
Лаьмнаша ца дицдо
Хьалхара, церан йоккхаха йолу ши тоба, кхеран йоккхачу неIарна тийна тIе а йеъна, гIap йайина, арахьа дIатебира. Жимаха йолу тоба, тата доцуш, кхеран баракана тIехьа, сенин неI йолчухьа йахара: кхарна а ца хоуьйтуш, цигаша, бодашкахула, тебна, чоьхьа а бевлла, бийшина Iохку зекаш самабовла кхиале, йоккхачу арахьарчу неIарна чухула доьхкина гIopaш дIадаха дезаш бара хIорш, шайн дагахь, цул тIаьхьа арахьара шайн важа накъостий а чулелхийта.
Сени йолчухьа вахара Керим. Сенин неIарна йоьллина, даим а санна, цхьа йай чIуг йара, кхин тIе чIагIам а ца беш, йитина. НеIсагIина тIера схьа шуьйра кIорга ор дара, хIинцца даьккхина, и хуучунна бен боданехь тидам хир боцуш. Керимна а хаалуш, теббина, кхечарел хьалха неIарна тIехиллачу цхьана уркано, гIapa ца йеш, атта дIайаьккхира чIуг. Шена тIехьа, чукхойкхуш, куьг а ластийна, чоьхьа гIулч йаьккхира цо. Цу сохьта кIоргачу ор чу вуьйжира, къорра тата схьахезаш… ШозлагIниг… КхозлагIниг… ВоьалгIаниг… ПхоьалгIаниг а, ор а хааделла, вухавала гIурттушехь, неIарехь лаьттачу зекаша коьртах хIума тоьхна чувахийтира. Цуьнгара баьлла мохь а хезна, биснарш бухахьевдира:
– Атас! Нас предали! – аьлла, цIогIа долуш.
Керим йоккхачу неIарехьа ведира.
– Кечлолаш! Амма гIapa ма йелаш! – элира гIаролехь лаьттачу зекашка. НеIарна тIе лерг а диллина, Керим ладогIа хIоьттичахь, бухабевддачу урканаша, кхуза неIарехьа а баьхкина, шайчаьрга олу хезара:
– ГIуллакх дуьйхи!.. Цигахь йина кIело йу!..
– Делахь, кхузахь хьовсур вай! ТIетаIа неIарна! – элира стоммо аз долчу уркано. Зекаш кечбелира.
– ХIораммо а шен вортанах сиха дIатаса мерах хьокху кIайн йовлакх! –элира «Бургато». – Бодашкахь вовшийн довзийта. Цара неI йоьллушехь, вайх цхьа тоба араэккха а йеза, царна тIехьашха тIетоха, Ткъа чоьхьабевлларш вай тIеоьцур бу! Уггаре а хьалха церан и стомма аз дерг вожо хьовсалаш! Цуьнан карахь финка хила тарло шуна.
Керим йуха а сени йолчухьа вахара: цигара гIарол тоъал дара. Ор чуьра хьала узарш хезара. HeIape гIерташ кхин урканаш ца гора. Цигахь дIахIиттийнчохь цхьаболу зекаш а битна, Керим вухавеара: арахьара йоккха неI сеттош йара. Лахара кIажа чуьрабаьккхинера. Чулелха сахьт дацара. Корехула дIа арахьаьжча, оццул йоккхачу гIовгIанна аракъедаш цхьана а баракера а, йа лагеран белхахойн цIа чуьра а цхьа стаг ца гора. Кериман буйнахь ирйина аьчган бел йара. Керимна а хаьара – аьтто балахь, коьртаниг, хьалххехь и урканийн баьчча вожор дара – шайн тхьамда ма-вийннехь, йоха тарлора церан гIepa.
– Тхо герз карахь а ду, тхо дукха а ду! Йухадовла! ДIагIyo! – мохь туьйхира Керима неI йоьхначухула дIа.
– ГIур ду, дера, хIинцца!.. ТIетаIа неIарна! – омра дира тохарлеррачу озо.
Керим йуха а арахьаьжира неI йоьхначухула: и аз дерг, карахь даьккхина, хIаваэхь лепош, деха финка-урс а долуш, ша лайтIехь йуьстах а лаьтташ, урканаш чухоьхкуш вара.
Керим билгалдира цуьнан доккха дегI, коьртара лергаш долу месала куй. НеI йохийра. Урканийн хьалхара раьгIнаш маьхьаршца чухьаьлхира. ТIом дIаболабелира. Керим, йохийначу неIарна тIехьа а тебна, арахьоьжура, лергаш долу месала куй тидаме лаьцна. Иза тохарлеррачохь лаьттара, урканаш чу а лоьхкуш. ЦIогIанаш!.. Маьхьарий! Узарш!.. «Бургато» билгалйинчу, уркашна тIехьашха тIелата кечйинчу, зекийн тобанан араэккха аьтто ца болура: уьш а чохь летара. Эххар царех иттех стаг а эцна, Керим араиккхира. ХIорш а гина, дIаведда стомма аз дерг, дуьхьалъиккхинчу кхечу шина зеко некъ а лаьцна, шенаш болчухьа схьахьаьдира, амма кху агIорхьа, цуьнан тидам а боцуш, Керим лаьттара цунна кIелхиъна.
– ТIетоха! Ма кхоае чангIалкхаш! – аьлла, урс а карахь иза тIевогIуш, дуьхьалваьллачу Керима:
– ДIаэца хьайна! – аьлла, коьртах бел туьйхира цунна. Вукху зекаша а тIетоьхна иза вожийра.
– «Берзан мара вий! Берзан мара вий!» – аьлла, маьхьарий девлира урканашна йуккъехь. Цхьаберш бухабевдира цигара. Важаберш, маьхьарий а детташ, летара. Бодашкахь, шайнаш дика ца къаьсташ, уркаша вовшашна а йеттара.
Сатоссуш чекхделира летар. Барака чохь а, баракан неIарна хьалха а Iуьллуш шина a aгIop къузткъа сов дакъа дара. Кхин а дукха чевнаш хилларш а бара, узарш деш, Iохкуш. «Бургат» а вара, биллинчу бIаьргашца, корта а бохийна, урканашна йуккъехь аркъалвоьжна Iуьллуш, садеIар доцуш. БIаьргех хи охьахьаьдира Кериман: «Хьаьнга эр ду?.. Хьенан бехк бу?.. Ма совдаьлла кху дуьнен чохь адам!» – ойла хилира цуьнан.
Iуьйранна гучубевлира лагеран хьаькамаш, белхахой. Башха таллам беш къа а ца хьийгира. Белла урканаш дийначаьрга дIабохкийтира. Нохчий а, кхиболу зекаш а нохчаша дIабоьхкира, шаьш къастийна. Цхьаберш лазартне охьабехкира. Дийна бисина урканаш вукху дийннахь, лаххьийна, берриш а кхечу лагершка дIасахьовсийра, таллам беш къа ца хьегархьама, кхузара церан ур–атталла лар а йойуш.
«Тхуна хIун до-те цара?» – бохуш, ладоьгIура Керима. Кхин цхьа-ши де даьлча, кхеран барака чуьра дийна бисна зекаш а, дукха хьолахь нохчий, xIapa а тIехь, бес-бесарчу лагершкахула дIасабийкъира.
* * *
ХIинца Керим хьажийна, Карагандахьара а генна дIа къилбседехьа йолу лагерь, шийлачохь хилла ца Iаш, шен ражца кхин а халачех йара. Хьун хьакха атта дацара: цхьана денна хIоттийна барам 12 кубометр, охьатоьхна йаьлла, гIулч йеш гулйина хьун лорура. Йуучунна зекашна лора, чорпин метта, дечигийн жирах тера, дакъаделла Iаьвн буьртигаш чохь хаалу цхьа хIума, шех «жиран берам» цIе тиллина. Бепиг, Iаьржаниг хилла ца Iаш, буьйда хуьлура, шех зекаша «доьлху бепиг» олуш. Iаьвдича, хин тIадам а болуш, хьаьхьамчин метта кехат вовшахлаточохь лело а мегар долуш дара и. Делахь а кхузахь Керимна цхьа хIума товра: кху лагерехь урканаш бацара. ХIокху лагерехь берш хьалха партийни куьйгаллехь, йа советан эпсарш лелла, йа Iилманан белхахой хилла, интеллегенташ бара дукха хьолахь.
Керим нисвеллачу, виъ бIе гергга чохь зек а волуш, йоккхачу баракехь Керим пхоьалгIачу бригадин коьрте хIоттийра. Iуьйранна йуург чекх ма–йаьлла, масех бригада йигира хьун хьакха, тIаьхьа каной а хIиттийна. Зонел арахьа гун йерриге шера аре, тIе ло диллина, шурул-кIайн лепара, дегIах чекхбуьйлура шийла мох. ХIорамма а, дIакхаьчча цигахь кхалла, киснахь цхьацца хIума хьора: картол, баьпкан йуьхк, газета йуккъе хьарчийна дакъаделла Iаьвнан худар йа кхийерг. ДIакхоччушехь, шайн-шайн меттахь, сихха болх бан буьйлабелира – сецна лаьттарг планан барамна тIаьхьа а вуьсура, шел а лора. Цхьаболчийн куьйгех ахкаргаш девллера. Дукханнан а, масех де хьалха дуьйна а лестайолайелла цергаш кхуззахь охьаоьгура. Керимна йевзира и цамгар , цинга олура цунах: витамин «С» цатоарца хуьлура иза. Амма кхузара баган хьун хьакха шаьш дуьйладелчхьана, Кериман хьехамца, зекаш цу дитташ тIера гIаш а, кевстигаш а Iуьйшура багахь, уьш къаьхьа йелахь а. Кестта дуккханнийн а доьлашкара дуьйлу цIий а, охьаоьгучуьра цергаш а севцира. Керимах «доктор» олуш, долийра лецначара забарина.
ХIинца а царех дукхахберш, гезарий санна, диттийн кевстигех леташ а, гIаш охьаийзош а бохкура. Канойх лакхарчо мохь туьйхира:
– Тоийт! ДIахIийт белхашк!
Керима болх бора, йа тIехсиха а ца беш, йа меллаша бан а ца гIерташ, гIеххьачу барамехь, шелваларх а, хенал хьалха гIелваларх а ларлуш.
Масех сахьт даьлча, гIелбелла зекаш, соцунгIа а хилла гIийлла дIасахьаьвсира: ах план а кхочуш ца хиллера, садан а дукха хан ца йиснера. Малхбалехьа бIаьрг ма-кхийтти, сакъераделира массеран а: кхаьрга хьоьжуш лаьттара хьаьллахь шайн тIоьрмигашца, хIинцца схьакхаьчна, къинхетаме киржакаш. Уьш денна а луларчу йуьртара схьаоьхура кхуза миэл баккха. Каноша царна йуххе хила а, йа цаьрца къамел дан а ца могуьйтура. Шаьш болччохь, зекашна сагIийна йеъна йуург, лай тIе охьа а йиллина, доIнаш а дина, кхаьргахьа кортош а ластийна, меллаша дIабахара уьш. Зекех шимма–кхаамма, вахна, тоьрмигаш схьабеара. Ирахь лаьтташехь сиха йиира кхехкийна, даьттала керчийна, йовха картолаш, хьийна хьокхамаш, нехча, шишанаш чохь йеъна йовха шура. Каношна а кхечира жим–тIама. Дикка бIаьрг серлабелира массеран а.
– Тоийт! ДIахIийтт белхашк!.. – йуха а мохь белира.
ХIинца каной а зекашна тIетаьIира: план ах бен кхочуш ца йинера, ткъа йисна хан кIезиг а йара. Де суьйренга ма-лестти, шело а тIекхийтира, къилбседехьара мох а баьлла. Цхьаболу зекаш, къаьсттина тIехь беркъа берш а, озанаш а, хIинцале мохехь а лесташ гIийла лаьттара, дукха гIелбелла, гIopa хадийна.
Дехьарчу бригадера шиъ лайла охьавуьйжира: цхьаъ вукхунна йуххе – и ший а веллера.
Кхин цхьа-ши сахьт далале кхин кхоъ охьавуьйжира…
БIаьсте а тIекхачале, КеримгIеран баракера цу тайпана ах гергга белира. Керима ойла йора: «Со а кестта иштта… сайн доьзална а ца хууш»…
ХIинца схьахIоьттинчу кху бIаьстенан денойх а кIезиг воккхавера и: денна а лара адамаш цингех, чахоткех, чуьйнех. Барак кхин а йассайелира.
Сарахь Керимна тIевеара луларчу баракера, йуьххьенгахь кхуьнан бригадехь а хилла волу, армехь майор лелла, пхийтта шо хан тоьхна волу Леонид. Лохочу дегIахь, ондда, шуьйрра белшаш а йолуш, цкъа а дукха луьйш а воцуш, шега аьлларг, вист а ца хуьлуш, сихха кхочуш а деш волу иза, тохара дуьйна а Кериман бIаьрг шена тIехь соцуш стаг вара, и тешаме накъост хила тамехь хеташ. Амма цо хIинца Керимна тIедеънарг сов луьра гIуллакх дара.
Пхьарс а лаьцна, Керим меллаша сонехьа ваьккхира цо. Цхьацца гIуллакхашна зекаша шайн староста йистехьа озош меттигаш хуьлуш делахь а, амма хIинца ша Леонида, вист ца хуьлуш, меллаша йистехьа ваккхар ха– захета цахилар даго Керимна ша-шаха хьоьхура. Керима ши бIаьрг Леонидана тIехь сацийра. Кериман некхан хьалхарчу нуьйданех дайн куьг а хьоькхуш, Леонида шабарш дира:
– Доктор, гой хьуна, вай кхузахь хIинцале ах кIезиг дисна, денна а леш лаьтта. Баккъал а аьлча, вай кхуза иштта далийта а далийна, массарна тоьпаш тоха йиш а ца хилла. И гуш ду хIинцале! Довда хьажа деза вай кхузара. Хьо а, со санна, эпсар, майор хилла ву, вайшинна онддачех кхин цхьа ши накъост а тIекхетчхьана тоьар а ву. Довда деза – далале! Аьтто хуьлий – ду! Ца хуьлий – тIаккха а царех летта валар тоьлу, кху чохь, мозий санна, мацалла лечул! Кестта хьуьн чохь гIa-буц а дукълур ду, довда а, лачкъа а аьтто беш.
Керим цецвелира:
– Ткъа мича довдур ду вай: къилбаседехьа сов генахь шийла полюс йу, къилбехьа – вай тIеоьцур а доцуш, Китай йаьржина, малхбузехьа – Москва лаьтта, малхбалехьа – Аляска, Япони – вай тIекхочехь а йац! Дехха лечкъина лела вайна меттигаш а йац! Массо а вай билггал дойур ма ду. Ткъа кхузахь Iахь, цхьацца берш бисарна сатуьйсийла а йу!… тIе… герз а ма оьшу ахь бохучунна. Мичара карор ду?
– И-м вешан каношкара схьадоккхур дара!.. Хала а ца доккхуш!.. Ас ойла йинарг-м: Чукоткехула, Камчаткехула Аляске дIакхачар ду… Цига кхаьчча, довлур вай – Америко тIеоьцур ду, – элира Леонида.
– ДIакхачалахь! Амма цига дIакхача масех эзар километр йу! – корта ластийра Керима.– Вайл хьалха зIенаш а йахийтина, некъаш а дихкина, атта схьалоьцур ду…
– И билггал аьттонца чекхдер ду аьлла-м, со а ца воллу хьуна? Делахь а цкъа-шозза маршонехь доккха са а даьккхина, леташ валар гIоле хеташ воллу-кх, кху чохь вахкалучул!.. TIe… хIун хаьа!.. Къонахий тохабелча-м, Америке, хьовха, Аргентине а кхача тарло…
– Туьйра! – велакъежира Керим.
– Хьо реза вац?
– Вац, – корта ластийра Керима.
– Делахь-хIета, вайшиннен xlapa къамел хилла а дац хьуна!.. Сан и цхьа дехар ду хьоьга, фронтан вешега санна!
– Цу тIехь шек ма хилалахь!.. Со – тIулг бу. Со – чIара бу! Со – дакъа ду! – чIагIдира Керима шен дош. – Дала аьтто бойла хьан тола а, лечу дийнахь хаза вала а!
Цул тIаьхьа цхьа-ши кIира даьлча, цIеххьашха, буьйсанан йуккъехь, электрофонараш хьалха а лоьцуш, лар толлу жIаьлеш йуххе а даьхна, зони кертахула, массо а баракехула чекхбовлуш, буьйлабелира лагеран хьаькамаш. Массо метте хьаьвсира… ДIабахара… Массо баракана а тIехула догIа тухуш, зонел арахьа шалха ха хIоттийра. Хилларг хIун ду цхьанна а ца хаьара.
Вукху Iуьйренца зекаш, хIинццалц санна, хьун хьакха а ца буьгуш, чохь совцийра. Цхьаберш зонин керта бехира – кертара гIуллакхаш дан. Сарахь кертара йуха барак чу веъначу, цIахь вехха цIейойучун бIаьн хьаькам леллачу, цIаро йагийначу йуьхь тIехь даккхий ирча моьнаш дисначу хIирийчо Реваза, шен ирча йуьхь серла а йохуш, дийцира Кериме:
– Хьажахь! Ма тамаше хIума ду и! Луларчу баракера пхиъ ведда-кх, шайн каношкара герзаш а даьхна. Шайн коьртехь – суна а вевзира и – Леонид цIе йолуш, фронтехь майор лелла, зек а волуш. ХIинцале пхи кано а охьавиллина. Йуха шаьш совцо гIоьртина кхин йалх а охьавиллина. Ма чIогIа кайаьлла церан! – дарехь воккхавера Реваз.
Керим лерг таIIийна IадIийра: «Ма дика ду, и хIетахь xIoкхунна соьца ца гина», – дагатесира цунна. ШозлагIчу дийнахь бевддачарна тIаьхьайаьккхинчу отрядах кхозлагIчу дийнахь цхьаъ вухавеънера.
Цо лагеран хьаькамна доклад йечохь ца хууш нисвеллачу, дежурничуьнгахула арадаьлла, зекашка а дIакхечира и хабар: шайна тIаьхьайаьлла йогIу кхеран отряд, шаьш дIа а тебна, шайл хьалха а йалийтина, тIехьашха тIейиттина, йерриг а хIаллакйинера Леонидан гIерано. XIapa цхьаъ, ведда, ваьллера, накъостийн декъий шайгарчу герзашца «церан» карахь а дуьсуш. Вукху дийнахь xIapa кхузарчара чувоьллира, кхуьнан гIуллакх талламхойн каралуш. Массо а баракехь зекийн дезде дара: цкъа мукъна, шайна йечу халонна дуьхьал бекхам бан шайна йуккъера къонах ваьлла хазахетара царна. Леонид вазвора цара: массеран багахь йара цуьнан цIе. ХIинца дуьйна массо а баракехь, шех тидам бийриг а, ша йуьйцург а, цунах хIун хилла-те бохуш, цара диллина сема ладоьгIург а «Леонидан рейд» йара – и цIе тиллинера зекаша оцу гIуллакхна цу сохьта.
Миччахула хезий а, зекашка дIакхочура Леонидан рейдах лаьцна долу керла дерг, тIе, иза цара, шайна тамехь хетачу агIор та а дой, даржадора массо баракашкахула – иштта кхоллалора зекийн фольклор. Леонидан тоба, схьахазарехь, тайгин хьаннашкахула ма-хуьллу хьалхахьа дIаоьхура.
Лагеран хьаькамаша хIинца а Москва хаам ца бора, йа орца а ца доьхура: царна луург дара, уьш хьалха шаьш схьа а лецна, тIаккха дIахаийтар. Амма и ойла кхочуш ца хилира церан – Леонидан тоба дIаоьхура, шозлагIа тIаьхьайаьккхина отряд а йоха йина. ХIинца а, Москвага орца ца деха, Леонидан некъашца йолчу лагерийн хьаькамашка зIенаш йахьийтира, Леонидан некъаш а дехкий, схьалацахьара уьш аьлла. Амма ЛеонидангIepa тоба, цигаша шайна дуьхьалйаьккхина дошлойн дивизион а хIаллакйина, дIаоьхура кхин а, цхьаьнгге а саца ца луш. ТIаьххьара а, хаийтаза а ца бевлла, лагеран хьаькамаша дIахаийтира и Москвага:
– Сталинна а хIинца дIахиъна бах! Дукха оьгIазвахна, мекхаш дегадо, бохура, – вовшашка цу тайпана дуьйцуш, зекаша самукъадоккхура шайн.
Баттахь а дIаихира ЛеонидгIеран туьйра. Эххар а царна тIаьхьа, Москвара хиллачу омранца, вертолеташ тIаьхьадаьхна бохуш, а делира:
– Шиъ-м чудаийтина, бах, царех хIинцале, тIехь иттех лягавый а волуш, – кхаьънаш дохура вовшашка зекаша, шайна хезнарш а, луурш а цхьаьна иэдеш.
Эххар а, зекашна хазарехь, Байкал-Iомана а геннахь, цхьана акхачу хиэ йистехьа таIийнера уьш, довла меттиг ца йуьтуш, шина вертолетой, тIаьхьаоьхучу дошлоший, цигахь лохха охьатаьIначу вертолетера чу мохь а тухуш:
– Дийна дуьтур ду шу, карадуьйла, – аьлла.
Лахара хьала куьйга пулемет тоьхна, цIе йаьлла вертолет, хьаьвзина, хьаьвзина, хи чу а доьжна, бухадахара, бохура. Важа леккха хьийзира, тов, хIинца лакхара чу пулемет а йетташ… Леонидан накъостех, цхьацца вуьйш, виъ вийнера. ХIинца хьуьн чуьра схьалилхина богIу дошлой а гучубевлча, кхин дан хIума ца хилла, Леонида, царна а гуш, шен накъостийн декъий, цаьрга ца кхачийта, лекхачу берда тIера, уьш хи чу а кхиссина, тIаккха, ша берда йистте а хIоьттина, шена, йолуьйтуш, тапча тоьхна, хи чу а вахана, вайра, – бохуш, дуьйцура, ша а цигахь хилча санна, и дерриге «ма-дарра» хезна волчу Реваза, шена го а бина лаьттачу зекашка, ладоьгIуш йуккъехь Керим а волуш:
«Турпал ву Леонид!.. Грекийн Леониде кхоччуш турпал ву»! – дIайерзийра Реваза и зекийн исбаьхьаллин легенда. Керим ойлане вахна лаьттара: цо дагалоьцура Леонидца шен хилла къамел. Амма шен дагахь хIумма а ша-шех воккха ца вера Керим, шен хьекъал хIетахь совдаьлларг а лерина, мелхо а, халахийтира цуьнан бакъйолу турпала къонахалла, цIе йоцуш эрна йар. «Иза тIамехь вуьззина шен Даймехкан кIант а, бIаьхо а хилла, амма кхузахь кху кIиллойн карахь лай хилла ваха а, лай хилла вала а ца лиъна-кх цунна – и бу–кх цуьнан боллу бехк, Iедалхоша хIинца уггаре а боьхучу агIорхьа туьду болу… Къа йаI хьан, Леонид! ЦIе а йовр йу-кх хьан тIаьххьара а», – къахийтира цунах Керимна.
* * *
Леонидан гIуллакх толлуш, Москвара йаийтина талламчийн тобаа, массо а баракашкахула чекхйелира хоьттуш, хьанна вевза и, хьенан хIун къамелаш хуьлура цуьнца, и вадале хьалхарчу буса хьанна йуххехь вайнера иза, ишта дIа кхин а – царех теранаш а, тера доцурш а – дукха дара хиттинарш. Амма кхин схьалаца корта болуш хIума гучу а ца даьлла, цу талламан жамIаца Iедалхоша сацам бира, кхузарчу лагеран цхьаболу хьаькамаш чубохка а, Леонид Iийначу баракера а, иза чуихначу КеримгIеран баракера а бухабисна зекаш берриш а кхечу, кхин а генарчу лагершка дIасабекъа а.
* * *
…Керлачу лагерехь Керим а, Реваз а цхьана бараке нисвелира, амма бес–бесарчу бригаде.
Сарахь, балхара а бевлла, йуха барака чу гулбеллачохь Реваза шеконе элира Кериме:
– Суна хIун хезна хаьий хьуна? Луларчу рецидивистийн зоне дохур ду, боху-кх вай кестта.
– И хIун зона ю?
– Рецидивистийн!.. Уггаре а луьрчу рецидивистийн! Уьш цкъа а балха а ца буьгу – шаьш дайъича а, уьш ца боьлху дела!.. Боьха буьйцу… Массо а цхьацца-шишша стаг а вийна… Дукха хьолахь гомосексуалисташ… Хетарехь, цаьрга дайийта дагахь доху вай цига.
– Ца даха а мега… Дахахь а, вай эшор бу уьш! – элира ондда Керима.
КхозлагIчу дийнахь, балхара йухайогIу кхеран бригада оцу зонина йуххехула йала дезаш хилира. Лекхачу йеакIов керта йеа а маьIIехь кхин а лекха диъ чардакх ирахдахнера, схьакъедаш пулеметаш а йолуш, хIоранна а тIехь шишша салти а гуш. Зонин арахьа кхин цхьа керт а йара. ХIорш цу йуххе дIакхочуш, кхарна а гуш, зонин арахьарчу кертахь, куьйгалхой чохь болчу шозза тIекIелйинчу гIишлонна хьалхха, йеъана, виллис сецира. Виллис тIера охьавоьссира цхьа инарла, цхьа майор, цхьа капитан, сов тайначу дегIахь, сирла-цIен йайн плащ а йуьйхина, сийна берет а тиллина, вуьрхIитта шо хир долуш тайна, хаза йоI. Инарлий, цуьнан ши накъостий гIишлонехьа волавелира. ЙоI инарлина тIехилира:
– Папа! Шу йухадахккалц со кхузахь Iайтахь! Кхузахь хаза ду.
Луьстта заза а даьккхина, бIаьсте мIакйаьлла хан йара. Дитташ тIехь олхазарш декара.
– Дика ду… Гена дIаса ма йаьллахь! – аьлла, иза чувахара шен накъосташца. Керим, Реваз, кхеран жима бригада, кхаа каноца кхуззахь арахь севцира, керта а хьоьжуш, цхьа барт хилча санна: оццул лакхара хьаькамаш кху генарчу Iуьрге хIунда баьхкина-те хаан лаарна тIе, цкъа а кхузахьа гина а йоцчу исбаьхьачу йоIана тIехь шайн бIаьрг а сецнера церан.
ЙоI йолайелла, кертарчу банин гIишлонна тIехьа йелира. Цигахь дитташ сов дара, олхазарш а дукха декара. Банина ремонт йеш ткъех сов, зони чуьра керта ваьккхина, зек хиллера. Царах цхьамма, неIарах ара а къедина, элира, Ревазан тидам хуьлуш:
– ЙоI, къахетахь тхох! Хьайн йелахь, жимма кхалла хIума лохьа!
ЙоIа, безаме сирла йелакъежна, шегара дикадерг гайта меттиг йаларх а йоккхаеш, жима ридикуль схьайиллина, чуьра схьаэцна, шеколадан цастар дIакховдийра цуьнга. ЦIеххьана, пхьарс лаьцна, барзо буьхьиг санна, маса неIарх чутакхийра цо йоI. Цхьа доьхнарг хIинца хиллий хууш, Реваз цу гIишлон арахьа долчу корехьа дIахьаьдира. И кIеззиг дIатеттина чухьаьжча, цунна гинарг инзаре дара: рецидивисташ йоIана ницкъ беш бохкура.
Ревазе мохь белира: «Шу хIун деш дохку?!» Бел эцна тIеволавелира цхьаъ, вуон велакъежна:
– «Йахитта кхузара!» – тIечевхира и. Вухахьаьдира Реваз, шайн каношка дийцира. Амма уьш меттах ца хьайра. Ревазна моьттура, цара, сихха тIебахна, шайн автоматаш тIейустур йу рецидивисташна. И ца хилира, амма лакхара кано сихха хьаькамийн гIишло чу вахара. Минот йалале инарла а, цуьнца майор, капитанний, шайца кхузара зонин хьаькам а, цуьнан ши-кхо накъост а волуш, аралилхира.
Зонин хьаькаман омранца банина ремонт йеш хилла рецидивисташ сихонца цкъа йуха зонин керта дIабигийтира берриш а. Банин гIишлон чоьхьа бевлла, хьаьвсича, цIенкъахь Iуьллура йоI. СадоьIуш йацара иза. БIаьргаш къарззийнчахь диснера. Ший а пхьарс, саттийна, букъа тIехьа дIабихкинера. ЙоI йелла йара. ЙоьIан сийна берет а, плащан сирла цIен кескаш а дIасакхиссина Iохкура. ЙоьIан докъе хьоьжуш, гIорийча санна, меттах а ца хьовш, лаьттара инарла а, цуьнан накъостий а. Керимна генара гира инарлин бIаьргашкара схьатоьхна сийна алу.
– Шаршун йуккъе а хьарчайай, «виллис» тIе йаккха йоI! Цуьнан… хIуманаш а… – элира инарлас майоре. Сихха кхочушдира. Инарла лаьттара, бос баьхьна, цуьнан бIаьргаш ткъесах догура. ХIинца цо, фронтехь эскарна хьалха санна, дегI нисдина, лагеран хьаькаме омра дира луьрачу озаца:
– Йеа а чардакха тIера массо а пулеметаш цхьаьний тIейетташ, байий дIабаха массо а! Минот йалале!
– Мегар дац, накъост инарла! Инструкцино ца могуьйту! Пхи бIе а сов ву уьш, – дуьхьало йан гIоьртира лагеран хьаькам.
ТIаккха инарлас ша йаздина, кIел куьг а таIийна, кехат дIакховдийра цуьнга:
– ХIа.. ХIара сан куьйга йаздина омра ду хьуна! Кхочушде! Хьо бехке хир вац! Ца дахь, ас вуьйр ву хьо! «Бовда гIоьртинчохь байа»! – элира инарлас.
– Кхочушхир, накъост инарла! – аьлла, зонин хьаькам дIавахара.
Кестта, арахьа лаьттинчу КеримгIарна а хезаш, йеа а чардакх тIера массо а пулеметаш цхьаьне йетта йолийра. Церан татанийн йуккъехула маьхьарий, цIогIанаш схьахезира. Кестта севцира уьш массо а. Пхи минот а йалале вухавеанчу зонин хьаькамо рапорт дира:
– Хьан омра кхочушдина, накъост инарла!
«Виллис» тIе а вахна, шаршун йуккъе хьарчийна Iуьллучу, йоIан докъе хьаьжна, инарла вилхира:
– Ас хIун эр ду хьан нене? Ас хIун эр ду хIинца хьан нене?.. – шозза йухахаьттира цо ша-шега. Шена йуххерчу майоре:
– Со хIинцц… – аьлла, массарна а гуш, дитташ долчухьа велира иза, хьоткъана волучух тера.
Амма Керимна гира: маьлхан зIаьнаршлахь дешин басахь йехха къегара цо дитта тIехьа а ваьлла шен бIаьштиг тIе йаьхьначу тапчанан биргIа… эххар йелира. Иза охьавуьйжира. Майор а, бисина накъостий а, тIехьаьвдира: тIаьхьа дара – инарла хIинца хIумманна а кху дуьнен чохь жоп лучохь вацара…
* * *
Цигара шайн лагерехьа шаьш бухабогIуш, Керима элира Ревазе:
– Дагара ца йолу-кх и йоI… цуьнан сийна берет… сирла-цIен плащ… БIаьстено Iехийнера иза… Ма кхоам бара цуьнан!..
Йуха тIетуьйхира:
– Делахь а оцу цхьана йоIана тIехула и пхи бIе сов рецидивист цхьаьний байа бакъо-м йацара инарлин!..
– Уьш–м байа хьакъдолуш, нийса байира цо!.. Дика байира!.. ХIинца цара вай… дойур дац-кх, хьуна! – цIаро йагийначу шен йуьхьа тIера ирча моьнаш дIасадаржош, сирла велакъежира Реваз. ТIаккха тIетуьйхира:
– ХIун хаьа, и инарла а вайна диканна ца веънийла а!.. ХIинца вай кхечу зоне а дохур дац! – Инарлех а къа ца хийтира Ревазна. – Бакъду, и йоI-м йицлур йац суна!.. – дIадерзийра цо.
* * *
«Ма ца оьшуш, ма совнах хIума йу адам кху дуьнен чохь», – аьлла, хийтира йуха а Керимана: дехьарчу терхи тIехь Iуьллура велла зек, цхьамма а хьаха а ца веш. И дIаволларан гIайгIа дагалоцуш а вацара цхьа а: «Бакъду, буса хIун шапаIат дан тарло цунна? Иштта а, вуьшта а сахиллалц собар дан дезаш хилча»… Амма Керимна наб ца кхетара – ойланаша хьийзавора: баракера денна цхьацца-шишша дакъа, ткъа лагерера-м денна уьш иттех а сов дIахьора. Йуха, оцо цхьа а йа цец а ца воккхура, йа ойлане а ца вожавора. И гуш, Кериман цкъацца ойла хуьлура: «Ма тоьлар-кха суна а, уьш санна, кху дуьнен чуьра сихха дIаваьлча», – олий. Амма, кIоргге шен даг чу хьаьжча, вала а ца лаьара. «Кхуьур ву… Валар карара дер дац… Цкъа хьалха Кесирий, Каташший, Заретий а гина… тIаккха», – олий, даго дIатоттура кхераме ойла. Керима тахана кхозлагIа а дахьийтира цIа – Кесире кехат а, Москва – СССР-н Прокуроре арз а…
Ойла йеш, лаьттара и хIинца, лаьттах бел а гIортийна, гIелвелла, болх йукъах а битина. Цхьа вагон йассийнера. ХIинца ши вагон йиснера. Амма хIинцале а гIелбеллера, даим а меца болу зекаш.
– ЛадогIахь! – Керимехьа а вирзина, велакъежира Урусевский, шен гай тIе пIелг а хьежош,– хезий хьуна?
Керимна ша лаьттачохь а хезаш, къекъара цуьнан чоь.
– Йаккхий чуьйраш йу-кх кегийчарех леташ, сан доктор! TIe, кху мецачу чоьн тIе чуьйна а ду, жIаьлешна хиларг! – йуьстахвелира иза. Керима тIаьхьа корта ластийра: цхьана хенахь райкомпартин хьалхара секретарь а лелла, фронтехь подполковник, замполит а хилла волу Славян Модестович Урусевский хIинца кхузахь, тIехь тIелхигаш а кхозуш, «МозгIар» аьлла, зекаша цIе а тиллина, даим а меца лелаш вара. Кестта вухавеара иза:
– Доктор!.. – шабарца элира,– эццахь, тIехьа, цхьа, амбар санна, гIишло йу… Чуьра чIеран хьожа йеттало.
– Вало, талла! – тIедиллира Керима.