа хIунда ца воьллина?..

– Хьан вуллур ву?..

– Ткъа кху кIел хIун йу? – зудчунна йуххерчу сал тIе пIелг хьажийра Керима.

– Бераш ду.

– Муха?.. Бераш?..

– Сан бераш… Делла ду… Ши де хьалха…

Керим тIера галеш дIатесна, хьаьжча: йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, Iуьллура диъ бер. Сийна балдаш. Лаккха тIееъна геш. Йуткъий настарш.

– Ткъа хьо хIун деш Iа кху чохь, цIенкъа йуккъе а хиъна?

– Кхин хIун дийр дара аса?

– CaгIa доьхур дар-кха, ара а йаьлла!

– Цо дихкина ша валале. CaгIa ца доьхуш, ле аьлла… Корашна дуьхьал хIумнаш а охкий… Кху чохь… ле! – нар йолчухьа байн корта ластийра зудчо.

– ЦIе хIун йу хьан?

– МаригIаз… ЖугIуртан йоI.

– Фамили?

– Ца хаьа.

– ГIазакхийн мотт хаьий хьуна?

– Цхьа дош а ца хаьа… Тхо маьлхий ду… – элира МаригIаза куро.

– ХIинца хIун дан ойла йу хьан?

– Кху чохь йала… Сайн берашна уллохь… И воллучохь,– йуха а корта ластийра цо нар йолчухьа.

Керим кхийтира, цо ков, ринжий дIа хIунда къевлина а, корашна дуьхьал хIумнаш хIунда оьхкина хилла а: и цIа церан йукъара каш дара, цо хьалххехь кечдина, шаьш дIабохка стаг хир воцийла хууш.

Ураман дехьахула ша вухавогIуш, цхьадолу цIа дуьтуш, вукхунна чувоьдуш, белларш, балабохкурш блокнота тIе дIайазбеш, сихха чекхвелира Керим. Цхьанхьа а говран лар йацара, воггIушехь Эзаун кабинета чу веъна, дIауьйхьира цуьнга блокнотан кехат:

– Кху тIехь, хIокху адресашца, вала герггавахна, амма хIинца а валаза, исс стаг ву. Царех шиъ геш дистина а ву. Уьш кху сохьта вайн больнице схьабало беза, Рудольф Рудольфович! Лечуьра бахахьа уьш!..

– Вало сихха, колхозера хIургон а йаккхий, ворхI схьавалаве. Геш йистина шиъ вита.

– Доктор! И шиъ вукхарел а эшна ма ву! – цецвелира Керим.

– Геш дистинарш ирх-пурх а ле. Тхоьга лечуьра ца бахало уьш. Цара эрна меттиг дIалоцу.

Эзаун аьчгачу хьесапо ойлане вожийна, Керим корехьа велира: цIеххьашха гира, йуьртан некъо голатуххучохь, чIарх-аьлла больницехьа а йирзина, нисса кхарна тIейогIу «виллис». Хетарехь, областера хьаькамаш хила безара – райцентрехь цхьана а куьйгалхочун йацара машен.

«Виллис» хецца больницан керта йеара. TIepa охьавоьссира кхо стаг: цхьаъ стоммачу дегIахь НКВД-н капитан, важа шиъ – штатски. НеI ца тухуш, кхоь а Эзаун кабинета чоьхьаваьлла, маршалла ца хоттуш, гIанташ тIе охьахевшира. Эзау, дегI нисдеш, хьалагIаьттира:

– Диканца догIийла шу! – пенаца дIахIоьттира и.

Капитан, ша Iачуьра гIаьттина, корехь лаьттачу Керимна йуххе хилира.

Макинтош йуьйхина верг Эзауна йуххехь охьахиира. Хьалха чуваьллачу, нисса Эзауна дуьхьал гIантахь Iачу, тIаьрсиган курткица волчо къамел долийра, Эзауна тIе бIаьргаш а доьгIна.

– ХIа! Дийцал! ХIун ду кхузахь?

– Гой шуна, – тийсалуш, дийца волавелира Эзау, «мацалла» боху дош ма-хуьллу йукъа ца дало а гIерташ. – Нах дукха ле кху муьрехь.

– Стенах?

– Дистрофиях.

– И хIун йу?

– Йуург а, витаминаш а ца тоьъча, дегI аз а лой, ге йесташ цамгар йу. ТIаккха ле. Палаташкахь шортта бу уьш… Лаахь, гойтур бара ас…

– Дика ду, – хьалагIаьттира тIаьрсиган курткица верг.

Юляс сихха кхаанна а тIе халаташ а оьхкина, уьш, Эзау хьалха а волуш, палаташ чухула чекхбевлира. Йуха Эзаун кабинета чу а баьхкина, бист а ца хуьлуш Iapa уьш цхьана ханна.

– Ледара хьал ду!.. – элира кхоьлино тIаьрсиган курткица волчо.

Майраваьллачу Керима, цуьнгахьа а вирзина, иза царалахь лакхарниг хетта, къорра элира:

– Кхузахь… Гена доцуш… Шайн хIусамашкахь Iохкуш а бу ишттаниш. Гайтий? ХIумма а гена дац шуна?

– Мегар ду! – хьалагIаьттира курткица верг а, цунна тIаьххье вуьйш а. Капитана Кериме кхоьссира:

– Хьо тхоьца вола…

Керим а «виллис» тIе хиира, неIаран йистехьа. ХIинцца, цхьа сахьт хьалха, шена гинчу цу массо цIеношкахула чекхбехира цо уьш… ТIаьххьара а шаьш МеригIаз йолчу кхаьчча, цIенкъахь йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, делла Iуьллу цуьнан диъ бер а шайна дайча, тап-аьлла гIap йайра церан. Макинтош йуьйхначо бIаьргех йовлакх хьаькхира.

– Тоьар ду!.. – аьлла, неIарехьа волавелира тIаьрсиган курткица верг, шена тIаьхьа вуьйш а хIуьттуш.

«Виллис» тIе шаьш охьахевшича, цо Кериме элира:

– Жоп хир ду хьан арзана, жимма хан йаьлча.

«Виллис» дIаиккхира.

Керим сихачу боларехь больнице вухавеара. Эзаун кабинетехь Эзау а, Юля а, хIинцца схьахьаьдда Кесира а йара. Керим цара, лаьцна, шайца дIа-х ца вигний-те аьлла, сагатдеш.

– Гайтин ахь? – хаьттира Эзаус.

– Берриш-м гайти!.. Цхьаннийн бIаьргех хи а ма делира… жоп хир ду элира…

– И дика ду. И дика ду! – серлайелира Эзаун йуьхь. – ХIинца, гIой, колхозера хIургон а йаккхий, малх чубузале, сихонца больнице схьабалабе айхьа и билгал мел бина лазархой!.. Берриш а!.. И геш дистина шиъ а тIехь, – элира Эзаус.


БУХАРИНАН ТОМИК


Цхьа кIира даьлча, Кериме кхеран комендантехула райцентре дIакхайкхира – районан комендантана капитанна Ануфриенкона тIе! «Лаца бохку-те?» – дагатесира, тохара Эзаус дийцинарг даг чуьра ца долура. – «ХIун хаьа, сан арз цара харцахьара тиданий?»

Шеконаш нуьцкъаша дIатеттина, «Хиндерг – хиндай!» – аьлла, цига вахара Керим.

Капитан Ануфриенкон кабинетан неIарехь, стоьла хьалха, секретаран меттехь Iаш гира полковникан хормица, хьалха шортта орденаш а йохкуш, даккхий Iаьржа мекхаш а долуш («Буденныйнаш санна» – дагатесира Керимна) цхьа къонаха. «ГIалара хьаькам хир ву…– йуха – суна-х ца веъний те?» – шеквелира Керим.

Чохь гIанташ тIехь Iаш кхин цхьа-ши стаг а вара. Полковнико меллаша, сапаргIата хаьттира оьрсийн маттахь:

– Албастов Керим?.. Эцца охьахаа. Ас хьо веънийла хоуьйту! – аьлла, иза комендантан кабинета чу вахара, меллашчу боларца. «Мила ву-те и?» – Керим ца кхетара. – Леларан амалца а, шен хормица а баккхийчу хьаькамех а ма ву, ткъа… цо кхочушдийриг, гарехь, секретаран декхар а ма ду?» – ойла йора Керима.

– И мила вара? – хаьттира цо чохь Iачу цхьаьнга.

– Дукха хан йоццуш Джамбул-гIалара кхуза балха ваьккхина вайн комендантан гIоьнча, – Кериман хьаьрса цIоцкъамаш цеце хьаладахара

– Нохчо ву, – тIетуьйхира цо, Керим кхетош. Керимна хIинца дагадеара шен лулахочо Азрета, ша тамаш а беш, шега дийцинарг, Джамбул-гIалахь, гIалин комендантан капитанан гIоьнча нохчо-полковник ву бохуш. «Билггала иза ву-кх xIapa гIалара кхуза ваьккхина», – сацийра Керима. Керим ойлане вахара: полковник Идрисов Абубакар цIахь – Керимна хезнера и цIе йоккхуш – воккха хьаьким вара, Нохч-ГIалгIайн республикин НКВД-хь, наркоман заместителе кхаччалц, даккхийрачу гIуллакхашкахь а лелла. Нохчий, гIалгIай махкахбаха гергабахча, иза Соьлжа-гIалара генарчу Чуваше хьажийнера, цкъачунна новкъара дIаваккха! ЦIахь а цуьнан хиллачул лакхарчу гIуллакхе.

Ткъа нохчий-гIалгIай махкахбахар кхочушхилла даьллачул тIаьхьа, иза Чувашера, шен лакхарчу гIуллакхах а воккхуш, Джамбул-гIала схьавалийнера, комендантан-капитанан гIоьнча а вина. Нохчо хиларна. «ХIинца, гарехь, цигахь а сов хетта, кхузахьа ваьккхина и», – ойла хилира Кериман. Амма Керимна новкъа деара нохчийн маттахь и вист цахилар: «Оццул чIогIа кхеравелла-те и?» – дагатесира Керимна.

Полковник Идрисов, комендантан кабинета чуьра ара а ваьлла, чохь болчаьрга дIаса ца хьожуш, оццу меллашчу боларца вахана, шен стоьла тIехьа а хиъна, сих а ца луш, цхьа кехаташ херцо вуьйлира.

Царех цхьаъ схьа а къастийна, иза эцна, шен оццу меллашчу, Керимна куро хеттачу, боларца, ша хIинца а тохарлеррачу хьаькамаллехь волуш санна, сапаргIат комендантан кабинета чу вахара. Керима, лерина тидам бора цуьнан леларан: Керима лоьхура, цунна тIеIиттайеллачу йаккхийчу киртигаша цуьнан леларехь бина хила беза хийцамаш. Уьш бIаьрго схьалаца бацара. «Барзана хаьа шен хьалхалерра кура кеп хIинца а дIакхехьа, кийрахь зу керчахь а», – сацийра Керима.

Комендантан кабинета чуьра араваьлла полковник Идрисов, вела а къежна, Керимна тIевеара:

– Хьо-м нохчо хилла!.. Суна ца хаьара. Кхузахь кавказхой кхин а бу… Бехк ма биллалахь!.. ХIинца хьо цига чугIо. Со цхьана гIуллакхе хьажийна! – аьлла, Iодика йеш, Кериме куьг а делла, Идрисов дIавахара…

Ша комендантан кабинета чу ма-велли, Керимна вевзира стоьла тIехьа Iа, тохара больнице баьхкинчаьрца хилла стомма капитан.

– Марша вогIийла, накъост Албастов. Охьахаа эцца! – корта ластийра капитана, тIаккха тIетуьйхира:

– Муха ду вахар?.. Болх балой?..

Керим кIедачу гIанта тIехь ма-хуьллу къийлалуш Iapa, капитана шеца хIинца дийца кечдинарг хIун ду ца хууш.

– Реза вуй хьо хIинца балхана?.. – йуха а хаьттира коменданта, Кериман болх лехарца хилла халонаш шена хаар къадош.

– Болх а хала бац, дIабоьду шен новкъа.

– Спецпереселенцашна гергахь жоьпаллин болх лоруш бу больницин завхозан болх а. Тхоьга хаьттира. Оха пурба делира хьо цига дIаэца: хьо майор, фронтовик хиларна.

– Баркалла! – элира Керима доцца, чуьра а ца волуш, хIинца а, цуьнан къамелан йуьхьиг муьлхачу aгlop йоьрзу-те ладоьгIуш.

Капитанан лер а, аз а эсала, маьрша дара. Капитан, ойлане соцунгIа а хилла, йуха а кIедо волавелира…

– Гой, хьуна… накъост Албастов, хьо тешаме коммунист, фронтовик ву, хьо санна бехкебоцчарна а доккха зулам даьлла шуна йуккъехь цхьацца йамартхой хилар бахьана долуш. Тахана а цхьаберш царех кхузахь а паргIат лелаш бу, шайн дагахь дерг дIалачкъийна. Уьш гучубаьхча, шун къам а, хьо санна берш а, цIанлур бара совнах тIекхийдочу бехках. Ахь, хьуо реза велахь, гIo дан дезара тхуна цу тIехь – хьох теша тхо!.. – оцу дешнашца комендант, йуха а соцунгIа хилла, Керимна тIе нисса шен ши бIаьрг а боьгIна, велакъежира.

Керим кхийтира. Цо цу сохьтта жоп делира:

– Реза ву, аша, сан хилла майоран чин а, хорма а йуха а луш, шайн могIаре балха дIаэцахь. Болх тешаме а, дика а бан тIе а лоцу.

– ХIан-хIа!.. Иштта ца боху ас…

– Муха боху?

– Къайлаха нехан дагара толлуш, тхуна гIo деш хила веза хьо, шайн къомана йуккъехь хIинца а левчкъина лела вайн мостагIий гучубохуш.

– И ахь буьйцу левчкъина лела мостагIий сох а, дагара дийца тешар бац, хьохчул башха: со массарна коммунист а, советан патриот а вуйла хууш, вевзина стаг ву.

– Дика ду, делахь, – кхечу aгIop хьовзийра коменданто шен къамел. – Дика ду делахь, хьуо ца вевзачу оьрсашна йуккъехь а, кхечу къаьмнашлахь а бан тIелаца и болх.

– Лоцур дац! Со айкх вац!

– И хIун къамел ду?! – оьгIазе схьахьаьжира капитан.

– Со коммунист, советски эпсар ву, суна бегIийла дац и тайпа гIуллакх.

– Хьуо – нохчо, спецпереселенец вуй хаьий хьуна? – тIечевхира капитан.

– Хаьа. ХIетте а, со тылехь а ца воллуш, тIеман цIергах чекхваьлла, советан майор, фронтовик ву, накъост капитан! – Iоьттира Керима комендантана, и фронтехь цахилар шена хезна хилар гойтуш.

Комендант ша волччахь хьалакхоссавелира, гай а дегош:

– Шун къомах берш массо бу йамартхой! «Фронтовик». Тхуна ца хаьа моьтту хьуна, аш тIом муха бина, тIехьахула тхайчарна тIе а йетташ. Хьо хIинца цхьа а «майор» а вац хьуна, дIахаалахь!.. Гирий хьуна и дIо араваьлларг а? «Коммунист»… Ас толлур ду хьо хIун «коммунист» ву а… – шен йуьхь а кхохкийна, вегавора комендант. – Хьо бакъ волу коммунист велахь – тIелаца! Ца лоций – хьажал дIо корехьа! – пIелг хьажийра коменданта: кертахь шарабанна йуххехь йежаш лаьттара кхел, комендантан балхара транспорт. –Цу сан кхелана нIаьнийн цамгар йу… ТIехьахула цуьнан и нIаьний дIадохуш хир ву хьо, кхийтин хьо? Нохчийн «майор»? – аьлла, йуханехьа тIехтохам а бина, тIе маьттаза «дена а диллира» коменданта Керимна.

– Хьан бакъо йац, накъост комендант, соьга цу тайпана маьттаза ле! – элира Керима.

– Бакъо йа-яц ас гойтур ду хьуна кестта! ХIинца йахийта кхузара хьайн алаша. Кхо де хан йу хьуна. Ойла а йай, вухавола. Резахилин – хьайн болх а беш Iийр ву хьо. Ца хилин – ас чувуллур ву хьо! Бахьана суна карор ду, хьуна! Вало!

Цуьнан Iодика ца йеш, ара а ваьлла, Гродековохьа схьавогIура Керим. Ойланаш кхехкара. Ша-шена реза вацара – коменданта шена аьлла «дена» цунна ша йуха цааларна. «Ма дика ду и Тавсолтина ца хууш», – дагатесира цунна. Церан хIусамна а чу ца хIуттуш, тIехвелира иза. Гродеково ша дIакхаьчча а йа Эзауга а, йа Кесире а ца дийцира цо шен комендантаца хилла кIоршаме къамел.

Амма сарахь шайн чухIоьттинчу Азрете дийцира шегга, иза ша санна фронтовик а, спецпереселенец а хиларна.

Азретна башха тамаш ца хийтира коменданта кхуьнга баьхнарг.

– И-м цара массаьрга а цкъа ишта олуш ду, хьуна… Соьга а элира… Реза ца хилча, кхин хье ца веш, Iадда а витира. Ахь ша фронтехь цахилар шена тIехтохар ца лайна цо. Вуьшта, вон стаг а вац, хьуна, и… Тхо, кад дIабоккхуш, цкъацца цхьаьна нисло… И «мат-перемат-м» даима а цуьнан багахь деца хьаьнцца а: шен зудчуьнца а, шен оцу кхелаца а, – велавелира Азрет. – Амма, вуьшта ша вон стаг вац… Цкъа, тхо молуш Iаш, ас тамаш а беш, цо хIун элира хаьий хьуна соьга: «Хьожуш хилалахь, аса и ца элира олу дац хьан, – цхьа зама йаьлча, шу махкахдахаран бахьанехь, цхьаболчу баккхийчу хьаькамийн кортош дIа ца дахахь!..» Муха хета хьуна? Со цецвелира… Йуха къамел кхечунна тIе даьккхира цо… Иза хьалха белхало-нефтяник а хилла, тIаьхьа паровозан машинист а лелла, тешаме стаг ву… Бакъдерг аьлча, фронтехь-м ца хилла. Воккха маьттазча а ву… Кедана дика лара а во. Са ма гатде ахь… Чувуллур вац, хьуна, хьо цо…

– Суна-м кхо де хан ма йилли цо.

– ХIума хир дац… тIе, мича бахьаница вуллур вара хьо цо чу?

– Бахьана-м кхуллуш а хуьлура… Иза-м царна башха хала хIума дац.

– И-м бакъ ду… Ларлуш хилар совнаха хир дац… Цара шаьш хьан хIусамна йа кабинета чу цхьа луьра хIума таса а тарло… – Хьожу-ш хила-м веза. Амма вуьшта хьоьгара дала хIума дац, – Кериман сатедан гIертара Азрет.

– Цуьнан тIаьххьарчу дешнаша, мелхо а, са карзахдаьккхира Кериман. ШозлагIчу дийнахь, Iуьйранна, Кесира балха а йахийтина, шайн чохь ша обыск йира цо: хIинцале кхеран чу цхьамма а чукхоьссиний-те цхьа а хIума – аьлла, теллира цо. Йацара. Керима сихха неIарна шолгIа догIа а нисдира. Кораш чIагIдира. Жимачу корана аьчган бой лецира. Сарахь больницехь а, дукхахболу белхахой дIабаханчул тIаьхьа, теллира шен кабинет: неIарш а, кораш а дика тIекъовлалуш дара. Жимачу корана кхузахь а аьчган бой лецира цо. Амма кхуьнан кабинета неIарна дехьа, сени чохь, лаьтташ йукъара ишкап йара, цхьацца шира папканаш, таьптарш а чохь. Ишкапахь кхуьнан а цхьа терхи йара, папканаш тIейохкуш. Теллира: кхуьнан терхи маьрша йара. Вукху терхеш тIе а хьаьжира. Уггаре бухарчу терхи тIехь а, цунна кIел а, ченах йуьзна, хетарехь цхьамма а дукхахенахь дуьйна куьг а тохаза, Iохкура: шира телефонан справочникаш, терахьийн таьптарш, профсоюзни кодекс, цхьацца ца оьшу, тишйелла книжканаш. Царна йуккъехь цIеххьашха цхьанна тIехь бIаьрг сецира Кериман: иза вукхарел стоммо йара. Мужалт бехйина, эттIа йара, кехаташ а мажделлера. Книгин цIе йуьззина ца къаьстара: «Азбука …изма». Бухахь – «I92… шо». Лакхахь авторан цIе: «Н. Бухарин». ВогIавелира Керим ша волчохь: «Цхьамма кесталгIа чутесначух тера а ма йац xIapa… Делахь а», – ойлане велира: и цхьа книга тоьар йара хIинца муьлххачу а стагана, къаьсттина – спецпереселенцана, лахарчу барамехь итт шо хан тохийта!

ДIасахьаьжира Керим: гонаха гуш цхьа а вацара. Книга а эцна, шен кабинета чу вахара. Кора дуьхьала кирхьа а оьзна, лампа а латийна, охьахиира Керим, леррина оцу книги тIе хьажа: хийла шераш дIаихнера, авторх а, цуьнан книгех а лаьцна сталинхошкара вон мел дерг хезаш. Амма цкъа а Бухаринан цхьа а книжка шен кара лаьцна а, йа гина а вацара Керим. ХIинца тидаме хьоьжура и цуьнга: «Хьан йиллина-те xIapa цига?.. Маца?.. XIapa больница йолу а ма ду, боху, ткъех сов шо… Масаний лоьраш, лазархой хийцабелла… Маццах цхьамма охьатесначохь йисина хир йу-кх»… – ойланаш керчара. Бехчалгаца ченах цIан а йина, иза йеша вуьйлира Керим. Цхьа сахьт а дIаделира. Массо хIума а кхеташ, Советан ойланехь догIуш а дара. Цхьа а, шена дуьйцуш хезначех, «бухарински гIалаташ» ца хааделира Керимна книги тIехь шен хьекъалца схьалаца. Мелхо а, таханалерачух тера, пропагандан алу йетталора схьа цуьнан могIанех.

ЦIеххьана керта вогIуш Штольц хаавелира Керимна корехула: «ХIунда веъна?.. Цо-х ца йиллиний-те xIapa эццига?.. ТIаьххьарчу деношкахь цуьнга сов дукха ма кхойкху районан коменданто… ХIунда? Йайначу говрана?.. Йа… комендантца xIapa бертавахна-те – суна тешнабехк бан?».

Керима, корера кирхьа жимма дIа а хилийна, тидам бира Штольцан: цунна тIехьа вогIуш а, йа арахьа цуьнга хьоьжуш цхьа а вацара. «Нагахь санна, xIapa книга цу метте Штольца йиллина йелахь иза хIинца сени чу хьалавер ву, ишкап чу хьажа», – ойла хилира Кериман. Штольц теббина кухни чу вахара, цига тесна йолу чIург ша схьа а йаьккхина, йуха теббина аравелира, тIома кIел хьарчийна цхьа жима ларча а эцна. «Гарехь, картолаш лачкъийна воьду», – дагатесира Керимна. И кех араваьлча, книга йуха шен метте, ша ма-хиллара, охьайилла дагадеара Керимна. Амма: «ЦIеххьашха… цхьа пайдабоцчу бахьаница Iедална и кхузахь хаалахь… Хьанах тасалур бу?.. Уггаре а хьалха спецпереселенцех… Со-х. XIapa йагийча тоьлу!» – сацийра Керима.

Газета йуккъе а хьарчийна шайн чу йаьхьира, тIома кIел а лаьцна. Кесира а, Каташ а дара чохь, пеш йогуш йара, тIехь чайник а кхехкаш. Жимачу гIанта пеша хьалха а хиъна, Керима книгин кехаташ кегийра этIа а деш, цIерга тийса долийра. Кехаташ цIергахь сенчу алуца догура, амма цхьадерш, ийа а луш, тIома девлча санна, дага ца туьгуш, духанехьа цIенкъа кхиссалора, арахьарчу мохо схьаийзорна.

Керима, уьш, схьа а лоьцуш, юха чу а туьйсуш, аьшкалца кега а деш, цIергахь догуьйтора, тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаьххьара кехаташ а чутийсина, дагийна xIapa ваьлча, кехатан цхьа цуьрг, овкъарна кIелхьара, дийна хIума санна, схьаиккхина, цIенкъахула дIайедира неIарехьа. Керима тIаьхьакхиъна схьалецира иза. Леррина тIехьаьжира: цIаро дагоза бухадисна кхо элп гора: «Бух»… «ХIан-хIа! Верриг а ваьгна ван ца лаьа-кха Бухаринна а», дагатесира Керимна, цу кехатан цуьрге бIаьрг тоьхча. Йуха шен ойланийн кIоргехь, ша дийриг новкъахеташ, ша-шех эхь хийтира цунна, амма кхин дан хIума дацара: Керима кхе йахийтира Бухаринан книгин и тIаьххьара кийсиг.

На страницу:
14 из 34