Лаьмнаша ца дицдо - читать онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев, ЛитПортал
bannerbanner
Полная версияЛаьмнаша ца дицдо
Добавить В библиотеку
Оценить:

Рейтинг: 4

Поделиться
Купить и скачать

Лаьмнаша ца дицдо

На страницу:
17 из 34
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– ХIума дац, суна казахийниг хаьа!..

Iуьйранна схьакхаьчна Керим, комендантера бакъонаш а йаьхна, Нурседа схьайало оцу саррахь цIерпоштахь ша новкъавелира. Цхьа иттех де даьлча, схьакхечира Нурседа шен берашца, Кериман гIоьнца.

Цуьнан йерриг йийбар контейнерца схьатесира цигара, ца оьшу севликаш эха мехах дIа а йоьхкина. И схьакхаьчча, ма-дарра хиира хилларг: шахтина бухахь, кIоранна буру тухуш, ткъех сов белхало а волуш, тIехарцца йоллучу гIайракхна кIел Расула шен вагонетка хаьхкина. Эццахь окъам тIе а йоьжна, и хьаьшна, амма, цуьнан вагонетко йаьккхинчу хараллехула ара а лелхаш, адам лечуьра даьлла. Шахтин урхаллой, цигарчу бахархоший чIогIа сий деш дIаверзийра Расул. Доьзална ахчанца гlo а дира, берашна пенси а хIоттийра. Амма, рицкъанан хало йацахь а, Нурседина Iаьткъира ша хеназа Расулах йалар а, бераш сел хьалхе байлахь дисар а… И схьайеъна бутт чуьрчу тезетахь: сагатдеш, боьлхуш, кадамаш схьаоьцуш, массара а Нурседин догъоьцуш чекхбелира…

Йалташ лелочу бригаде балха йахара Нурседа, шурин-товарни фермехь меттиг а ца хилла. Детъясли нисдина Джамбуллий, Замий, нене ца кхочуьйтуш, ша дIасакхуьйлура Селитас. Шен ма-хуьллу балхана чуйуьйлира, шен бала сихха бицбан гIерта Нурседа. Тавсолта хIинца хьалххе чувогIура. Къаьсттина синкъераме вара, хIинцца мотт Iемина вогIу, дIаьндарг санна, чухула хьийза Джамбул, и тIе а озавой, мара а къовлий, Тавсолтас олура:

– Хьо-м хьайн метте схьакхаьчний, хьайн цIарах йолчу колхозе!

Цхьаьна дара. Бертахь Iapa. Амма, шина бераца Нурседа а тIекхетча, пхеанна сов готта дара xIapa цхьа цIа. Нурседин цхьайолу хIуманаш, чу ца тарлуш, арахь paгIy кIел Iохкура. Нурседа тохайелира. Цкъа дIайоьлла цо, гIоьнна кийчачу Шакен-aгIaгapa, и шаьш чохь Iан цIа, боггIу мах а белла, учица схьаэцна, шайн дола даьккхира. Шакен-агIас ишттанехьа тIе варкхалш а, уьш къовла атланаш а делира. ТIаккха райбанкера переселенцашна цIенош дан луш долу ссуда даьккхира Нурседас. Мел оьшу гIиpc хьалххе гул а бина, августехь катоьххана тIедан долийра кхин цхьа цIа. Цкъа, сихха чхо а йаккхийтина, тIон лард йогIийтира. ТIаккха, нахера эцна, буьйда кибарчигаш мехах дIайоттийтира. Шифер йелира колхозо. Тавсолтас тхов тиллира Кериман гIоьнца. Оганаш, пенаш хьохуш белхи бира. Кесира тхьамда а йолуш, Айгеримас, Кульджана гIo а деш. Кир бацарна, Нурседассий, Селитассий цкъачунна кIир туьйхира, кхузахь кхечара а санна. Октябрехь дина делира и цIа, массеран а гIоьнца. Амма Нурседа, суй санна, ша ца хьаьвзинехь, и хир дацара иштта сиха. ТIаккха, дуьйладеллачуьра, вукху цIенна а ремонт йайтира, кор, неI а тодойтуш. Шина а чу аннаш тохийтира. Керлачу цIа чу а йаьлла, дений, йишиний йуххехь йаха хиира Нурседа шен берашца. Селита а ша йолчу цIа чу йаьккхира цо, Тавсолтина дехьа чохь паргIато йитархьама. ХIуманаш, йерриш схьа а йаьстина, дIанисйира керлачу хIусамехь. ТIорказахь дIадиллина Iиллинчуьра схьа а эцна, Нурседас пенах дIатуьйхира цIера схьадеана долу Ленинан доккха сурт. Гуьйрено схьакхачийра шен комаьрша совгIаташ а: стохкачул сов делира Тавсолтина йалта, гIеххьа Нурседина а кхечира. Пачхьалкхо гIo деш, уьстагIий а делира цу шарахь. Йуха а даха дог догIура.


* * *

ХIорш массо чохь а болуш, уча хIоьттира къена Шакен-агIа.

– Джахсы кибитка!8 – хастийра цо. Лохачу гIанта охьахиира. Тавсолта ирахь лаьттара. – Отар! отар!9 – аьлла, Тавсолта а охьахаийра цо.

ТIаккха кIеззиг казахийн маттахь, Ахатан цIе а йохуш, къамел дина, вела а къежна, дIавахара Шакен-агIа.

– ХIинца тIекхочучу дезчу дийнахь Ахатна зуда йалайо. Шайгахь ловзар хир ду, боху. Вайга а чукхойкху. СовгIат кечде! БIаьрла кIант ву Ахат! ГIур ду вай! – схьахаийтира Тавсолтас.

Да араваьлча, Нурседас хаьттира:

– Селита! Ахь-м ца хьахийра… Ахат чIогIа хьо йезаш хилла бохуш, ма хезара суна?

– Шега йола аьлла-м, хьаьвзира.

– Ткъа ахь?

– Реза йац элира-кх.

– ХIундий? Хьан метта хилча, со-м гlyp йара ишттачу кIанте.

– Даг чохь цхьаъ а волуш, кхечуьнга муха йоьду?

– Увайс тIамехь вайна масех шо а даьлла. Масане хир бу уьш, цIерш а йовзаза, вежараллин кошахь Iохкуш. И цхьанхьа вуйла хиъча-м, хьежар тIехь дара! Ткъа хIинца, эрна, маццалц хьежа йоллу хьо? Ахат санна болу кIентий тIех а туьлуьйтуш? Эрна йов-кха хан…

– Эрна ца хила а мега!.. Сан даго кхин хьоьху. Дадига а хIун ала йоллура хьо?

– И-м тIевоьрзур вара тIаьхьо… Расулна санна, шена нуц тайчхьана…

Шакен-агIан кертахь ловзар хIоьттира. Нускална Асеткульна гIo деш, хехь лаьттара Нурседий, Кульджанний. Йуург кечйечу Джейранна гIo деш хьийзара Айгериммий, Селитий. Шакен-агIас, кхин дах ца деш, цхьана дийнахь лаьттина ловзар хаза чекхделира. Ловзар дIадирзинчул тIаьхьа хезира, Ахат шен нускалца гуттаренна а Алма-Ата дIавоьду аьлла. Цигахь, Асеткулян ден, профессоран Карынбаевн гIоьнца, Казахски пачхьалкхан университетехь Ахатна фазикан-ассистентан болх а, квартира а хьахийна хиллера.

Ша дIавоьдучу дийнахь Ахат хьалха Тавсолтин чухIоьттира Iодика йан, тIаккха Нурседа Iачу а вахара. Ший а йиша чохь йара. ПарггIат, сих ца луш, хьевала ца гIерташ, йижарийн Iодика а йина, вай-й вела а къежна, дIавахара Ахат. Селитина и мелла а хийцавеллачух тера хийтира. Амма цуьнан хийцаделларг схьакъасто хьесапан ницкъ ца кхочура: дегIан меженаш, хьалха санна, каде лелайора, аз а тохара санна декара. Делахь а, бIаьргаш хьалхачул кIоргге а, ойлане а хьуьйсура цуьнан. Цунна тIаьххье чуйеъна Асеткуль а, массеран а Iодика а йина, Селитина а, Нурседина а берташ а баьхна, шинна а совгIатна дикачу кIадин кийсигаш а йелла, дIайахара шен ирсечу, дайчу боларца.

Кхо де даьлча, уьш Алма-Ата дIабахара…

Айгерим а кестта маре йахара.

Шакен-агIай, Джейранний шаьш дисира Кульджанца. Лулахошца уьйр алсамйелира шина йишин. Къаьсттина чIагIдала дуьйлира Нурседин, Кульджанан доттагIалла. Тавсолтин Шакен-агIагIаьрга эхар а совделира.


* * *

Аьхкенан балхах садаIар а, гуьйренан беркатех пайдаэцар а дохьуш, схьакхечира кIайн Iа. Нурседин саметтадеанера: къоначу, ондачу даго дIалоьхкура кхоьлина ойланаш. Коьртехь а, куьйгашкахь а шортта гIopa дара, мича хьур ду а ца хууш. Шен комсомолалла карладаккха дагадеара цунна. Шаьш Караганде дIа ма-кхеччи, комсомольски учете хIоьттира иза. Амма, бохам а хилла, кхуза кхелхичхьана и гIуллакх кIелдисинера. Селитин билет-м чамди чохь Iуьллура схьаеъчахьана а: шега и цхьамма а хоьттуш ца хиларна IадIийнера иза.

Тавсолта маьркIажехь чувеъча, Нурседас, йишица бинчу бартаца, хаьттира:

– Дада! Хьуна ма-хаъара, тхойшиъ комсомолехь ма йу. Кхузарчу комсомольски организаце дIахIотта йоллу тхойша.

– Ваша ватIа цу къамелан! Аш хIун до хIинца комсомолах?.. Шайн белхаш а беш, бераш а Iалашдеш цIахь Iе…

– Дада, хьо-х кху Iедалехьа вара гуттар а. ХIинца комсомолана дуьхьал ву хьо? – хьовзийра и Нурседас.

– Ахь хIун дей, йоI! Хьайга цадогIург а ца дуьйцуш, IадIе! Кху Iедалан дитт дугIучу хенахь со ву бел Iиттинарг! – Тавсолтас куьйга эшара топ кхуссу кеп хIоттийра: – ХIоккхуза… жимма бел а хьакхалуш, – шен астагIчу аьрру когах гIаж Iоьттира цо. – Ткъа шу… чанталш!.. шу хIинца цу тIера стоьмаш лехьош ду!.. «Комсомолана дуьхьал ву»… Вац! Мелхо, хIинца комсомол йу вайна дуьхьал! Мича бахьница? – и аравелира. Селита дIатевжира дивана тIехь. Нурседас элира:

– Ахь хIун делаххьий, Селита! Чувеана цо хаттахь, со собране йахара аьллахь! Тховса колхозехь хуьлучу комсомольски собранехь со хьожур сайн гIуллакх дийца!

Селита чохь сецира берашца.

Тавсолта цIа ваза а волуш, йуха чукхечира Нурседа:

– Къамел дайтира. ГIиллакхе тIеийцира. Собранехь а Iайтира чекхйаллалц. Кхана кеч а дай, вайшинний а заявленеш, кехаташ дIада, элира. Бехк баьккхира. Шаьш гIo дийр ду а эли вайшинна! – дуьйцура Нурседас.

Тавсолта чувелира, вуса а велла. Шакен-агIагIаьргахь xIapa Iаш, цIа йеанчу Кульджана дийцинера комсомольски собранехь Нурседас хьекъале къамел дарх.

– Сун-м ца моьттура, и иштта кхеташ стаг йу! – хастийра цо Нурседа, шен дагахь дена а ша там бо моьттуш.

Бераш дIадийшош йоллура Селита. Чоь цIанйеш Нурседа хьийзара. Дикка лаьттира Тавсолта, вист ца хуьлуш. Селитас гIант тIехилийра дена:

– Охьахаа, дада.

Шен чу вахара и. Куьйга корта а лаьцна, вехха Iийра, маьнги йисте хиъна, заманах а, шех а ойла йеш. Хьалха цIахь xIapa дIахьаьжча а тоьура доьзалехь, Нурбикехула дIахаийтичхьана чекх а долура. Шен хIусаман а, доьзалан а да вара… ХIинца… Эрна звхьаза а ца волуш IадIер гIоле хетта, иза, ур-атталла, пхьор ца дууш, дIавижира. Сахиллалц гIенах дуьхьалтийсира хин йистехь лаьтта къона Нурбика, гуьлмаьнда бIаьргашна тIе а оьзна, aгIop а йирзина, шена хьалха меллаша коган буьхьиг хьоькхуш… ТIаккха лаьмнаш: сийна… къоьжа… лекха лаьмнаш! ТIаккха ша гира, астагIа а воцуш… къона.. хулчеш а йуьйхина, атта лаьмнаш тIехула лелаш… ТIаккха Iин чуьра хьала кхунна дуьхьалвеара Денис, маццах, граждански тIеман хенахь, кхаьргахь лечкъина Iийна волу цхьа оьрсийн большевик. Куьйган эшара кхуьнга цхьанхьа-м дIакхойкхура цо… ЦIеххьана коьллаш йуккъера схьаиккхира верстана Церетели, кхалкъ а йегош, шаьлта а йаьккхина, чухьаьдира. Цунах дIакъаьхкина Тавсолта ахка вахара… йоьлхучу Селитас тIаьхьа куьйгаш а туьйсуш… ТIулгашна тIехула керчаш, чувогIура xIapa, иштта мукъна ша кIелхьараваларх воккхавеш… Амма… бухахь кхунна дуьхьал йуьхьигашца ирхйерзийна, малхехь лепаш, йийначу хьаьжкIех тера, инзаре дукха шаьлтанаш гира. Сиха садоьIуш, хьацаран кIур а хилла, царна тIекхачале самавелира Тавсолта. Корехула чу хьоьжура Iаьнан малх. Охьабоьжна гIайба цIенкъахь Iуьллура. Улло веъна, кхунна тIера йургIа охьаийзош воллура Джамбул…


* * *

Комсомоле йуха дIаэцна ши йиша сарахь хуьлучу собранешка роггIана йоьдура: вукхуьнан берашца чохь Iан дезара. Партин истори Iамочу кружоке а язйелира. Болх а дог догIуш бора…

Амма цу шарахь церан колхозехь йалта ледара хьийкъира, колхозхошна пайда а сов кIезиг кхочуш. Ткъа тIе, колхозан докъар цатоарна, мацалла эга дуьйлира жа а. Обкомера йеанчу комиссис гучудехира колхозан болх дIахIотторехь дохку дукха дерташ.

Февраль баттахь цу гIуллакхна гулйинчу колхозан собранехь, хIинца хасстоьмаш кхиочу бригадан звеньевая йаьккхинчу Нурседас а къамел дира:

– Суна а, дог лазадеш, новкъахета вайн бежнаш леш. Колхозан даьхни дебо декхарийлахь долу вай, мелхо а, и лахдеш догIу. Суна хетарехь, и хир дацара, правленис шен хеннахь докъар гулдеш йерриг колхозехь йоккха цхьа бригада вовшахтоьхнехьара, и мехала гIуллакх, цуьргаш йеш, бригадашна а ца доькъуш. Цундела, цхьайолчу бригадаша шен хеннахь докъар гулдинехь а, ткъа вукхара – сов тIаьхьий, кхечара – сов кIезаггий и гулдарна, – дийнна схьаэцча, колхозехь докъар дукха ца тоьи стохка а, кху шарахь а. Ткъа дIалехча, цунна бехкениг а ца караво! Амма ас цунна бехке лору йерриг правлени, къаьсттина – докъарх жоп луш волу председателан заместитель Аскеров Джатыбай. Ас предложени йалайо: тIедогIучу шарна хIинццехь уггар хIайтъаьллачех докъар гулден цхьа бригада вовшахтохар! Цул совнаха, сайн зударийн звеноца со оцу бригаде йаккхар а доьху ас!

ЦIийелла, трибуна тIера охьайоьссира Нурседа.

Чуьрчара тIараш деттара.

Президиумехь Iачу обкоман векало, хьала а айавелла, зал чу мохь туьйхира:

– И ду шуна дуьззина къамел!

Дукхаммо коьрта бехк Аскеровн бира. Аскеровс ма-хуьллу бригадирашна тIетоьттура бехк. Цуьнан къамел дохош, гIовгIа йелира чохь. Воьхна Аскеров, техкачу боларахь вахана, шен метта охьахиира.

– Тохарлерачух тера а вац вайн доттагI – элира Керима, лере а таьIна, Нурседега. Аскеров Джатыбай комендатурера кхуза ваьккхинера, дукха хан йоцуш. Амма керлачу меттехь а шен шира амал дIакхоьхьура цо. Выговор а дина, иза хасстоьмашлелорхойн бригадир ваьккхира хIинца. Нурседас баьхна, докъар кечдаран бригада вовшахтуьйхира, цо ма-деххара, шен звеноца, иза цу йукъа а йохуьйтуш. Бригадир Керим чIагIвира: иза а больницера колхозе ваьллера кхушара.

Цигара чуеъча, Нурседас:

– Суна хIун дагадеаний, Селита? – элира.

Селита ладогIа хIоьттира.

– Ахь берийн яслехь бечу балхана реза йац со. Башха болх аьлла хIума дац иза… Хьо колхозе… со йолчу звено… йеъча бакъахьа ду… Реза йелахь?.. – йишин бIаьра а хьаьжна, цунна и муха хетар ду ца хууш, сецира Нурседа.

– Ас бечул хала-м хир бацара иза… делахь… хьо бакълоь… тIе, вайша цхьаьна а хир йу… – атта тIетайра Селита.

И иштта сиха тIейерзарх сакъераделлачу Нурседас маракъевлира йиша.

– Со реза цахиларна кхоьру хир йара хьо! – кхийтира Селита. – Со-м иштта коча а йаций.

Тавсолта а резахилира: ши йоI балхахь а цхьаьна хир йу.

Селита цкъа а йацара куьйган балхах къехкаш, тIе, чохьчул арахь даима самукъане а хетара цунна. ХIетте а, цхьаьна болх беш кхо бутт а балале, цкъа суьйранна шаьш чохь Iаш, апрелан дийнахь, Селитас кхоьллина-а элира Нурседе:

– Айса хьан звенохь бечу балхана реза йац со.

Нурседа цецйаьлла хьаьжира цуьнга: массарна а гуш, Селитас дог догIуш бора шен керла болх.

– Онда гIуллакх ца хета суна иза! Суна… сайнна къастийна цхьа звено йеза, – йелакъежира Селита.

– А-xIa-a! И дара иза. Хьайн жимачу йишин куьйга кIел хилар ца лайний ахь! – забаре тIекхохкайелира Нурседа.

Колхозан правленис, ша а йаьккхина, кхечу звенон коьрте хIоттийра Селита. Кестта шина йишин ши звено вовшашца йохье йалар дара районерчу газета тIехь дуьйцуш… Оцу гурахь хьалхара меттиг йекъначу шинне а сийлаллин грамоташ йелира. Нурседий, Кериммий правленин членаш а хаьржира! Шо а дика нисделира: шайна деллачу йалтех хIургон йоьттина керта йогIу шен ши йоI йайча, учахь Iачу Тавсолтин бIаьргаш къегира: «Иштта мехкарий-м цхьа мисхал а ца оьшу кIентел!» – дагатесира дена, амма цу сохьта, Дауд дагавеъна, бIаьргаш кхоьлира цуьнан.


* * *

Вукху I948-чу шеран мартехь Кериммий, Нурседий йуха а правленин членаш а хоржуш, Аскеров Джатыбай йуха а председателан заместитель хIоттийра. И-м хIумма а дацара, амма цо шен гамо кхаьрца, йуха а гоьйаьккхира. Правленехь шина йишина хIинца а кечйина грамоташ Аскеровс:

– Даима а цхьанне йалар нийса дац… кхин а бу… бицбан цабезарш! – аьлла, кхечарна хьовзийра. ХIорш IадIийра: и къийсар кIезга хIума а хетта. Йуха майхь а правленис ахчанца кхарна магийна совгIат а кхечунна дерзийра цо. Бакъду, Москва выставке йаха июнь баттана йолу путевкаш–м кхарна йала сацийра. Иза кху шинна кхин а хазахийтира.

Амма Керимна хезира Аскеровс, шена йуххерчун лере а таьIна, олуш: «Цига уьш комендатуро бохуьйтур а бац-кх, хьуна: кху шара царна тIехь хIоттийна режим кхин а чIагIйина цхьадика…»

Ши кIира а делира – путевкаш схьайалар хьаха а ца дора. Правлене йахара Нурседа. Стоьл тIехь йаздеш Iapa Аскеров. Цкъа хьала а хьаьжна, йуха а шен кехаташна тIе вирзира иза.

– Де дика хуьлда, накъост Аскеров! Со-м… оцу путевкех хатта йеанера!

– ХIа-а!.. Де дика хуьлда, Нурседа, – пIелгашна йуккъехь къолам хьийзабора цо. – Собардан деза боху цкъачунна… Тхуна-м дика накъост хетара хьо… Делахь а, лакхара бохург а ду-кх лара дезаш. Шу санна болчарна цкъачунна уьш ца луш, собардар тадо!

«Шу санна болчарна» дешнаш цхьа шатайпа элира Аскеровс.

Нурседин голаш малйелпра.

– Тхо саннарш хIун оьшу, масала, хьо санначел? Цхьабосса дац вай?

Аскеровс бат саттийра:

– Дац-те. Со окопа чохь ваьллина… тIамехь! Цу хенахь шуьнчара лелийна тешнабехк а… хезна вайна… Шух хуьлу тешам! Нийса даьхна шу цIера!

Нурседин йоIбIаьрг шорбелира, йуьхь, кехат санна, кIайелира. И цецйелира бахьана а доцуш, сел чIогIа шаьш цунна цадезарх. «ХIун тешнабехк?» – ца кхетара иза. Аскеровга цкъа дера йистхила дог а хилла, амма легашка хорам хIоьттина, арайелира и, шен дагахь «цкъачунна, Къуръанор-кх!» – аьлла.

Цу хьокъехь Нурседас цкъа-шозза а Джамбул-гIаларчу хьаькамашка дахьийтинчу аьрзнашна дуьхьал цхьа а жоп ца деана, хIинца цо Москварчу хьаькамашка йаздина кехат цуьнан дехарца тахана Керима, Джамбул-гIалин станце а веана, Москох йоьдучу цIерпоште дIадахьийтира.


ЛАГЕРШКАХУЛА

Нурседин кехат Москва йоьдучу цIерпоштан почта лелочу йаьшки чу а тесна, Керим перронехула вухавогIуш, цхьамма-м тIехьахула байн пхьарс лецира цуьнан гоьллехь.

Схьакхетта и куьг дайн доллушехь а, ца дезаделира Керимна.

Йухахьаьжча, аьчка-некъахойн хормехь вокзалан дежурни вара, кхунна тIе ши бIаьрг а боьгIна, лаьтташ.

– Валол соьца, – элира меллаша.

– Мича? ХIунда?

– ДIакхаьчча, хуур ду хьуна.

Станцерчу комендатурехь стоьл тIехьа хиъна Iаш, кхаьрга хьоьжуш, НКВД-н капитан вара.

– Схьагайтал документаш. – Керима паспорт дIауьйхьира.

– Комендатурера гIали чу бакъо?

– XIapa йу! – дIакховдийра Керима.

– XIapa лоьрашна тIекхача йелла йу, кхуьнан хан селхана дIайаьлла. Станце ван бакъо хьан йелла хьуна?

– Станци а гIалин дакъа дац?

– Хилча хIун ду? XIapa шуна дихкина доза дуй ца хууш ву хьо?

– Делахь, кхузара генахь а йац тхан комендантура. Цига телефон а тохий, хаттахь сох лаций. Со маьрша стаг ву.

– ДIавигал и КПЗ-е чу! – элира капитана.

– ХIунда? – цецвелира Керим.

– Ахьа Iедало хIоттийна низам цаларарна.

– Ас доьху суо Жал–тюберчу комендатуре дIавалар, йа цаьрга телефонехула хаттар: со церан учетехь ву.

– ДIавига! – омра дира капитана дежурничуьнга.

Керим стоьл тIехь лаьттачу телефонна тIекхевдира. ЦIеххьана ластош тоьхначу буйно карара телефонан мукъ кхоьссина дIабахийтира, Кериман куьг лазош. Дежурничо шозлагIа тоьхна буй Кериман лерган йуххе кхетта, бIаьргех суйнаш а тосуш, Керим охьавожийра. Цу сохьта айвелла, ша мичахь ву а дицделлачу Керима гIоддах йуха буй балийтира дежурничунна. Иза охьавуьйжира, мерах цIийш туьйсуш. Луларчу цIа чуьра схьаиккхира НКВД-н кхо сержант.

– ДIавехка! – капитана омра дешшехь, цхьамма Керимна тIе тапча а лаьцна, вукху шимма Кериман букъ тIехьа даьхначу куьйгех аьчган хIоз тесира. КIоргерачу ойлане вахна Iapa Керим хIинца сонерчу табуретки тIехь: цуьнан даго хьоьхура, кху цхьана минотехь собар цатоарна, кхуьнан дерриге дахар хIинца дуьйна беххачу муьрехь харцахьадаьлла догIург хилар.

Керимна а гуш, цу-сохьттехь акт хIоттийра, Керима дежурничунна, цо белхан декхар кхочушдечу хенахь, тохарх лаьцна. Кхайкхина схьавалийначу, эскаран хормехь волчу лоьро, куьг а таIош, тIечIагIдира дежурничунна йина чов кхерамечех хилар.

– Сан лерг а ма ду, цо хьалха лазийна! ХIокхунна а де хьайн тешалла! –элира Керима.

Лор цкъа тидаме цуьнгахьа хьаьжира.

– Иза цуьнан ша охьа а кхетта лазийра… Хьажа оьшуш а дац! – аьлла, капитана дIавахийтира лор.

Керим КПЗ-чу дIавигира. КПЗ нохчех, гIалгIайх йоьттинера. Йукъ-кара кхарачайш а, балкхарцаш а нислора. Цхьамма а ца хоттура, вовшашка, къам хиъначул тIаьхьа: «Хьо хIунда валийна»? Массарна а дика хаьара коьрта бахьана спецпереселенец хилар дуйла.

Буьйса тIееара. Леккха, тIе ца кхочехь, тхевнах дIатесна электролампа йогура гIийло, тIехула аьчган бой а лаьцна. Наб ца кхетара: хала дара, кIелтесна черт бен кхин хIума а йоцуш, йекъачу цементан цIенкъахь набкхета. Амма чохь берш-м Iохкура, вовшашна тIеттIатевжина «харр» деш. Эххар а наб озийра Керимна а. Кестта хааделира шен вортан йуххехула, лергашна тIехьа, садолу хIумнаш лелаш.

IадIара, набарх ца воха гIерташ. ЦIеххьана къовзийра лога тIехь. «Къийзоргаш хир йу», – дагатесна, бIаьргаш биллина охьахиира и. Кхин цкъа а къовзийра. Чета, ша къовзийначу метта, куьг а дахийтина, схьайаьккхина, бIаьргхьалха уьйхьира: меза бара. Амма мел боккха бара и. Набарна тхьусдоьллачу дегIана кIеззиг бен хаалуш а ца хилла къийзор хIинца цIеххьашха карзахделира. Къовз-къовзинчу куьг а хьош, мезий схьадаха волавелира Керим. Шена хьалхха цементан цIенкъа охьа а дохкуш, тIе мачин айра а таIош, вехха уьш дойуш Iийра и. ДIасахьаьжира: кхунна а гуш тIехула сийсаш мезий долушшехь, набйеш Iохкура цементан цIенкъахь лецна нах. Аьрру агIорхьа вижна Iуьллучуьнан меран Iуьрге а хиъна Iаш моза боллушехь иза а, дера, Iуьллура шен «ху-ур» а деш, ур-атталла, ца хууш а, и моза дIаэккхо куьг меттах а ца доккхуш.

Керимна аьтто агIорниг самаваьлла, охьахиира. Мезий дойъуш, хиъна Iен Керим а гина, велакъежира:

– Набйе!.. Уьш дайина вер вац хьо!

Йуха а дIавижира иза. Керим, кхин наб ца кхеташ, сахуьлунга велира. Iуьйренца гIевттина, массо а меттаххьайра, шайн-шайн гIуллакхаш деш. Хаьттича, лацаран бахьана массеран а цхьаъ дара – бакъо йоцуш дIасабахар. Пенан йистаца хиъна Iачу Довтхана дийцира ша гIалина йуххерчу колхозера хилар. Джамбул-гIаларчу йоккхачу больницехь, лоьраша этIа а вина, Iуьллу шен пхийтта шо кхаьчна кIант цIеххьана чIагIвелла аьлла хезча, xIapa, коменданте хатта а ца кхуьуш, кху гIала веънера. КIант дIаваьллачу а кхаьчна, и цIерачаьрга а хаийта, xIapa сихха вухавогIуш, кхунна тIеIоттавеллачу комендатурин белхахочо, кхуьнгахь бакъо ца карийча, xIapa цу сохьттехь кху чу кхоссарх хIинца а Iаш ву-кх, кIира сов, цIерачарна йа хилларг а ца хууш, йа кIентан дакъа мичахь ду а ца хууш.

– «Ма доккха хIума ду xIapa!» – дог Iовжийра Кериман. НеI йиллина чукховдийра чийлик чохь Iуьйранна йуург – чорпийн метта цхьа диларшший, чохь буракан кескаш а керчаш, баьпган метта, куьйгех а леташ, цхьа Iаьржа буьйдиггий.

Керим тIе ца хилира. Хаьттира тIехьожурге:

– Талламчо тIе маца кхойкхур ву со?..

– Сатоха! ТIекхайкхичхьана хуур ду хьуна!.. Хьаьрса олхазар! – тоьхна неI а чIаьгIна, дIавахара тIехьожург. Чуьрнаш бийлабелира:

– Тхо иштта Iа дуккха а денош ду, хьуна!.. Эрна ду дехарш…

Йуха а, неIаре а веана, тIехьожург, неIаран Iуьргахула чухьаьжира.

– ХIей! Накъост тIехьожург! ДIаала талламче – соьга кху сохьта дIакхайкха! – мохь туьйхира Керима.

– Сатоха! Шена хьо эшчхьана, ша дIавуьгур ву цо! Сиха ма хила… сан хазниг! – аьлла, цавашарца и ши дош тIе а тоьхна, дIавахара тIехьожург.

Кериман кийра кхехкара, кхин цкъа а ша собарх валарна кхоьруш, садеттара, амма сатоха ницкъ а бацара, кхин хIун дийр ду а ца хаьара. Чухула ойлане дIасалелара – меллаша, цхьана сонера вукхунна тIекхаччалц. Чийлик а, наштаран кедаш а дIадахьа вухавеара изза тIехьожург а, цуьнан гIоьнча а. ДIабахара.

Кериман собар иккхира:

– ХIей!.. Хезий шуна?.. Ас доьху кху сохьта со прокурорана дуьхьал хIоттавар! ХIей!.. Хезий шуна?.. – неIарх буй бетта вуьйлира и.

Цхьа хан йаьлча, неIаре, карахь аьчган догIанаш а декош, ши-кхо стаг веара. Бист ца хуьлуш, неI схьайиллира.

– Вало! – элира царех цхьаммо.

– Шу Iодика йойла! – чуьрачаьрга а аьлла, Керим аравелира. НеI тIечIегIира. Цу сохьта, кхин бист ца хуьлуш, Кериман куьйгех, уьш букъа тIехьа а даьхна, аьчган гIоьмаш доьхкира. Бист ца хуьлуш, боданечу учахула дIавигира уьйтIа кхаччалц. ТIехьара аьчган неI а йиллина, дуьхьала аьчган зIара лаьцна кор долу машен лаьттара кертахь, мотор а латийна.

ТIехьара неI а йиллина, шиммо:

– ТIевала! – аьлла, чутеттира иза: – Прокурор хIинца гур ву хьуна!

НеI тIечIегIира. Цуьрриг бен са ца гучу, машенан оцу гIутакха чохь, шина a aгIop хиъна шиъ спецкомендатурин белхахо а волуш, дIавигира Керим, мича вуьгу ца хууш. Машен некъашкахула хьийзаш йоьдура, иза муьлхачу aгIop, мича йоьду хаа йиш йоцуш, эххар сецира. Амма эха сохьтехь гергга бен цуьнан цаэхаре хьаьжча, xIopш дIакхаьчна меттиг хIоккху гIалин йистехь бен – кхин генахь хуьлийла дац аьлла, дагатесира Керимна. Иза машен тIера охьавоссийна, йуха а цхьана боданечу йехачу сени чухула вигна, карцер чу тесира, гIоьмаш дIа ца дохуш. Лаккхахь, тIе ца кхочехь, цхьа жимо кор дара, дуьхьала аьчган зIара лаьцна. Тхевнах кхозура, тIехула аьчган бой а йаьхьна жима электролампа, неIарехь параша лаьттара. XIapa воцург, чохь кхин садолу хIума а ца гора. Кестта, неI йиллина, чоьхьавелира шиъ НКВД-н хормехь, сержантийн чинехь, царна тIаьххье чувеара лейтенант. Кериме а хьаьжна, цавашаре вела а къежна, кхин вист ца хуьлуш, аравелира.

Шина сержанто, Кериме цхьа а дош ца олуш, хаттар ца деш, шайн карара йуьйцина шодмаш йетта йолийра – букъа тIехула, коьртах, настарех. Керим охьавуьйжира: бетах а, мерах а цIийш оьхура, настарш йогура. Узурш де Керим Iилла а витина, дIавахара ший а. Кериман дегIан гIopa дайнехь а, кхетамчуьра иза валаза висира. Сатассалц Iиллира цIенкъахь, меженаш лозуш, наб йоцуш. Iуьйррана лекхачу готтачу корехула чукъедира маьлхан дуьххьарлера зIаьнарш, пена тIехула нуьран лоппагаш дIасаидош. Керим халла охьахиира. Ойла йан вуьйлира: «ХIун ду-те xlapa?.. ХIун бехк бу-те, суна а ца хууш, соьгара баьлларг? Цхьа а бехк боцуш со хилча, кху тайпана ницкъ бан дага хIунда догIур дара?.. ХIун деш ю-те Кесира шина бераца?.. Ма йиш йоьхна хьийза хир йу иза?»… Керимна дуьхьалхIоьттира Кесира а, шен цIахь дисна доьлху бераш а…

Йуха а ойланаш хьалхалеррачу хорша йирзира: «XIapa Iазап стенна тIехула, маца доладелла-те?.. ХIаъ… ТIом хилара… И-м массарна а ма хилира… Нохчийн лаьмнашкахь бандиташ, дезертираш бу бахара… Уьш-м кхечахьчул сов ма бацара… ТIамехь а белла шортта нохчий… Ткъа хIун ду те хIинца тхоьгара даьлларг?.. Йа нохчий хилар иштта доккха зулам ду-те?..» – шен хеттарийн дуьхье ца кхуьура Керим.

НеI йиллина, чуваьлла, кхуьнан куьйгех тоьхна гIоьмаш дIа а даьхна, наштаран кедахь чорпий, баьпкан йуьхккий цIенкъа охьа а йиллина, дIавахара тIехьожурггий, цуьнан гIоьнчий.

На страницу:
17 из 34