Оценить:
 Рейтинг: 0

Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам

Год написания книги
2020
1 2 >>
На страницу:
1 из 2
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам
Хьусайн Шовхалов

Кху жайно гойту:Ялсамани Делигара эца езаш хилар.Ялсаманин мехах нийса кхетар.Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.Ялсамани доггаха езначеран масалш.Ялсамане кхачар коьрта 1алашо хила езар.Ялсаманин дуьхьа цхьа а х1ума дукха ца хилар.

Ялсаманин мах

Ялсамани езарх нийса кхетам

Хьусайн Шовхалов

Д1АДОЛОР

© Хьусайн Шовхалов, 2020

ISBN 978-5-4498-9126-6

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ

Хастам бу Аллах1ана вайна Ша вовзийтина волчу. Вайх Шен бусалба лайш динчу. Дикачу 1амалшна бекхамна вайна ялсамани кечйинчу. Вайна иза яккха аьтто бинчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, асхьа?башна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачу стагана а.

Ялсамани!

Ма мерза дош ду-кх иза бусалбачу стагана. Цуьнан ц1е яьккхича вешан са шовкъе долу цуьнга кхача лууш, дог тохало цуьнан дозаллина, синан самукъадолу хазачу совг1атна, б1аьрг белало цуьнан сурт х1иттош, юьхь екхало цуьнан ойла еш!

Дала хаийтина вайна Ша ялсамани кхоьллина хилар. Иза яккха цуьнан дуьхьа бала беза мах а билгалбина вайна Везачу Дала.

Цундела, ялсмани мах вайна схьабостуш, цунах луург х1ун ду билгалла деш яздина аса х1ара жайна.

Нийсачу кхетамал сийлахь х1умма дац. Цуьнга кхочуш цхьа а х1ума дац. Ткъа кху жайница суна лиънера ялсамани яккхарехь бусалбачу стеган хила беза нийса кхетам билгалбан, ялсамани дуьхьа бала безачу механа т1ехь бусалбачу стаге само яйта.

Дала ялсаманин мах д1а а белла, ялсамани доьлхуш самукъадоккхийла вайн. Амин, я Аллах1!

    Шовхалов Хьусайн.

ЯЛСАМАНИН МАХ

Вайх массо ву ялсамани ваха сатуьйсуш. Массарна лаьа ялсаманин ох1лунах хила. Ткъа ялсамани ваха лаар дика ду, бусалбачу стеган иштта лаам хила безаш а бу.

Делахь а цхьа лаам хилча ца тоьа ялсамани кхача. Вайна лаарна г1ур дац вай ялсамани чу, иза яккха езаш ю дика 1амал ярца, цуьнан дуьхьа цхьа бахьанаш леладарца.

Ваьшна цхьа х1ума езча цуьнга са туьйсуш 1ай вай? Ца 1а. Х1унда аьлча иза езаро ца хуьлуьйту, цуьнан дуьхьа вай къа ца хьегча. Х1ора х1уманан кху дуьненахь шен мах бу – я ахчанца, я къахьегарца, я кхидолчу х1уманца. Ткъа хьо цуьнан мах д1абала а ца хьаьжча, цуьнан дуьхьа бахьанаш ца лелийча, хьуна иза даггара езаш ца хуьлу.

Ткъа иштта вайна езаш йолчу ялсаманин а бу-кх шен мах. Цуьнан дуьхьа а дуккха къахьега деза. Ялсамани еза меттиг ю ахь яккха йог1уш, ткъа деккъа «суна лаьара ялсамани чу ваха» бахарх г1уллакх хир дац, къахьега деза вай цуьнан дуьхьа.

ЯЛСАМАНИ СТЕНЦА ЙОККХУ?

Дала ялсамани исбаьхьа ч1ог1а хаза кхоьллина ю. Цунах тера цхьа а х1ума дац, и санна хаза а, дика а, йоккха а.

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Цу чохь[1 - – Ялсмани чохь.] б1аьргана ца гинарг ду, лергана ца хезнарг ду, я адамана цкъа? а дага ца деанарг ду[2 - – Х1айсамий: 10,400.].

Дала хаза кхоьллина ялсамани. Дала ялсаманин куьцех лаьцна дийцина, вайн ялсманица йолу шовкъа ч1ог1а хилийтархьама.

Дала Ша ялсамани муха кхоьллина дукха ч1ог1а юьйцуш, цул сов иза вай муха яккха еза билгал а деш Шен аг1о кхочушйина. Везачу Дала Къуръан боху чохь:

«Делах кхийринчарна хир ю аьллачу ялсаманин масал ду: цуьнан г1аланашна а, бошмашна а бухахула татолаш ду лелаш, цу чуьра даар а, цуьнан[3 - – Ялсамани чохь.] 1индаг1 а даима хир ду[4 - – Ро1д, аят:35.]».

Амма ялсамани йоккхуш цуьнан дуьхьа къахьоьгуш вешан аг1о кхочушъяр вайна т1ехь ду. Ткъа вай ялсаманина т1едуьгу некъ цхьаъ бу – иза Далла 1амал яр бу. Далла 1амал яр ду вай лело деза бахьана.

Дала боху Къуръан чохь:

«Цаьрга[5 - – Ялсамани чу боьлхучаьрга.] малийкаша кхайкхам бийр бу: х1ара ю и ялсамани,….. (дуьненахь) шуна хир ю баьхна йолу, аш йинчу 1амална дуьхьал[6 - – Зухруф, аят:72.]».

Нах ялсамани чубахча, малийкаш дуьхьал девр ду царна цаьрга салам луш, цаьрга ялсаманица кхаьънаш дохуш. Ахь тидам бинехь, цара эра ду: «Аш йинчу 1амална дуьхьал», цо гойту вайна, ялсамани 1амалца йоккхуш хилар. Цундела, ялсаманин ох1лунах хьо хила лууш велахь, 1амал хила еза хьан. И ду ахь ялсаманин дуьхьа лело деза бахьанаш.

Х1ОРА Х1УМАНАН МАХ БУ

Х1ора х1уманан ша-кепара мах хуьлу. Ткъа ялсаманин мах вайна билгал баьккхина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), цо аьлла: «Ладог1алаш, Аллах1а юхкуш ерг еза ю шуна, Аллах1а юхкуш ерг ялсамани ю шуна[7 - – Тирмийзий, 2450.]».

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) хоуьйту вайна Аллах1а ялсамани юхкуш хилар, иза вай Цуьнгара эца езаш хилар, ялсмани мах д1абаларца.

Ткъа ахь мел мах хадийна хьайна езаш йолчу ялсаманин?

Мел бу ахь ялсаманих луш болу мах?

Хьуна ялсамани мел езаре хьаьжжина хир бу цуьнан дуьхьа ахь луш болу мах, хьан цуьнга йолчу шовкъе хьаьжжина хир ду ялсамани дуьхьа ахьа хьоьгу къа. Ялсамани яккха хьоьгуш долу къа – и бу-кх ахь х1оттийна мах.

Цундела, ваьшна ялсамани мел ч1ог1а оьшу хаа деза вайна. Мел дукха дуьненахь дахахь а, даима а хир долчу эхарте д1адаха деза вай. Ткъа эхартахь ши ц1а бен дац: ялсамани (Дала лойла вайна иза), жоьжахати (Дала лардойла вай цунах). Ткъа вай цу шиннах цхьанна чу даха дезаш ду. Вай кху дуьненахь дуьсур ца хилча, эхарте д1адаха дезаш хилча, эхартан мелла а сов ойла ян ца еза вай? Цундела, вай кху дуьненахь ца дуьсуш эхарте д1адаха (кхача) дезаш хилча, цуьнан ойла мелла а сов ян ца еза вай?

Ялсамани кхачархьама къахьега ца деза вай т1аккха?

Кху дуьненахь ма хьоьгу вай къа, х1ара дуьне даккха г1ерташ. Дуьненахь вехаш волчу стага дуьне лаха дезаш ду бах бусалбачу дино. Дуьне дита ца боху шарий1ато. Эхартан дуьхьа а къахьега боху Дала вайга, дуьненан мах д1абаларе терра ялсаманин мах а д1ало боху.

Цундела айхьа ялсаманин дуьхьа луш болу мах мел бу хьажа. Хьо мел сов ваьлла хьажа мелехь йолчу 1амалехь? Къуръан деша х1унда ца 1амадо ахь? Суннат 1амалш х1унда ца ларйо ахь? Баттахь цхаъ кхаьбна а мелана марха х1унда ца кхобу ахь? Къезиг х1ума делла а, сих-сиха саг1а дала х1унда ца хьожу хьо? Цхьана дашца аьлча, айха ялсманина х1оттийна мах мел бу ойла е?

Ойла е, ойла е…

ВАЙЛ ХЬАЛХА БАЬХНАЧАРА ЯЛСАМАНИГА САТИЙСАР

Олуш ду: «Стеган мах цуьнан къамелаца ца хадош, цуьнан леларца хадабе».

Ткъа иза нийса а ду. Къамел хьаьнгга а дало, хала дац иза, амма лело дезарг хьаьнга а ца лелало. Леларо гойту стеган даг чохь дерг. Тахана вай массара а олу «ялсамани еза суна», амма цуьнан дуьхьа къахьегар г1ийла ду вайн.

Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.

Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Робий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу: «Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш
1 2 >>
На страницу:
1 из 2