Лаьмнаша ца дицдо - читать онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев, ЛитПортал
bannerbanner
Полная версияЛаьмнаша ца дицдо
Добавить В библиотеку
Оценить:

Рейтинг: 4

Поделиться
Купить и скачать

Лаьмнаша ца дицдо

На страницу:
15 из 34
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Аьшкалца кIегий тIекIаладохуш, цIеран алунгахь дайира книгин тIаьххьара доь. Диван тIера хIинццалц йист ца хуьлуш, шен майрачо лелочуьнга хьоьжуш Iийначу Кесирас хIинца, шен семачу дагца и сингаттам баьлла леларх кхиъна, тIе а йеъна, хаьттира Кериме:

– Алахьа соьга – хьан зуда йац со? – хIун ду, ахь, соьга а ца хоуьйтуш, сел чIогIа сагатдийриг?

– ХIума дацара и-м… Цхьа ца оьшу тиша книжка йара…

– Муха «хIума дацара?».. Суна ца го моьтту хьуна, кху деношкахь хьан ойлане хилар?.. Хьан набарх лер?.. Ахь неIарна нисдина шозлагIа догIа?.. Жимачу корана лаьцна аьчган бой?.. ХIинца сел лерина йагийна и книжка? Дийца! Со зуда йац хьан? Со хьайн накъост ца хета хьуна? Каташах ас дуй боу хьуна: ахь аьллачунна тIехь сецна хир ма йу со! Дийцахьа!

Каташ, хIинца шен меттахь наб озийна, Iуьллура. Керима шена йуххе диван тIе Кесира охьа а хаийна, ма-дарра дийцира цуьнга дерриг а. Кесира йилхира, меллаша, Каташ сама ца ваккха гIерташ. ТIаккха, бIаьргех йовлакх а хьаькхна, къонахчун озаца элира Кесирас:

– Ас къобалдо ахь цунна делла жоп: шен къомана айкх хуьлучул, чуволлийтар тоьлу. Амма хьо цара чуволларна ца кхоьру хьуна со! Воллал шаьш майра белахь! Ас и Джамбул а тIекIел оьккхуьйтур йара царна, мохь хьоькхуш, хьан бехк бацар гойтуш.

Керима маракъевлира Кесира.

– Тахана Сталинна, Iедална ца луьйш мила ву, къаьсттина, вайх? ТIе, уьш массо дIабийцина вера вуй? – тIетуьйхира Кесирас.

Самаваьлла Каташ велакъежира, Кериман марахь шен нана а гина. Керим вухахилира. НеI йиллина, маршалла а хоттуш, чувелира самукъане велакъежа Азрет, йуха цIеххьашха кхоьлинчу йуьхьца гIанта охьалахвелла, элира:

– Сан кадам бу хьоьга, Керим.

– Тавсолта?.. – ирахIоьттира Кесира.

– ХIан-хIа!.. ХIан-хIа!.. – йуха велакъежира Азрет. – Кхана… Ануфриенко… дIавуллуш ву.

– Муха? – цецвелира Керим.

– Селхана, суна вайн районан лоьро дийцарехь, цIеххьана ге чохь лазар а хьаьдда, иза Джамбул-гIаларчу больнице дIавадийнера. Аппендицит иккхина а карийна, этIо охьавиллинчохь, операци чекх а йалале стоьл тIехь велла.

– Алалур дарий кхул тIаьхьа Дела вац! – Кесирас ши куьг хьалатесира.

Кесирас хьалха диллина пхьор а диъна, дIавоьдучу Азрета, цIеххьашха дагадеъна, кисанара схьадаьккхина, цхьа кехат а кховдийра Кериме:

– XIapa хьоьга дIало элир-кх райисполкоман секретара: председатело хьоьга а, Эзауга а кхана тIекхойкху.

– ХIунда?

– Хаац, – Азрет дIавахара.

Керима йуха а сингаттаме ойла йора: «Гарехь, говрана тIехула со хьийзо бохку уьш»…

Iуьйранна Эзау а, Керим а райисполкоме чукхаьчча, бухахь кхаьрга хьоьжуш Полат вара:

– Вайга цхьана гIуллакхна кхайкхина, – элира цо.

Цу сохьта, председателан кабинета неI а йиллина, секретара:

– Чудуьйла! – аьлла, дIакхайкхира. ХIорш чубевлча, доцца лергина къоьжа маж-мекх долу, бIаьргех маьIан куьзганаш а дохку председатель, хьала а айавелла, хьасене велакъежира кхарна. «Гарехь, гIуллакх луьрачех а дац», – аьлла, хийтира Эзауна а, Керимна а.

– Охьаховша!.. Облисполкомера, Джамбул-гIалара, xIapa сацам кхаьчна – спецпереселенцашна гIo даран хьокъехь. Цу тIехь оха а кхузахь сацам бина. XIapa бу. Беша… Шун хаамца хIоттийна бу…

Массаьрга а цхьацца экземпляр а йелла, председатель дехьа чу вахара. Сацамо билгалдоккхура меттигерчу колхозан а, йуьртан а куьйгалхоша шен хеннахь хьакъ боллу гIайгIа цабарна (Облисполкомо ша и цаьрга аьлла цахилар-м хьехош а дацара), дукхахболу бахархой, къаьсттина спецпереселенцаш, витаминашший, напгIий цатоарна, алиментарная дистрофия цIе йолчу цамгарх кIелбисна хилар, и бахьанехь царех дуккха а нах балар а. «Мацалла» боху дош а дацара йукъадалош. Колхозана оьшуш болу и белхалой лечуьра кIелхьарбахаран дуьхьа, сацамо тIедуьллура районерчу массо а колхозийн а, йартийн а куьйгалхошна:

– Спецпереселенцашна сихонца, колхозийн чоьтах, церан гурахь хиндолчу жамIана чу а лоруш, мах боцуш, жижиган-шурин напгIa дIахецар, оцу гIуллакхан нийса тидам байта, шен-шен меттехь жоьпаллин комиссеш хIиттайар а, меттигера лор а, колхозан бухгалтер а, спецпереселенцийн староста а йукъавалош…

Сацам бешна xIoрш бовллушехь председатель йуха чувеара:

– Шун участкехь оцу комиссин председатель – тхан сацамца – оха чIагIвина лор Эзау Рудольф Рудольфович, членаш беш йукъабахийтина колхозан коьрта бухгалтер Полат Жумсаитов а, Албастов Керим а… ХIан, дIаэца тхан сацам а. Дуьло, сихо йе! – аьлла, уьш дIахьажийра цо.

Цигара духадогIуш Полата элира:

– Ма дика ду и аша йаздина. Шу бахьанехь, мацаллех баларш совцур ду-кх районехь.

– Йерриге а областехь а! – тIетуьйхира Эзаус. – XIapa Керим бахьанехь: кхо ца йаздинехь хир бацара и сацам.

– Рудольф Рудольфович, ахь тидам бирий: сацама тIехь, сан кехат тIера дIаэцна, ахь йаздайтина, дешнаш ма дара дуккха а.

– И дешнаш-м царна вуьшта шайна а дагадан хьакъ долчех дара. Вуьшта, ас деза лорург сацаман тIехь, цIе а йоккхуш, спецпереселенцашка хIоьттина хьал Iорадаккхар ду.

– Мел хир бу те мацаллех белларш вайн районехь? – хаьттира Керима.

– Сан хьесапехь, ах гергга, – шен цхьаъ бен доцу куьг хIаваэхь тамаше ластийра Полата.

– Областехь а хир бу оццул: цара и сацам, вайн районна лерина ца Iаш, областана а баржоре хьаьжча, – тIетуьйхира Эзаус.

ТавсолтагIеран чухIоьттира Керим, цуьнга а и дийца.

– И-м дика ду!.. Ткъа! Вай цIа маца дохуьйту алахьа? – иза цхьаъ дара, Тавсолтина даима а диллина дагахь доллург.


* * *

Вукху дийнахь дуьйна Полатан колхозера оьшшучул сурсаташ схьахоьцура, Керима уьш больнице схьакхачадора колхозан ворданахь. Эзаун куьйгаллица больницин кухнехь, лоьраллин хьесапца кеч а йеш, жижиган, шурин йовха чорпеш йала йолийра мухIажаршна. Больницин кертахь, кухнина хьалха, шайн кедаш каралаьцна, рагIйина лаьттара мацаллина бIаьргаш чу а эгна, тиша тIедуьйхина, беснеш макхйелла нах: зударий, бераш. Царна чорпеш Кесирас кечйора, МаригIаза кедаш чу йуттура.

Йалх шо хир долуш жима кIант Арсен шозлагIа тIевеара МаригIазна, ша сиха бассийна кад буха бахьаш. МаригIаз цуьнан кеда чорпа йотта кечйеллачохь, Кесирас сацийра и:

– Мегар дац! ЦIеххьана дукха йиъча, кхераме ду боху Эзаус.

ДIо, кхера тIе а хиъна, шен кедара хIума йууш Iачу воккхачу стагна тIевахара Арсен.

– Дада, ло суна, – дIакховдийра кад. Воккхачу стага шен йисина чорпа йерриг цуьнан кеда йоьттира. «Суна кхин а йели»,– аьлла шечарна тIе вахара Арсен…

XIopа денна а, Iуьйррехь доладой, и гIуллакх делкъехь чекхдоккхура. ТIебахка де а доцуш, цIахь Iохкучарна, шатайпа къастийна кечйина, хьена йоцу чорпа а, маннин хударш а МаригIаза дIасахьора Керима билгалйаьхначу хIусамашка.

Кестта мацаллех баларш севцира цу йуьртахь. Шайн xIycaмашкахь Iохкурш а кестта гIевттира, дукхахберш. Нехан чу са деара. ХIинца уьш колхозан балха эха а, вовшийн чухIитта а ларабора

Амма МаригIаз чухIитта цуьнан гергарчех цхьа а ца виснера кхузахь. Шен диъ бер а, майра а дIа воьллина, царна тIаьххье ша а йала кечйелла, Iожаллина резахилла, цунна кIелсецна Iаччуьра, цIеххьана, Делан къинхетамца, йалаза йисина МаригIаз хIинца, шен дегIана чу йуха садеъча, шен белларш хьалхачул чIогIа дагаоьхуш, кухнин чохь соне а хуий, кест-кеста тийжара. Керимна а, Кесирина а къаьсттина къахетара цунах.

Керима эххар, комендатурехула кехаташ дIасакхехьийтина а, нахехула и хоьттуш лелла-а, цхьана-шина баттахь къахьегна, схьалехира МаригIазан шичой беха меттиг.

– Уьш къилбседехьа, Iа шийла хуьлчу генарчу Аягузехь бу. Хьуна кхузахь Iийча тоьлий-те? – хаьттира Керима йоьлхучу МаригIазе.

– Делахь а, дIахьажаехьа со царна тIе, хьайн ницкъ кхачахь, – дийхира МаригIаза.

Керима комендатурера йаьккхинчу бакъонца МаригIаз, ша Джамбул-гIалин вокзале а кхачийна, шен чоьтах билет а эцна, некъана кхалла хIума а, кIеззиг ахча а делла, цIерпошта хаийра. Тамбур тIера гIийла чухьоьжура МаригIаз перронехь лаьттачу Кериме:

– Ахь суна мел динарг хьуна Дала духа доькхийла: сан и хьуна духа декха ницкъ хир бац цкъа а. Амма шу а, шун дикалла а ас йицйийр йац. Дала ахь дагалаьцначу дикане кхачавойла хьо!

– Хьуо цига дIакхачарх хаам белахь. Дала некъ нисбойла хьан, МаригIаз!..

ЦIерпошт тохайелира, меллаша йолалуш. Тамбурехь лаьттачу МаригIазин бIаьргех хиш охьахьаьвдира. И ца гайта цо Керимехьа букъ берзийра. ЦIерпошт, сиххачу боларе а йаьлла, къайлайелира. Цхьана aгlop дикачу дагара, амма вукху агIор гIийлачу ойланехь вухавирзира цигара Керим.


** *

МаригIаз новкъа а йаьккхина, Джамбулера вухавогIуш, Жал-тюбехь ТавсолтагIеран чухIоьттира иза. Тавсолта чохь вара. Иза а йуьхьан басца мелла а меттавеанчух тера хийтира Керимна. Эххар чуйелира Селита а, йекхайеллачу йуьхьца, Нурседера деъна кехат а дахьаш. Кериме маршалла а хаьттина:

– Деший, дада? – дIауьйхьира цо даьстина кехат.

– Дешал! – юьхь серлаелира Тавсолтин а.

Нурседас, кхаьргара хьал-де а, шайгара посылка дIакхаьччий бохуш а хоьттура, шаьш дика Iap а дуьйцура, Кесирей, Керимей маршаллаш а лора. Оцуьнан тийнна тидам беш Iачу Кериман бIаьргаш къегира. Кехат чекхдоллуш, йаздора: «КIант вина. ЦIе хIун тилла?». Кхааннен а цхьаьна даьккхина сурт а дара: Нурседа бер марахь хиъна Iapa, йуххехь ирахь лаьттара Расул (стундеца гIиллакх лоцуш, цунна и сурт гур дуйла хууш).

Тавсолта вехха хьийжира суьрте:

– Джамбул!.. ДIайазде, Джамбул цIе тилла алий!

Селита жоп йаздан охьахиира…

Бутт чекхболлуш, Тавсолте кхин цхьа кхаъ а баьккхира Селитас: Кесирас а, шен кIантана Каташна тIе йоI йира.

– ХIай-хIай! Довр дац нохчийн доь! – шеха корта ластийра Тавсолтас.


АХАТ

ТIом чекхбалар даздеш, Советски халкъо а, дуьнено а сатийсина Толаман де иссалгIачу майхь схьакхайкхийра радиос. Оцу дийннахь, дагахь а доцуш, делкъехь цIа кхечира лулахойн кIант – Ахат: масех баттахь кехат а даза волу и, эцца новкъахь сецначу машенара воьссина, цIеххьана шайн керта велира лейтенантан хормехь, хьалха шортта орденаш а кхозуш. УьйтIахь хиллачу Айгеримий, Кульджаний: «Ахат!» – олуш, мохь хьокху а хезна, наггахь бен чуьра ара а ца волу къена Шакен-агIа а схьахьаьдира, Iaca а луьйзуш. Дайчу боларца маса схьакхечира Джейран а: цхьаъ бен воцу шича доггах маравуьхкура цо, йижаршкара а ваьккхина. Гара когаш шуьйрра дIаса а хIиттийна, хьалха Iaca а гIортийна, чIениг а йегош, малхана санна, кIантана къежна лаьттара да, Ахатана тIера бIаьрг ца боккхуш и тIеваре хьоьжуш. Зударийн марара а ваьлла, тIеведира Ахат дена.

– Аман, ата7, аман! – кIентан белша тIехь дехха Iахкийра дас, саксаулан басахь, маззакъдоьлла куьйгаш… Хебарша аьхначу цуьнан йуьхьан тачанаш чухула охьахецаделира бIаьрхиш…

Ахат цIаварна той, тIаьхьа ца тоттуш, оццу сарахь дар сацийра дас:

– Маццалц веха а хаац… хIop де а деза ду.

Маса кечам бан буьйлабелира йижарий, Джейранний…

Тахана Джейрана ша дехха лелийна Iаьржа духар, дуьххьара охьадиллина, тIейуьйхира къорзачу дарин коч а, цIечу тIаьрсиган эткаш а, коьрта тиллира чилланан кIайн йовлакх. ЙоIстаг санна хетара и хIинца, йуьхь галлалц.

Шакен-агIеран уьйтIахь доккха той хIоьттира малх дIа а бузале. Кхайкхина дIавигна, Шакен-агIаца баьрчче охьахаийра Тавсолта а. Гена воццуш, йуьртдеца Iapa Керим. Кесира берашца цIахь сеццера. Нийсархошца къамел деш лаьттара, эпсаран хормехь некха хьалха орденийн дийнна цIов богу Ахат. Цуьнан йижаршца лаьттара Селита. Бал болош, Шакен-агIас, гIаж а буйнахь йуккъеваьлла, баккхийчу нехан хелхаран цхьа букмашаран кеп йира. ТIаккха Джейранний, Тавсолтий хелхадаьккхира цхьаьна. Тавсолтас нохчичух, ткъа Джейрана кхечу хотIехь иэбеш, баьккхина и хелхаран бал самукъане хийтира массарна а. Тавсолтин астагIалла и хелхаволуш хIумма а ца хаалора. Шен йоккхачу йишица Айгеримца йукъаваьккхира Ахат.

Репродуктор чухула схьахеза Шостаковичан «Хелхаран сюита» а тамехь йогIура ловзаран эшаршца. Шакен-агIа тапъаьлла хьоьжура Ахате.

ЧIу санна тайна, хелхаргахь вай-й хьийза лейтенант массарна а товш хетара. Къеначу дена дуьхьал хIуьттура кIентан жима хан а, цунна ша сагатдеш баьккхина мур а.

I942-чу шарахь, институт чекх ма-йаьккхи, школехь ша физика хьеха вуьттушехь, шен лаамехь, Джейранан кIенташца йохье ваьлла, тIаме вахара Ахат. ХIинца иза цIа веана. Амма… Джейранах бIаьрг кхетча, дог лазадолура Шакенан: шечух ца къастабора цо цуьнанаш! Шакен-агIас, ша таханенна тIейуьйхинчу, къорзачу дарин обанан пхьош хьаькхира бIаьргех.

Хелхавуьйлу Ахат, шен белша тIехула цкъацца раз Селитегахьа хьожура. Хелхар деш, Айгеримна йуххе кхаьчча, меллаша, цхьаъ-м элира цо йишига. Айгерим йелакъежира, корта а таIош. И тосаделла Селита, цара йуьйцург ша хетта, кхин Ахатехьа дIа ца йоьрзуш, лаьттара хIинца. Делахь а, бIаьргаш йукъ-кара ларамза хьовсура цуьнгахьа. Хелхар дина ваьлла Ахат, тIемалочун боларахь кегийрхошна тIе а вахана, паргIат охьахиира. Айгерима, йела а къежаш, хаьттира Селите:

– Муха хета хьуна тхан хелхар? – шен вешех лаьцна хьалха Селитас хаттаре сатуьйсура цо.

– Хазахета. Товш хелхар ду, – элира йоIа, хIинца хелхабуьйлучу Кульджаней, йуьртдегий а хьоьжуш. Ахат шозлагIа а йукъаваьккхира. Схьагарехь, цо йишица бинчу бартаца, Айгерима шена йуххера Селита йукъаозийра. Хелхайала а, нахана гуш йухаийзайала а цхьабосса эхь хета Селита, ца йаьллачу денна йукъайелира. Массо цецбехира Ахата, бохь а бугIуш, йукъ-кара – «хIорстох» – олуш, динчу нохчийн хелхаро. Тавсолтин бIаьрг серлабаьллера. Селита, ийзалуш, дика ца йолура хелха, амма и ца гора йа Ахатна а, йа кхечарна а цуьнан куьцехь хиларна. Ахатна, шен дагахь, цул хьалха цкъа а ца йайнера иштта цIена кIайн йуьхь, цу тайпана нисйелла чIабанаш, иштта тайна айделла дегI, иштта ойлане богу бIаьргаш.

Баккхий нах Тавсолта а тIехь, хIума йаа чубигира. Ахат тIевеара шен йижаршца лаьттачу Селитина.

– Шу нохчий ду? – хаьттира цо, цхьана хелхадаьллачул тIаьхьа шаьшшиъ девзаш а лерина.

–Ду-те, – жимма ийзалора Селита, амма шайн къамел дIахедийла а ца лаьара цунна: шена хьалха, ша дечу къамелан ойла а йеш, лаьтта кIант, Селитина а кхечарех тера воцуш, башхачу аматехь хийтира. Цуьнан стаммий цIен балдаш, дош кхачочохь шатайпа къовллий, ваьштадоьлхура. Боьмашчу бIаьргийн кIоргехь гора деган цIеналла а, амалан къоналла а. Сен санна, чукхетта гай, гIеххьа хьалхатаьIна некхан ваз, дуткъий деха маргIала пIелгаш – тера ца хетара тIамна кхоьллинчех. Ткъа цуьнан аз тамашена, дукха хенахь дуьйна и вевзаш хилча санна, декара.

– Хьуна мичахь Iемина тхан хелхар? – хаьттира йоIа.

– Тхоьца эскарехь нислора кавказхой а, нохчий а. Майра бIаьхой хуьлура уьш… Массарна а вевза шун Нурадилов Ханпаша, Маташ Мазаев, – Ахата, шена нохчий бовзар гайтира.

– Хьуна-м тхан къам девзаш хилла! – элира Селитас.

– КIеззиг… Хьан йуй шайн халкъах лаьцна книжканаш? Ас йоьшур йара уьш?

– Цхьаерш йу, – къамел исбаьхьаллин литературехьа дирзира. Селитина йевзара оьрсийн литература, къаьсттина Лермонтовн, Пушкинан, Лев Толстойн, Тургеневн произведенеш. Цахуург хаьа моттийта гIерташ а, йа хуург гайта сиха а йацара йоI: хаттарна дуьхьал, ийза ца луш, шен хьессапехь жоп лора. Тавсолта чуваханчу неIарехьа наггахь бIаьрг а тухуш, эпсаре лерана ладоьгIура йоIа. Цунна цкъа а хIетталц ца гинера оццул дукха мехкашкахула чекхваьлла стаг. Жима воллушехь, Ахатна дуккха а къаьмнийн дахар дайнера. Цунах а дуьйцура цо, делахь а литературах кхин а дог догIуш дуьйцура. И шен корматаллех а доццушехь, цунна литература сов дика йовзарх Ceлитас дагахь тамаш бора. ЙоIана цIеххьана дагатесира шайна йуккъера йоккха башхалла: дешна а йалаза, кхин цхьа а меттиг ганза, кхузара меттахйала бакъо а йоцу шай, ткъа шена хьалха, Европехула а чекхваьлла, орденаша лепош лаьтта и къона эпсар – физиккий! Селитина шен ваша Дауддий, Увайссий дагавеара: «Дийна бисинехь, уьш а хир бара-кх xIapa санна», – аьлла, дагатесна, цуьнан бIаьргашна тIе йай марха хьаьдира.

– Казахийн йаздархойн книжканаш йешний ахь? – хаьттира Ахата.

– Ца йешна… Йоккха йуй шун литература?

– Дера йу! Революци а хилале дуьйна схьайогIу: Абай, Алтынсарын, Чокан, ткъа вайн заманахьлера: Мухтар Ауэзов, Джамбул, Сабит Муканов… Уьш-м берриг а Союзехь бевза… Ца хезна хьуна? – дозалла дора Ахата. – Сабит Муканов шен дахарца вайн Максим Горький саннарг лору. Ас, хьуна лаахь, цуьнан «Ботагоз» роман лур йу хьоь, – йоьIан бIаьра хьаьжира иза.

ЛадугIуш, ша йукъа а ца гIерташ, йуххехь лаьттара Кульджан. Айгерим хьешашка хьажа чуйаханера.

– Дика ду, – корта таIийра Селитас.

– И-м ас фронтехула чекхйаьккхина йеъна цIа. Цкъа соьца полкехь хиллачу шина нохчочо а йийшира… Цхьадолу гIиллакхаш шайчух тера ду бохура…

– Муьлш бара уьш?

Шен горга, шера хьаж а хабийна, дагалоьцура Ахата:

– Дага ца богIу… Цул тIаьхьа хийцаделира тхо… Ас… хIинца!.. Тхан сурташ ма ду! – аьлла, жима кIант санна, каде чуведира Ахат.

Кульжана хаьттира Селитега:

– Муха хета хьуна сан ваша? – шен кегий цергаш гучу а йохуш, йелакъежира иза.

– Хьекъале… оьзда ву.

– Ткъа хаза вуй? – йуха ца йолура Кульджан.

– Божарийн хазалла ца къастало соьга.

– Кульджан! – учара схьа мохь туьйхира Джейрана: хьешийн гIуллакхна эшнера иза а.

Ойланашка даханчу бIаьргашца, шен кхиэле ладоьгIучух тера, сихделла детталу дог а хезаш, лаьттара Селита… Книжка а, цу йуккъе диллина сурт а дахьаш вухавеара Ахат. Сурте ма-хьаьжжи, бос баьхьира Селитин. Коран бIаьрга тIехула догIанан тIадамаш санна, тийса а луш, цкъа соцуш, тIаккха хецалуш, беснешна тIехула охьахьаьвдира бIаьрхиш.

– Бевза хьуна уьш?

– Сан ваша… Дауд… цуьнан доттагI… Увайс! – сурта тIехь тIехьарчу могIарехь лаьттачу шинна тIе пIелг хьажийра йоIа.

КIантаца цхьаъ-ша латтар бегIийла а ца хетта, Селита, книжкий, сурттий эцна, цуьнан Iодика а йина, чуйахара. Дукха хан йалале, самовар, шун а дахьаш, йекаш, кхеран чуйеара самукъадаьлла Ахатан ши йиша, шайн чохь сов дуькъа хиларна, кхаьргахь, Селитица цхьаьна, хIума йаа. Селита тахти тIехь йоьлхуш карийра царна.

– ХIун хилла… ХIунда йоьлху хьо? – цецйелира и шиъ.

– ХIуммаъ дац… иштта… цIа дагадеанера, – церан хаза де ца кхоло, шен сингаттам буха а теттина, хьалагIаьттира Селита. Истанга тIехь, цIенкъа клеенка а йаржийна, зевне йоьлуш, охьахиира ши йиша, пхьарс лаьцна, озийна шайца Селита а хаош.

Клеенки тIехь шортта Iохкура: цIийеш, даьттанца йеттина боурсакхаш (локъмаш), кегийчу кедаш чохь буькъа тIо, шекар, шура. Цкъа хьалха чай меллачул тIаьхьа, Кульджана жимачу тесахь, гIумгIи чуьра хи а дуттуш, куьйгаш дилийтира Селитей, Айгеримей. Селитина йуьхьанца моьттира уьш хIума йиъна довларна дуьлуьйту. Текх санна, доккхачу хедар чохь чуйеара бешбармакх: кIеззиг хи а тухуш, кхехкийна, даьIахкех цIена цIандина жижиггий, цуьнца цхьаьна эйина, вайнехан деман галнийн тайпа, йоцца йина гарзанашший. Йижарша, куьйгашца атта схьа а оьцуш, нана-пIелгашца гIo а деш, чомахь йоура и, амма Селитин пIелгаш дагадора. Кульджана, йела а йелла, Iайг кховдийра цуьнга.

– Дийцахьа, муха хета хьуна тхан ваша?

– Хьекъал долуш хета… Оьзда кIант ву!

– Хьо а йу элира, хьуна, цо коьрто болх беш, – шен хьажах Кульджана беламе пIелг хьовзийра.

Айгерим, Селитий йелакъежира.

– Тхуна йуьхьанца шу муха хийтирий? – йолайелира, цхьаъ дийцаза ца Iалуш йолу дог цIена хабарча Кульджан. – Кортош дехий, бIаьргаш сов йух-йуххехь, марош даккхий. Цу тIе, кIайн, беса хеталора шу массо а… ХIинца-м ца хета ишта: хазанаш а къастало… масала, хьо… ма хаза йу! – саццанза йекара Кульджан.

Селита йела а къежна, IадIийра, тохара шена кхарах хеттарг а дагадеана. ХIинца цунна a, xIopш йуххера бевзича, дика къаьстара кхеран оьздангалла а, хазалла а.

Тавсолта чувеара. ХIума йиъна бевлла йижарий, Iодика а йина, дIабахара, самукъане бекаш. Чувеанчу Тавсолтин бIаьрг кхийтира стоьла тIехь Iуьллучу суртах. Селитас дийцира. Куьйга корта а лаьцна, вехха хьийжира Тавсолта сурте:

– Кху тIера духа сурт даккхийталахь вайна! – элира цо.

Даудца цхьаьна лелла хиларна Ахат хIинца Тавсолтина кхин а безам хийтира. Ойла кхоьлина дIавижира иза. Чуьра гIуллакхаш а дина, книжка йеша хиъначу Селитин коьрте ца кхочура цуьнан могIанаш: дуьне а доккхадедечу кху толаман дийнахь, дог-ойла серлайолуш, кхарна а хьаам хиллехь а, амма шайга деанарг тахана кхин а йоккхачу къахьонца дуьхьалтуьйсура.

Стоьла тIехь Iуьллучу сурта тIехь бIаьрг сецира цуьнан: «Схьавелахьара, Ахат санна, хир вара-кх xIapa и шиъ!» – дагаоьхура йуха а. Йеха Iийра иза дIайахана зама дагалоьцуш, цу шиннан аматаш дуьхьалхIуьттуш. Цкъа шен ваша Дауд дагаоьхура: тIаьххьара а, машен тIе а ваьлла, куьг ластийна, тIаме дIавоьдуш… Цуьнца цхьаьна дуьхьалтуьйсура Анна Львовна, Нурседа… йуха а – Увайс! ХIан-хIа! Иза дагара ца волура, иза къаста а ца лора, уггар гергарчех. Дерриг цуьнца мел дозург, кинохь санна, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, хьалхахIуьттура: шаьш цхьаьна дечиг хедор, цуьнан пIелг лазор, шен йовлакхца и бехкар… И тIаме новкъа воккхуш, шаьш орцахула чекхдовлуш, дуьххьара шайн безам бийцар… цо делла зезаг, ша делла дош…

ТIорказ чуьра шен блокнот схьа а эцна, лерана йуккъе хьаьжира: ша ма-дарра Iуьллура хьоме, амма маргIалдоьлла, басадаьлла зезаг. ТIаккха шена хьалхарчу Ахата йеша йеллачу книжкех бIаьрг кхетта, кIант шега шатайпа вистхилар а, цуьнца ша эвхьаза хилар а дагадеана, йуха а Увайсан суьрте хьаьжна, луьста цIийелира Селита, шех чекх са гуш, шегара йаьлларг хьарамло хеташ.

«ХIан-хIа! зезаг санна, атта маргIалбола йиш йац безам, и адамийн хиллехь!» – ойла йора цо. Набкхеттачу дена хазарна кхоьруш, къийлалуш, къурдаш а деш, йоьлхура Селита, Увайсан суьрте а хьоьжуш, цо, йуха а, шена хьанал хилар доьхуш санна, хетара! «ХIан-хIа! И велла вац! Со хьоьжур йу цуьнга, сайн дош ас дохор дац!» – и сацам буха чIагIбелира йоьIан даг чохь.

ЦIеххьана, стелахаьштиг детташ санна, декъа татанаш хезна, цецйаьлла арайелира иза. Новкъахь лаьттара синкъераме, даккхийде адамаш. Бодане стигал бес-бесарчу цIерашца серлайохуш, хьийзаш, хьалаоьхура луларчу гIалахь, Толаман де даздеш, кхуьйсу ракеташ: геннахь чухерцачу бердех тера, къорра схьахезара шатлакхна йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн гIовгIа.


***

Цхьа-ши де даьлча, йоIаца кхин а къамеле вала дагахь, церан уча хIоьттира Ахат, делкъанна и чуйогIуш а йайна. Тавсолта чуваза вара. ХIетте а къамел ца деара: йоI кхуьнца кхоьлина йара. Дог Iаьвжина, вухавахара и, оцуьнан бахьанех ца кхуьуш. Хан йалийтина, йуха а веара: цкъа йоI чуйазачу кхечира, тIаккха – Тавсолтина тIе нисвелира. Эххар а, Селита ша чохь карийра цунна. Амма дарехь йоI къамеле йала лууш йацара кхуьнца. Кхин ца ван сацийра кIанта! Амма йоIа йиначу дуьхьалоно кхин а марсайаьккхира цIеххьанчу безаман алу. Жимма хан йаьлча, цхьа гIуллакх иккхина, Ахат детъясли вахара, Кульджан йолчу: цигахь Селита а йара балхахь.

– Хьуо чуйогIуш, хIapa дIа а лой, кхуьнан тIаьхье йалахь библиотекера, со перерывехь нисвелира! – йишига шегарчех цхьа книжка дIакховдийра цо. ТIаккха, цахуучуха, шена гинчу Селитега а вистхилира:

– Де дика хуьлда, Селита!.. Йелин хьо роман йешна? Муха хийти?

– Дика хета… йуккъе бен-м ца йаьлла со. Хазахеташ йоьшу.

Бераш дIадийшийна сахьт дара. XIopш учахь Iapa.

– XIapa йешний ахь? – хаьттира Ахата.

– Мухтар Ауэзов… «Абай»… Ца йешна.

– Йешалахь… тхан халкъан дахар а, дог а девзар ду хьуна! – гIанта охьахиира и. Цу книжки тIера цхьацца дийца велира. Ша дуьйцучунна тидам тIеозо хаьара кIантана. Хаз-хазаниг ша-шах дагадогIура йоIана дийца. ТIамах дийца cиxa вацара.

– Берлин схьайоккхуш, хьо хилирий цигахь? – тIаьххьара а хаьттира йоIа.

Цунна хаа лаьара тIамах дерг а. Селитас гуттар тамаш бора адамашка вовшийн дайадаларх. И церан муха нисло хаа гIертара иза. Ахата дийцира шена гиначух цхьадерг. Дуьххьара цуьнгара бен Селитина хезза а йоцу турпалхойн цIераш, зеш, охьайагарйора цо: Момыш-улы, Тулегенов, Мамедова, Панфилов…

– Инарла Панфилов а вара… казах? – хаьттира Селитас.

– Вацара… Казахстанера вара-кх. И ма ду коьртаниг!

Шен хьоме Казахстан, цуьнан халкъ, шена санна, массарна а девзийла а дезийла а лаьара Ахатна:

– Хаьий хьуна, Даймахкехьа хиллачу тIамехь Казахстано шен турпалхойн дукхаллица къоман республикашлахь уггар хьалхарчех меттиг лаьцнийла?..

– Хаьий хьуна, Союзни республикашлахь Казахстан шен лаьттан дукхалица массарел йоккха йуйла?..

– Хаьий хьуна, Алма-Ата бошмаш алсам хиларца дуьненан шахьаршлахь уггар хьалхарчех лорийла?

Хоьтту-уш, цо жоьпаш а ша лора.

– Ахат! Ахь-м… «Огонёкан» тIаьххьарчу агIон тIехь санна, хаза ма дуьйцу! – йелакъежира йоI.

Мацах хьуьн чухула довлуш, Увайса шена йелла ботаникан урок дагайера Селитина. ЙоьIан дешнашца кIелдIахула Iоттар хетта, Ахата йухауьйзира къамелан чап, ша дийцинчуьнан ойла йеш.

– Ахат, хьуна гиний йуххера… адамаша вовшийн дойуш?.. Ахь вийний цхьа а? – кIентан бIаьра хьаьжира йоI.

– Ца вийна… йа ган а ца гина!.. – и хаттар цунна ца дезачех дара.

Цу сохьта дийшинчуьра гIевттина бераш дуьйладелира чухула. Учахь керла стаг а гина, Ахатна тIевеара техкачу боларехь цхьа бутIаз, кехат, къолам а карахь.

– Ваши! Хьуна говр йилла хаьий?

– Хаьа.

На страницу:
15 из 34