Лаьмнаша ца дицдо - читать онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев, ЛитПортал
bannerbanner
Полная версияЛаьмнаша ца дицдо
Добавить В библиотеку
Оценить:

Рейтинг: 4

Поделиться
Купить и скачать

Лаьмнаша ца дицдо

На страницу:
22 из 34
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– И-м нийса а ма ца догIу цуьнан, ша мозгIар хиларе хьаьжча а, – элира Керима, Сталин семинарешкахь дешна хилар дагадеъна.

– Христианийн динехь ма ду: «Иттанна йуккъехь цхьаъ мукъна, бехк боцуш велахь, уьш массо а таIзарх мукъабита», – аьлла.

– Дан-м ду… Амма цо, бIенна йуккъехь цхьаъ бехке хетахь а, и бIе а хIаллак-м во… ХIинца кхин хIун долийна хаьий хьуна цо? – соцунгIа хилира Венкин. Керим сакхвелира.

– Хьажалахь, и шун къомах а хьакхалуш!.. – элира Венкина. – Америкин президенте, дукха хан йоццуш, гIо дар кхайкхийна вайн махкахь динехь болчарна… Ткъа хIун моьтту хьуна? ХIинцале кехаташ даьхкина-кх Москохара: динахошна тIехь тидам алсам а баккха, цхьаъ цаьргара доллушехь, кхоа а ма бе! ДIалеца! – аьлла!.. И хIун ду хаьий хьуна? Боцу бехкаш тIе а кхуьллуш, хIинца дуьйна чубохка болор бу, хьуна, уьш – «хьалххехь» – Сталинан амалехь. Гур ду хьуна…

Ший а Венкин Iачу цIеношна йуххе кхечира:

– Суна хьо дика вевза, со хьуна ца вовзахь а… – элира Венкина. – Ахь шайн къомана даьккхина орца а хаьа, бехк а боцуш хьо лаьцна хьийзавар а хезна… Со теша хьох… Со кхузахь Iаш ву… Сан цIе Петр йу, Керим. Гур ду вай кхин а! – аьлла, Кериме куьг а делла, и чувахара.

«Ма йоккха йукъ ца оьшу вайн заманахь стеган де хийцадала: дукха хан йоццуш вайн «мехкан элех» волу иза… тахана соьга нисвели», – бохучу ойланца ша схьавогIуш, Керимна гира, генара дуьйна а, тIамарш а йаржийна, верриг вела а вахана, дуьхьалвогIу цхьа стаг – йуххе тIекхачалц, вовзанне а ца вевзира иза.

– Маса шо, мел хан дIайели вай ганза, сан хьоме вешин кIант!..

Тойсум вара. ХIумма а хаза ца хийтира Керимна: «Кхин бIе шо а даьлла делара», – элира дагахь.

Тойсум маракхийтира. Керима, дуьхьал куьг а даьхьна, дIахилийра цо, оба ала дагахь, шена тIейерзийна бат. Цуьнан и тIуьна оба лога тIе нисйелира. Керимна и ганза а, тIе и вицвелла а, Баккъал а дукха хан яра: тIом а болабалале дуьйна. Кериман тайпана, дехойх лоруш гергара хуьлуш а вара иза, амма Керимна хезнера и мотт тухучех ву бохург а, хан а тоьхна, и лаьцна лелла хилар а.

Керима шийло ша тIеэцар ца тосаделлачух Тойсум самукъане векара:

– Хьажахьа, со йуххехь Джамбулехь Iаш ву, хьо кхузахь Iаш хилла, хIетте а вовшийн ву-вац а ца хууш Iа… Сан хьоме вешин кIант, муха деха шу, дийцахьа…

– Вон ца деха… ДIа Iаш ду…

Керима шен къамел, шор ца деш, гIеххьа дIакхоьхьура, ца хууш а цуьнга «чугIур ду вай» ца олуш. Тойсума къамел кхечу зил тIе даьккхира:

– Хьажахь, вайн къомана кху Iедало динарг? Исторехь цхьана а Iедало дина а дуй техьа и санна дерг?

– «ХIинца талла волавелла… Ларвала веза»…, – ойла хилира Кериман.

– Кхин а доьхнарш а дукха хилла: дийнна къаьмнаш дайина меттигаш а йу исторехь…, – жоп делира Керима.

Тойсума, къамел говза керчош, питане хеттарш дора, амма Керима царна дуьхьал жоп, Iедална гергахь а раз а доцуш, бакъдолчуьнгахьа оьзно лора.

– Ткъа нийса хетий хьуна хIинца жуьгташна дуьхьал лелориг?..

– «АхIа!.. Цунах лаьцна нехан йолу ойла таллар а тIедиллина хIокхунна», – дагатесира Керимна.

– Делахь а, уьш шаберш а ма ца хьийзабо… Цхьацца бехк баьлларш…

– Хьажахь, ас хьастагIа буса приемник чухула ладоьгIча, «Американ аз» чухула луьйш верг мила вара хаьий хьуна? ЦIенчу нохчийн маттахь Авторханов… Ма-дарра вайгахь латто хьал дуьйцура. ЧIогIа хьекъал долуш стаг вара… Суна вевзара иза…

«Цуьнца хьенан хIун уьйр йу хаа а лаьа»…

– Сан йац приемник. Ас репродукторх а тоам бо. ТIе, веддачу эмигранто дуьйцург дош хеташ а вац.

– И-м нийса бах, хьуна, ахь, – сиха вухавелира Тойсум.

– «ХIета, питана чуьраваьлла лело хьаькамаша ца могуьйтучух тера ду хIокхунна»…

– Хьо хIунда веънера? – хаьттира Керима шийло, къамел дIадерзо дагахь.

– Гой хьуна, мовлад йешийта дагахь вара со… Тхан цигахь, Джамбулехь, Iийна, молла Бауддин дукха хан йоццуш кхуза схьакхелхина, бах… И мичахь Iа ца хаьа хьуна?.. – хаьттира Тойсума, хьена ши бIаьрг кхунна тIехь а сацош.

– Цхьанхьа и кхузахьа ву бохуш-м хезнера суна, амма суна вевзаш а, мичахь Iа хууш-м вац иза, – элира Керима, шена хуъушехь.

– Делахь, со и лаха воьду… И оьшу суна! – аьлла, шуьйрра ши куьг а лестош, урамехула хьалаволавелира Тойсум…

ТIехволуш, ТавсолтагIеран чу хIоьттира Керим:

– Веъна, кхузахула лелаш Тойсум ву, хьуна… И чу ма виталахь… Ларлолахь цунах!

– Дала ларвойла шех! И-м суна вевза хьуна… Муха кхаьчна кхуза?

Керима дийцира.

– Тамаш бу-кх, цхьа зулам ца деш, дIаводахь! – велакъежира Тавсолта.


* * *

Цул тIаьхьа цхьа бутт а белира. Кериман, Венкинан цхьаьнакхетарш, къамелаш тIеттIа совдуьйдуш догIура. Венкин хьекъална кIорггера а, дуккха а хууш а, дуьненан йоккхачу политикех кхуьуш а стаг хиллера.

И ца гуш ши кIира а сов даьлла, иза волчухьа вогIура Керим. Лахарчу этаж тIехь йолчу шен хIусаман корашна хьалхахула Венкин гIийла дIасалелаш, тIекхечира Керим.

Маршаллаш хаьттира.

– Хьо ма таьIна ву?..

– Со вичхьана а ас ца дина боьху гIуллакх дина вогIу со хIинца… – лаьтта бIаьра хьоьжура Венкин.

– ХIун хилла? – цуьнан пхьарс схьалецира Керима. Венкинан бIаьргаш, ша лийр вуй хууш цомгуш волчу стегачух тера, суй байна дара. Аз а къорра декара.

– ХIинцца къайлаха йинчу суьдехь, бехк а боцчу веа стагана бIе шо хан а тоьхна, вогIу-кх со! – шен гIийла бIаьргаш Керимехьа хьалахьажийра цо: «Хьажал, мел боьха стаг ву со», – бохучу кепехь…

– И муха ди ахьа? – Керим кIеззиг вухахилира.

– Ди–кх, суо… стаг воцу дела!

Керима ойлане элира:

– Дийцахьа! Са паргIатдаккхахьа!..

Венкинан мотт кIеззиг толкхалелхара:

– ДагадогIий хьуна, ас хьайга дийцина – Америко вайн махкахь динехь болчарна гIo дан тIелацар?..

– ТIаккха?


– Сталина уьш берриш церан агенташ лерина-кх хьалххехь, шен амалехь.

– ТIаккха?

– Уьш, цаьргара бахьана даларе а ца хьоьжуш, царна и бахьана хьалххехь шаьш тIе а кхуллуш, чубохка болийна хIинца… амма суьдехула кхиэл а йойтуш, иза нийсонан бакъонца даран куц хIоттош…

Керим ца кхийтира:

– Ткъа… Ахь динарг хIун ду?

Венкина, ша шена реза воцуш, куьг ластийра:

– Ас шун веа нохчочунна ткъе пхиппа шо хан туьйхи-кх цхьана стага динчу харц тоьшаллица.

– ХIун тоьшалла дара и?

– Оцу веаммо ламаз тIехь а, йуха шаьш мовлид йоьшуш а, Деле дийхира бохура, ша а волчохь, «Веза-Воккха Дела, Америка кху пачхьалкхана тIе а латийта ахь, цунна толам а ло ахьа!» – аьлла.

– Ткъа оцу веаммо?

– Йуххе а ца дуьтура. Шаьш динарг цIена ламаз а дара, йешнарг Мохьмад-Пайхамар дагалоцуш лерина, мовлад а йара. XIapa тхоьца а вара, xIoкxo хIинца харцдерг а дуьйцу, бохура. Бутт хьалха, НКВД–н талламчаша кеч а дина, и дов, хатта аьлла, цкъа сайга схьаделча, аса йухадахьийтира, цхьа теш тоьуш а вац, бехк гойту билгало а йац девнан кехаташца аьлла. Со мича вигира хаьий хьуна кхайкхина? Обком партин хьалхарчу секретарна тIе – чохь кхин а хьаькамаш а бара, НКВД-pa а тIехь.

Соьга элира: «И гIуллакх пачхьалкхан чIагIонна деш ду… Йуьззина йолу юристийн формальносташ и тайпа гIуллакх дечохь йерриш кхочуш цахиларх а мегаш ду… Америка коьртехь йолчу дуьненан империализманий, вайний йуккъехь къовсам бу. Церан дIовш чекхдалийта мегар дац… Кхочушде!»

Ткъа аса: «Партис а, советан Iилмано а советан суд законехь нийсса йан йеза ма боху!.. Ткъа со, уггар хьалха, советски суьдхо ву!» ТIаккха цара: «Хьо уггаре хьалха коммунист а, советан патриот а ву… Цул тIаьхьа ву хьо суьдхо!.. Хьайн партийни декхар кхочушде! Хьо болх бан суьде а партис хьажийна»…

Со ойлане вуьйжира: «Балхара дIаваккхар бен, кхин чу-х вуллур ваций со… Баьпкан йуьхк йоцуш а вуьсур ма вац со а, сан доьзал а… ТIелоцур ма дац ас иза, – аьлла, ойла хилира сан. «Цхьана дийнахь ойла, мукъна, йайта соьга» – аьлла, дехна, и ца дан дагахь, со ара а ваьлла, дIавахара.

Суна тIаьххьий аравелира НКВД-н полковник а.

– ТIехаал кхуза! Со волчу гIop вайша кIеззиг къамел дан! – аьлла, цо шен машенахь со дIавигира. Эццигахь дуьйхир-кха сан дерриг а доьналла.

– Хаьий хьуна, – элира цо, – Москохахь хьан ваша чохь воллуш вуй, Израильца къайлаха уьйр хиларна?.. Хьо оцу тайпана лелахь, цуьнан гIуллакх а талхор ду ахьа, тIе, оха цунах хьо дIа а тухур ву… Оцу йамартхошна тIехула набахте ваха лаьа хьуна, хьайн вешин а гIуллакх луьрачу а доккхуш?..

Сан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Ас цатохарх, и хан ирх–пурх царна ца тухуш йуьтур йац-кх… Ас дуьхьало йарх, кIелхьара ца бовлу-кх уьш… TIe ца вирзича, ца волу-кх со, суо а, сайн ваша а, доьзал а эрна хIаллак ца байта», – аьлла, со тIетайра. Тахана ас и суд чекхйаьккхи-кха, цхьаъ бен дIахIоттийна теш а воцуш.

– Мила вара иза?

– Вийца бакъо йац!.. Цхьа боьха хIума йар-кха, лаьцначуьра схьахецна… хьена бIаьргаш а, цхьа а хорма йоцу аьшпе бат а йолуш, шуьйрра куьйгаш а лестош.

Керимна цу сохьта вевзира иза: сурт нийса диллинера, амма и шена вевзинийла ца хаийтира Керима.

– Оцу тешо хIун дира хаьий хьуна, оцу веанна бIе шо хан туху кхиэл дIакхайкхийча? Вилхира–кх оцу чохь. Суна хийтира тIаккха: «Эхь даний кхуьнан, ша динчу харц тешаллина дохковаьлла, воьлху хир ву-кх».

Ас хаьттира: «Хьо хIунда воьлху?» Цо хIун элира, хаьий хьуна? – «Со воьлху, шен хеннахь аш Iopa а баьхна, хIорш совцийна бацахьара, мел доккха зулам долуш хиллера кхарех вайн пачхьалкхана, аьлла, дагадеъна».. Муха хета хьуна и къутIа?

– Вукхара хIун дора?

– Эсала Iapa… Царех воккхаха волчу молла Бауддис хоьттура: шайна тIехь йеш йолу суд къайллаха хIунда йо?.. Кхиэл кхайкхийча, белакъежна, вовшашка а хьаьвсина, веаммо а чохь доIанаш дира… Хаьа суна: царна хан тоьхнарг Сталин ву, со вац, амма царна и ца тухуш, суо ца вейтар – и бехк-м бу сан… Цундела, суо а боьха хета суна… Чу ца вахалуш, кху арахь со дIасалела сахьт а сов ду-кх, хьуна, сайн цIенчу жимачу йоIана хьалха а, со тешаме стаг лоручу, зудчунна дуьхьал а хIотта сайн йуьхь ца хеташ, – элира Венкина. – Со къонах цахиларан мах и бу-кх!..

– Къонахий дукха ца беха, олуш ду тхан. Бакъду, сий лардеш вала а кийча волчех со суо а хета суна. Делахь а, цара, хьо бахьанехь, хьан хьайн са хилла ца Iаш, хIаллакдан дагалаьцнарг, хьан вешин а, зудчун а, беран а дахар хилча, хала киртиг ма-хилла хьуна тIехIоьттинарг! Цара и дийр а дара-кх, хьуна, – Венкинан дог ийцира Керима.

– Чудуьйлийша, арахь а ца лаьтташ! – корах йистхилира Венкинан зуда.

– Валохьа соьца. Чай мер ду вайшимма.

– ХIинца ца вогIу. Баркалла… Шек ма вала. Iодика йойла. Гур ду вайна! – аьлла, Керим цIа вахара.


* * *

ЦIахь дерриг а дийцира цо Кесире.

– Цунах-м ларлуш хила веза! – элира Кесирас Тойсумах лаьцна.

– ВаллахI, ца веза! Мелхо а, нахана а, шена а дIа а хоуьйтуш, дIалалла веза-кх йуххера генна! – элира Керима.


***

Кхин а ши кIира даьлча, КеримгIеран хIусаман неI туьйхира. Корах дIа хьажча, неIарехь лаьттарг Тойсум вара.

ОьгIазе неIарехьа волавелира Керим:

– Хьайн Делан дуьхьа! Сан дуьхьа!.. Берийн дуьхьа ма вала цуьнца девне. Цо мотт а тоьхна, цхьа доццург а кхоьллина, чувуллур ву хьо йуха а.

Керима, шен белшех тасаделла Кесирин куьйгаш нуьцкъаша охьа а даьхна, тIевахана, неI йиллира.

– О-о! Сан хьоме вешин кIант! – мор баржийра Тойсума.

Цуьнан некха тIе куьг тоьхна и йухатеттира Керима:

– Ахь хIун делаххьий, кхин, хьо дийна а волуш, сан неIаре ма воьллахь! Со-х кхин хьайн вешин кIант ву а ма бахалахь! Со цкъа а ца хилла хьан вешин кIант! Со хьан хIумма а вац – цхьана тайпана, цхьана йуьртара хилар доцург!

– Ой-й! ХIун хилла вайна? ХIун хилла? – цецвелира Тойсум.

– Ахь харц тешалла а дина, хIинцца дукха хан йоццуш, цхьа а бехк боцчу веа стагна бIе шо хан тохийтар нахана ца хиъна моьтту хьуна? Сийсара веънера со волчу, царех цхьанна-м гергара хуьлу Бетар соьга чIир хьейан, хьуна тIехула, со ахьа массаьрга а хьайн вешин кIант ву а баьхна! Ас дIаэлира цуьнга ма-дарра – хьо сайн кIадда а цахилар. Хьан Джамбулера адрес дIа а дийцира. ХIинца хьуна тIекхача дагахь а ву хьуна, Бетар а, цуьнан ши ваша а… Хьуна Эсканойхь дуьйна а бевза моьтту суна уьш, – иза а дIакъадийра цуьнга Керима.

Йуьхь тIера бос баьхьира Тойсуман. Шен йухах куьг тоьхна, кхин вистхилар доцуш, Iодика йар а дицдина, йум йаьхьира цигара Тойсума. Шуьйрра куьйгаш а лестош, и дIавоьдуш цуьнан букъа тIехьа а хьаьжна, Керима элира Кесире:

– Иштта тоьла! Цуьнца ловзарш лелочул! Кхин вайн неIаре вогIур вац хьуна иза. TIe хIинца суна мотт тоха а ваьхьар вац!..


СТАЛИН… ВЕЛЛА!…


БIаьстенан хьалхарчех де цIеххьана хаза декхна деънера. Йист йоцчу стигалахь гуш цхьа а марха йацара. ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо а йулуьйтуш, паргIат вогIура Тавсолта белшах шен гуттарлера тIоьрмиг а тесна. Колхозан беша хьажа дагахь араваьллера и, амма, юьртах ма-велли, кхузара башха гена ца хета, малхехь лепа Iоман экъа йайча, и цигахьа дIаозийра.

Делахь комендатуро ца могуьйтура йа цига а, йа луларчу йуьрта ваха a. XIapa иттех шо а иштта чекхдаьллера, и кхузара меттах ца волуш. Iам болчухьа тийнна дIахьоьжура и. Цу агIорхьа комендатура а йац, бохура. Ша цига дIакхаьчча, кхин хаза дуьне гур долуш санна хетара. Цунна дукха хезнера цу Iомах лаьцна. Цигахь, дийнна бода бой, лела бохура акха бедаш, шортта нислора иччархошна ижу: тодакхаш, мошарчий, дарташ. Ов текхош, йа кIорго йолчохь ванда йугIуш, лоьцу йай-чIерий, Iомана йуккъерчу оьзига тIехь чIерийлело артель а, хил дехьахь, Жинийн Iин чохь, шекардоккху завод а йу, бохура. Тавсолтина дуьхьалтуьйсура цигара сурташ: Iома тIехула пийсик хьоькхуш гила-кеманахь лела белхалой; бурамна тIехь цкъацца жашца дехьа буьйлу Iуй, дIо генарчу ГIелийн орца уьш дажо дига. Цигара йухабаьхкинчу Iуша дуьйцура, цигахь акха кой а, лунаш а, хотешкахь тарсалш а хуьлу, бохуш. Амма цигара кхин а дIа, геннарчу къилбехь йу бохура, саьхьара стаг санна, сутара, дерриг шена чухуду, ша хIумма а схьа ца ло, гIум сийса бIаьрмециг аре. Маьлхан аьтталахь гуттарчу йокъанехь, дакъаделла гIамаран латта цигахь, экъа санна, догу бохура, тIехь ког а ца латталуш…

Кхузара ткъех гергга чаккхарма бен гена бацара Iам. Йуьртара а, лекхочу меттера турмала хьаьжча, цIенна гора цигара халстуш а, хидоькъе а, йуххера хехочун бун а, улло доьгIна лекха ши маьлказ а, гена доцуш, шерачу арахь, цкъа маццах Чингисханан бIон дуьхьал кхузарчу къомо йинчу ширачу гIишлох бухайисина хьакхлагIа а. «Чохь – саготте, арахь –сашорте» – аьлла, дIаволавелира цигахьа Тавсолта.

БIаьстенан xIyo, дегI дайдеш, цIена дара. Мела малх нисса букъ тIе хьоьжура. Шен IиндагIна тIаьхьаваьлла воьдура и. Шерачу арахь цхьанххьа а дисина ло ца гора. ХьалагIертара дуьххьарлера бецаш. Iаьнан йочанах а, дешначу лайх а сихха ловсардоьлла догIура латта. ХIинца а сенйала кхиаза лаьттара мокха бурсан-коьллаш а, некъан йистошца йевлла муьжгаш а. ХIетте а аренийн дахар бIаьстенна самадаьллера. Тавсолтина йевзара гIамар–пхьагалан лараш, оьпанийн оьрнаш, хин дехкан Iуьрг. Цкъацца, оьртхан-кулла кIелхьара дIаэккхара моьлкъа, йа, некъ а хадош, Iажаркхлахь бовра текхарг; наггахь тебаш, текхара шен туьтан тутмакх – уьнтIапхьид. Лаккха тIехула хьийзара маккхалш. ТIаьххьар а, цхьана хин йисте кхечира Тавсолта. Дехьа кхоссалур воцуш шуьйра а, гарехь, кIорго а дара хи. Жимочу гу тIера дIасахьаьжира xIapa. Цхьанххьа а бIаьрго лехарх гечо дацара.

ГIелвелла Тавсолта, ойлане ваьлла, гу тIехь лаьттара, татоле а хьоьжуш. Кхуьнан IиндагIа, дахделла, коьртаца хих хьекхалора. БIаьргашна кхин а гергахь, хIетте а тIе ца кхочехь бара Iам. Маьлхан зIаьнаршлахь, тIехула дай Iаьнаран моьрдиг а лаьцна, Iоман куьзга, варшдетех тера, можа кIайн лепара, бIаьргашка ца лалу суйнаш а туьйсуш. Хьалабаьллачу малхо тIехьашхула, коьшкала хиъначу цициго санна, вортанах мела гилдигаш дохура.

Вехха лаьттира Тавсолта, шена хьалха дахделлачу шен IиндагIе а хьоьжуш. Иза дацлуш, тIаьххьара а жим а делла, кхуьнан когашка дижира кIеза санна. Чувоьссина, йуьхь-куьг а дилина, ламаз а эцна, тIаккха цу хин йистехь, кIел шена тIера тиша пальто а тесна, делкъан ламаз а дина, кера– йукъахь хи а мелла, охьахиира Тавсолта.

ЦIеххьана хил дехьахь, бIаьрг къуьда жIаьла санна, раз йорт хьоькхуш, йoгIy борз йайра кхунна. Сецира борз. МуцIарца латта ахка йуьйлира и, жIовнеш лоьху нал санна. «Хьерайаьлла-кх и, – дагатесира Тавсолтина» сехьа–м йериг хир ма йац: xIapa, хи шуьйра а ду… хьердаьлча экха хих къаьхка а олу»… – сапаргIатделира цуьнан. Герз а доцу стаг хил дехьахь гарна, шен некъ ца хуьйцуш, дIайоьдура борз. Хи йистехула, кондаршна тIехьахула тебаш, тIаьхьавахара Тавсолта, цо хIун до хьажа, тIоьрмигара схьаэцна, тIехь ботт а йолу, шен деха мокха доьхкарх а тесна. Ша цIахь къона волуш талла ихина хан цIеххьана дуьхьал лаьцна, дог айаделира цуьнан.

Хе голатуххучохь, коьллашна тIехьахула, кхунна гира, ша йежаш йоллучу говрана борз чухьодуш. Говр, хьийзаш, тIехьарчу когашца барзехьа нисйала гIертара. Борз, цунна го бохуш, хьалхара дIа ца йолура, говран къамкъаргах катоха гIерташ. Говро, даима лаг хьулдеш, шен корта лахахула хьийзабора. ЦIеххьана говро, аьтто баьллачохь, дIайирзина, мийраш туьйхира барзана. Борз охьатаьIира, шех берг а кхетта. Говр горайахара. Цу сохьта оьгIазйаханчу барзо це туьйхира цунна. ГIoгIax. Говр сихха хьала а иккхина, къовсам йуха а дIаболабелира церан, ший а кортошца дуьхь-дуьхьал хьийзаш, йилбазмох санна, маса.

ГIо дан йиш а йоцуш, Тавсолта хьоьжура кулла тIехьара: къеначу бIаьргашна дика гахь а, и шиъ ах чаккхарма генахь йара; xIapa гечо а лехна, дехьавалале чекхбер бара церан къийсам. Барзо, цIеххьана хьалакхетта, говран цIом схьалецира. И дIатаса гIерташ, говро корта барзаца хIинца леккха хIаваэхь лестабора. Барзо муцIар дIа ца хоьцура. ТIаьххьара а гIелйеллачу говран ворта охьаэха йуьйлира, амма борз лаьтта кхачийта ца йаьхьаш, цо халла хьалауьйура и… Барзо, цIеххьана цуьнан муцIар дIа а хецна, и аркъал йоьддушехь, катуьйхира говран логах. Миллион шерашкахь царна йуккъехь Iемина и къовсам, кхеран хIинца цу тIехь чекхбелира. Говр, йетталуш, керчара лаьттахула, борз кIел хьаша гIерташ. Амма, лаьцна лаг дIа а ца хоьцуш, цуьнца керча борз тIехь хуьлура даима.

Кестта йетталучуьра сецира говран чарх. Шен хирг дина йаьлла, сутара йаьжна борз, хьалха санна, раз йолчу, амма хIинца йазйеллачу йортахь дIайахара, пхарйелча санна, гай лаьтта а дазделла, астагIа а лелхаш. Говран неI схьадаккха дагахь, гечо лаха вуьйлира Тавсолта. Кхин а лакха, хьалавахча, шорделла хи гомха доггIучохь, йуккъехь гIайреш а нисйелла, кхос-кхоссалуш дехьавелира и. Борз, говррий леттачохь латта аьхнера бергаша. ХIинца а, муж санна, мелачу шен цIийн Iоврашлахь Iуьллура бора кхел. Хьалхарчу цуьнан когех бихкина хилла муш, хедда, кхалкхежиг баьллера.

НеI схьадоккхучохь дацара: дерриг цистинера иза. Берзан кIомсарша йеринера ворта, къамкъарг йатIийнера. Жижиган йаккхий паттарчий йаьхнера маьI-маьIIера. Варо йиллинера. КIайн лепара цергаша йаьшна буност. Йеллачу говран лешна бIаьргаш диллинчохь севццера; цуьнан тIаьххьара бIаьрхиш хIинца а, даза, цхьана меттехь, гинсу санна, дегош, лепара.

Борз йаханчухьа дера дIахьаьжира Тавсолта: генара диках гучу къеначу бIаьргашна халла къаьстира аренан йисттехь йай техка Iаьржа хьоькх. Корта ластийра Тавсолтас: карахь герз а доцуш, гIаш, xIapa ларор вацара цу барзаца. ХIуъу дийцича а, заьIап а вара. Амма… говраххьий… Шена гонах дIасахьаьжира Тавсолта. Тохара ша сехьаваьллачохь, дIанехьо гира цунна цхьа йаьсса гIoтa; тIехь тхов а боцуш, йоьхначу лаппагIан йеккъа гIов лаьттара, мохо а лоькхуш. ТIевахара. Кертахь йоьхна сазгIа а, кхин цхьацца мекхайоьлла аьчган ортхалш а Iохкура. Доьхначу божал чуьра говр терсара. Чухьаьжча, схьагарехь, стохка дуьйна а йохку сеаларш йара маьI-маьIIехь луьстта лецна. Кхоъ говр лаьттара сакхйаьлла, вовшашна йуххе теIаш. Цхьаъ, чераш кIамдеш санна, сонехь, кхерайелла, пенах хьекхалора. Шен карарчу гIожан коьжалгаца, хьаьжа йуккъехь сет догу, чIамарниг схьалаца гIоьртира Тавсолта, иза вукхарел тоьлашха хетта. Жуларан га а хадош, и карара йелира. Важа а дIаиккхира. Цхьаъ, тоьхна баргол хиларна, атта карайеара. Духьлоцин метта, цуьнан когех хьарчийна хилла муш а нисбина, эццигахь карийна, цхьа чхьонкар санна, йуьхьиг стомма аьчган орцха а эцна, казахех тера, говрахь, барзана тIаьхьавелира Тавсолта, кIеда хилийта кIел шен пальто а нисйина.

Арахь буьйса йаьккхинчу говран кхесах бецан хьожа йетталора. ЦIерачух и тарйелла, безам хеташ, кест-кеста охьатаьIий, хьожа йух-йуха чу а узуш, вогIура иза. Аренан хIонехь дегIан ницкъ сабаьлла, сихйира цо говран чабол. «Говрахь ваханчо мох лаьцна, гIаш ваханчо гIаж лаьцна», – дагадеара цунна шен ден кица. Борз йахханчухьа, хица охьа, цуьнан лорах ца хедаш, воьдура и.

ТIаьххьара а цхьана гух тIехваьлча, борз гира кхунна. ТIаьхьавогIу бере а гина, борз аьрру агIорхьа йелира. И хьалхий, Тавсолта цунна тIаьхьий, генна дIадахара xIapa шиъ. Йазйелла а, гIелйелла а, астагIа а йолу борз чехка ца йадалора. ХинкIажахь, эрзашлахь къайлайелира и. Тавсолта дIакхаьчча, говран когаш гоьллец чу а оьхуш, хоттан колд йара. Цхьа вон саьмгалан хьожа кхийтира схьа. Луьстта сорамаш а бевллера гондIа. Йуха ца волуш, майрра чутилира Тавсолта. Кхунна ши пхьагIат хьалхара дIаиккхира борз, тIе корсамаш лаьцна, сийначу кхеранашна тIехула а кхийсалуш. Амма чушершаш, хала оьхура дIа. ТIаьххьара а, логгец чуйахана, хьала а ца йалалуш, йисира борз. Тавсолтина дуьхьал а йирзина, шен ирча Iаьржа доьлаш оьхьуш, кIомсарш ваьштайеттара цо. Хьалхахула тIехилла, гIорадайначу барзана коьртах орцха тоьхна, и дIакарчийра Тавсолтас. ТIаккха, тешнабехках ларлуш, кхин шозза тоьхна корта бохийра. Чукховдийна, хорам беш, логах муш а хьарчийна, борз а такхош, уьшалара схьавелира xIapa.

Борз йакхийчех йара. Хин йистехь, тIера цIока йоккхуш, уьрсаца диллина, ге чу хьаьжча, пунт гергга, йаккхийчу коржамашца жижиг карийра. Оццул иза шех идайаларх а тамаш бира Тавсолтас. Шач хьекхайелла, гIовтална тIелетта сос дIа а йаьккхина, цIехьа волавелира и. ВухавогIуш гу тIе кхаьчча, гена валале, тохара xIapa тIе ца кхачийта борз нацкъарайаьллачохь, цуьнан тоьла а карийра, чохь кIезий а долуш. Чухьаьжна, Тавсолтас, куьг чу кховдошшехь, самукъане цIовзарца берзан кIезано, схьахьаьдда бовха тIеда мотт хьаькхира Тавсолтин куьйгах. Важа кIезий а, цIевзина, схьахьевдира. Тавсолтас сихха йухадаьккхира куьг. Даккхийчу чхернашца, тIе латта а тосуш, леррина дIайуькъира цо тоьла. «Элан кIант аганара а ма гIоттийла, берзан кIеза Iуьргара а ма долийла», – дагадеара. Берзан цIока а йохьуш, цIа вогIуш, ша йуха а къона таллархо хетта, воккхавера иза.

Цунна хIинццехь дуьхьалтуьйсура, берзан цIоканца ша гучуваьлча, колхозехь бен болу тамаш. Амма кхуо эр ду: «ХIара-м борз аьлла хIума дацара… чагIалкх санна, жима… тхан цигахь хуьлура берзалой»…

Эвлан йисте кхаьчча, арыкан хица, баргалш дIайохуш, цIан а йина, гоах тIара а тоьхна, дIахийцира цо беркате говр.

Правлени хьалха гулбелла дуккха а нах бара. Оьрсийн маттахь чIогIа луьйш, мохь бетташ, Сталинан цIе а йохуш, нисса Тавсолтина дуьхьал вогIура, коьрта Iуьйра, кегайеллачу къоьжачу месашца цхьа вехна стаг. Радиоссий, пхьоьханан гIовгIаной цо бохург халла къостуьйтура: «Ша адамийн мийлина цIий хIинца шен хьиэ чу Iаьнна цунна», – бохура цо оьгIазе. Цунна тIаьххье йоьлхуш йогIура Нурседа.

«ХIинца хIун хилла-те?.. ХIокхо вас-х ца йиний-техьа?» – дагадеана, иза шена тIехвалале, сихха йоIе хаьттира Тавсолтас:

– Хьо стенна йоьлху?

– Дада… ца хезна хьуна?.. Сталин велла.

Тавсолта сецира, ойлане вогIавелла ша волччохь, цIоцкъамаш ваьштадоьлхуш. Амма цIеххьашха элира:

– И-м ловр дара вай… кхин вон ма догIийла!.. Ма йелха, йало… чугIo! –йоI цIа хьажийра дас.

Сихачу боларехь, раз урам хадош, схьавеанчу коменданто, хьалха а ваьккхина, дIавигира вехнарг. Правлени хьалха, йаххьаш а кхоьлина нах лаьттара. Радиохула схьахезара гIийла музыка, йукъ-кара Сталинан валарх, цуьнан гIуллакхех, хьуьнарех дош а далош. Цхьаберш, цуьнгара шайна зулам даьлларш а тIехь, боьлхура, и валар новкъадеана а, музыко малбина а. Кхиберш боьхнера: «ХIинца муха дехар ду-техьа, Сталин а воцуш?»

Берахь дуьйна а шайн тIамарх йоьлла оцу цIарца хьалакхиънера дукхахберш. Ткъа хIинца, и ца хилча, пачхьалкх а, дуьне а муха лаьттар ду а ца хаьара. Хилларг доккха хIума дуйла а хууш, вовшашка а хьуьйсуш, дагахь и башха хала а ца хеташ, тийнна лаьттарш а бара. Кериммий, тIевеъна Тавсолтий йуьстахвелира.

– Бакъ дуй? – хаьттира Тавсолтас.

– Бакъду, – корта таIийра Керима.

– Ма доккха хIума гина-кх вайна! – шеха корта хьовзийра Тавсолтас.

– Цхьацца хийцамаш хила мега хIинца.

– ХIунда?

– Хета-кх иштта сан дагна… Сталин халкъан да вацара – паччахь вара. Ткъа пачахь велча, даима а дика хийцамаш хуьлу.

Керим, цуьнгарчу берзан цIоканна тIе пIелг а хьажош, велакъежира :

– CaгIa хуьлда…

– Ма хуьлда соьгара-м йа caгIa а, йа загIа а цунна-м!

Тавсолтина а хетара цхьана хенахь Сталин халкъан да, къаьмнийн бакъволу тхьамда, вуьззина къонах. Амма цунах дог делира цуьнан, хийланна а дагадогIучу, ткъе вуьрхIитталгIачу шарахь. Ткъа дерриг шен къам, хьарччийна, цо махках даьккхича, Тавсолтас неIалт элира цунна. ХIинца диканехьа хийцамаш хирг хиларх дог тешна а вара иза. Айаделлачу дегIаца вогIура Тавсолта цIехьа, берзан цIока а йахьаш, и дIаэца тахана конторехь стаг а ца хилла: «Велча а зулам дели-кх цунах суна!»… – элира цо, улло вогIучу Кериме.

На страницу:
22 из 34