Оценить:
 Рейтинг: 0

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)

Год написания книги
2023
1 2 >>
На страницу:
1 из 2
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)
Вахит Хаджимурадов

Некоторые произведения данного сборника публиковались отдельными изданиями. В данной публикации читателю предлагается ряд публицистических, аналитическо-критических статей по произведениям современных чеченских писателей и ряд авторских аналитических работ.Х1окху аналитикан а, публицистикан а белхашна т1ехь гойту нохчийн х1инцалера яздархойн произведенеш, иштта авторан а цхьацца публицистикан статьяш.

Хьалимин Йага – Шимин Чора

Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)

Вахит Хаджимурадов

© Вахит Хаджимурадов, 2023

ISBN 978-5-0059-7496-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЛИТЕРАТУРНЫЕ КРИТИЧЕСКИЕ СТАТЬИ

ПО ПРОИЗВЕДЕНИЯМ ЧЕЧЕНСКИХ ПИСАТЕЛЕЙ

Аналитикан статья. «Шимин Чора а, Хьалиман Йага а.»

(Аналитическая статья по некоторым рассказам Бурчаева Халима из цикла рассказов о главном герое Йаге на чеченском языке: «Чора Шимы и Йага Халима»)

Исбаьхьаллин произведенин мехалла хаа лаахь, вай иза юсту халкъан барта кхоллараллица. Произведени лаккхарчу т1егане кхачар ду барта кхоллараллина улло г1ортар, цунах тарьялар, и санна лийрйоцург хилла д1ах1оттар. Лийрйоцург хиллачу произведенех классика олу. Масала, классикин произведенеш ю ала мегар ду халкъан забаре дийцарех. Таханлерчу дийнахь халкъо кхоьллинчу классикан персонажашца буста бог1уш, цаьрца цхьаьна лаккхарчу т1ег1анахь лаьтташ бу, масала, Хамидовн 1-Хь. Бож-1ела, Сутарби, Майма и д1. кх.

Яздархойх, цхьаверг, алссамо къахьоьгуш кхочу оцу шен лаккхарчу т1егане. Шолг1ачун аьтто хуьлу иштта Чора, Молнесарт санна, царех мелла а тера прототип лула-кулахь 1аш-вехаш хиларна васт кхолла. Иштта прототип карийча, иза боккха аьтто а бу. Х1унда аьлча, тоъал шен колорит йолуш велахь, и прототип иштта а хуьлу нахан багавахна а, вевзаш, везаш а, цунах лаьцна барта дуьйцуш а. Яздархо, и бакъ яздархо велахь, 1енлур вац, мел ч1ог1а дуьхьала тийсавелча а, ишттачу прототипах шен персонаж ца кхоьллича а, кехата т1е ца ваьккхича а. Кхин д1адерг яздархочун пох1мах доьзна ду.

Иштта аьтто баьллачух тера ду, шен статьяшца, очеркашца вевзаш волчу Бурчаев Хьалиман. Исбаьхьаллин произведенеш, нохчийн а, дуьненаюкъара а яздархойн кхолларалла теллина ца 1аш, Хьаьлиман дика, чомехь байташ гочьян а аьтто болу. Амма тахана вай мелла хьаян хьовсур ду цуьнан к1орггера пох1ма гучудаьлла кхин а цхьа аг1о, и ю Хьаьлиман проза.

Аса лакхахь ма-аллара, Хьалимна карийна шен Чора, шен Молнесарт. Иза ву цуьнан дийцарийн коьрта турпалхо Йага. Ца хаьа, нийса муха аьлча хир ду, Йагина Хьаьлим карийна аьлча а хир дац харц. Иштта пох1ма долчу яздархочунна каравахан а дац-кхий прототипна а атта.

Муха делахь а, цу шиннан аьтто хилла вовшех кхета. Вайн гур ду Хьаьлиман: «Хала хьеший», «Йагин «кхалхар», «Зударийн саьхьарло», «Талорхой», кхин а зорбане девлла а, довлаза а дийцарийн цикл евзича. Уггаре хьалха Хьаьлиман дийцаршкахь къаьсттина тидам т1ебохуьйтург иза к1орггера нохчийн мотт хууш хилар ду. Ала деза, Хьаьлим университетан студент волуш дуйна нохчийн мотт ц1ена бийцарца, аса тидам бина ву. Лаьмнашца 1аш болчу кегирхоша оцу хенахь а буьйцура г1олехь ненан мотт. Ткъа х1инца Хьаьлиман кхоллараллехь нохчийн мотт тоьллачех цхьаъ бу.

Цуьнан дийцаршкахь юкъара кхин цхьаъ а ду. Цо ч1ог1а говза пайдаоьцу нохчийн халкъан барта кхоллараллах. Масала, Хьаьлиман «Зударийн сахьарло» дийцарехь цо пайда эцна зударех лаьцна нохчийн ширчу забаре дийцарех «Зудчо саьрмик къарбар», «Хи чу кхоьссина зуда майрчо хица хьала лехар». Амма авторо уьш а, кхиерш а (забарш, бегаш, аларш) шен дийцаршна юккъе тегна тай сел дуткъа хиларна, вай боккъал а теша шадоллучун автор Хьалим хиларх. Иштта говза нохчийн халкъан барта кхолларалах пайдаэца хаа а оьшу йоккха майралла. Х1унда аьлча, хьан произведени барта кхоллараллица цхьана т1ег1анахь лаьтташ яцахь хьайн пох1мех хьо тешна вацахь, и санна долу зеделларг юьхьк1абоцуш дерза кхерам болуш ду. Амма Хьаьлимин Йага а ву озийна оцу барт кхоллараллера схьаваьккхича санна, авторо шен хьекъалца цуьнан васт кхоьллинехь а.

Композицин кхин а цхьа киртиг ю Хьаьлимин массо а дийцарийн вовшашца уьйр кхуллуш. Рог1ера дийцар чекхдолуш Йагин Бийтар-эвлахь а, гуонаха а ца хууш ца дуьсу х1окхуьнан рог1ера «хьуьнар». И рог1ера Йагин хилам цуьнан юьртахоша а, ешархошна а, дан, лелон нийсадоцург, нийсадерг гойтуш, къастош, масала хуьлий д1а а х1утту. Оьрсийн туьйранахь кхаа вешех жимахверг санна, хьекъал к1езиг ду моьттуш хилла Йага массарел а хьекъале кара а во дукхахьолахь, чаккхенгахь. Баснехь санна, жам1 деш чекхдолуш а нисло Хьаьлимин дийцарш шадерш бохург санна.

Йагас шен мискачу ц1оканна та1зар деш гойту адамашна шайн кхачамбацарш. Юьхьанца, кхин башха ондачу дег1аца а, ницкъаца а къаьсташ воцу Йага, наха деш дерриг дан г1ерта пекъар Йага, дикка собар а, оьздангалла а гойтуш чекхволу дукхахьолахь. Аьлча а, къонахчун амалш а гойтуш. Масала, «Хала хьеший» дийцарехь Йагас Деле вехна нисвелла кхоъ хьаша маликийн амалш х1окху дуьненчохь юй хаа хьекъал тоьуш а бац. Нохчийн г1иллакхехь хьаша т1еиэцаран шен аг1онаш ю, ч1ог1а ларо езаш: хьешана, г1олехьа кхача х1оттор, г1олехьа вижа-сада1а меттиг хилийтар, иза ларвар и д1. кх. Амма хьешан оьздангалла а ю кхин к1езга декхарш техь доцуш. Ткъа Йагина нисбелларш хьеший бац, уьш адамийн юкъметтигийн сакхташ, цамгарш ю. Шен говре ша х1аллакъяйтина Йагин йол-м Мохьадис шина кепекан мах а ца хетта. Иштта гойту Мохьадина хьешан оьздаллин декхарш шена хийра хилар. Шозлаг1а, Йага волчу кхаьчна хьаша Бух1ади, юьхьанца хьа. ча, дийцаран бакъахьа турпалхо ву. Ч1ог1а г1иллакхе, оьзда къамелаш деш, Гилас оьздадоцург дийцича а, собарца сатухуш гойту цо ша. Ламаз дар а ду цуьнгахь вайн ойла т1еерзош, цунах бакъахьара стаг веш. Амма дикка цуьнан суьрте хьаьжча вайна тусало Бух1ади оцу шен ламаз дарх «байракх» а йина лелаш хилар, ша дика стаг хоьтуьйтуш, вай говза 1ехош хоьтуьйту цо чаккхенехь. Коьртаниг, хьешан декхарш кхочушдеш цо лело кеп еккъа ц1ена кеп а хуьлий юьсу.

Кхозлаг1а хьаша, Гила, иза-м х1инцлера ун ду, цамгар хилла а ца 1аш. Цхьа меттиг бу дийцарехь Гила, цхьана геннарчу хенахь, мелла а делахь а г1иллакхах, оьздангалах хьакхалуш хиларан. Ша дика мелла а волуш, киснахь доллуш къаьркъанан шиша а долуш Йага волчу хьошалг1а кхаьчначу Гилас, и шен киснара къаьркъан шиша «чохь берашна ца гайта», олий пурхахь хьулдо. Амма и х1усамехь а, къаьсттина оцу х1усаман хьешашца а, оьзданиг к1езиг дуьйцу цо, ша бен кхин стагга а кху чохь воцуш санна. Вехна стаг, молуш волу стаг – иэхь а, оцу иэхьаца шен са а дайъина стаг ма ву. Ша схьаваре терра, бодано д1акхаьллича санна, къайла а волу иза, 1уьйрана х1усамден 1одика яр а доцуш.

Халчу хьешех лаьцна Йагас жам1 деш дош олуш чекхдолу дийцар.

«Йагин кхалхар» дийцарехь Йагас мелла а жоп ло Гила санна цомгуш нахах хиндерг гойтуш.

Ма вайн дай бацар-кха, къаьркъанаш муьйлий, тентагбуьйлуш, 1аьмнаш чу иэгаш, шайн хечеш яшош, лайла оьгуш, шайн бедарш бехъеш, шаьш г1орош лелла. Стенгара кхечи къомана кхераме цамгар, ун? Х1унда т1еийци вайн къомана векалша иза а, кхин а ц1ена доцург?

Шен стуншичийна зуда ялийнчохь сакъийрина базбелла корта бохьуш кхочу Йага, шен коьртана «дарба дан» кафе. Кхузахь дика гайтина авторо, вайн къомана хийра хиллехь а, х1инца вайн ц1ийх д1аиэн а гена йоцу алкоголхойн «барта кхолларалла». Йагас а, кхуьнан пурбанца х1ара 1аш волчу истолана гуонах д1атарбелла вукху кхаамо а, къаьркъанан 1аь юкъахьа хьаьвзий, сихха «гергало» тосу. Сих-сиха достучу къаьркъанан шишнаш чуьра, шайт1анийн ловзар санна, даьржа х1окхеран гуона юккъехь а сакъерадаларан сурт. Оцу суьрто 1ехавой, Йагас а олу кедан дешнаш (алкоголхойн кхуьуш йолу барта кхолларала) «Ма долийла синачу бай т1ехь ц1ен зезаг, ша мохе техкадойтур делахь! Ма молийла к1анта къаьркъанан стака, ша цуьнга леставойтур велахь!» И дешнаш «доттаг1аша» ч1ог1а безамца т1еоьцу, я хета иза иштта… Дукха дах-м ца ло и сакъерадалар а, шайт1анийн ловзар санна. Тиларчу вахча санна, маларо баьхьна корта истола т1е биллина 1уьллу Йага меттахвоккху, кафе чуьра ара а воккху. Х1инца оцу меттехь гойту Йагех дийцаран авторо, х1окхунах х1ун адам дина шишана чуьра шайт1ано. Ша мила ву а ца хаьа, стенгахь ву, стенга ваха деза а! Я цхьанхьа а ваха де а дац цуьнан, базбелла даш хилла корта, дазделла дег1! Къонах, нохчийн къонах вужу лайла, къонах аьлча а, къонахчух дисина сакхат! Шийлачу махкахь хийла и санна пекъарш бисина даиманна а оцу лайшкахь. Вайн махкахь иштта шийла ца хилахь а, иштта корта байъина стаг д1акхалла де доцуш-м дац и вайн 1а а. Делахь а вайн махкахь х1инца а дукха бисина доглазам болуш, адамаллех буьззина бакъ нохчийн къонахой а. Царех цхьаъ ву дийцаран турпалхо Асланбек а, цо лай бухара воккхий, шен хьаша во, некъан йисттехь 1уьллу Йага.

Асланбека гихь, текхош, шайн сов ц1а чуьра лохуочу дечиган маьнги т1е кхачийнчу Йагина, г1ан го ша велла! Беламе говза гойту Хьаьлима шен дийцаран и дакъа а. Амма, вай и йоьшуш делакъежаш делахь а, саготта дуьтург ду – вайн синхаамехь Йага наб кхетта бен вацахь а, хууш ду иза ша-шена а, шен уллрчарна а велла ву боккъала а, иза дуьззина адам дац, амма оцу адамах йисина цуьнан харц, вуон аг1о ю.

Хьаьлимна шен пекъар, дийцаран турпалхо Йага, везаш хиларна, цо-м иза, кхеравой, меттавалаво, вайна шен Йагех къа а хоьтуьйтуш, шена санна.

Кхузахь а, Йага кхеро, Хьаьлима говза композицин сурт д1анисдеш пайдаоьцу халкъан барта самукъане доцца дийцарх. Йага, вуочу г1ан-набарша хорам бой, хьовзавой дечиган маьнги т1ера чувужу, керчий, маьнги к1елахь пенах мара д1аг1уртий, кхин ваха меттиг боцуш вуьсу иштта 1илла. Кхераваларо самаваьккхинчу Йагина тарло, ша боккъала кошахь ву аьлла. Иза уггаре а ч1ог1а кхийринаг т1екхечи Йагина: малар кийрахь долуш валар! Йагин оцу дог-ойлано а вайна гойту, иза кхеташ хилар, ша къаьркъа муьйлуш ша шен х1аллаквар Дала хьалха а къилахь дуйла цунна хууш хилар а. Делах цуьнан озаваларо а гойту, иза велла д1аваьлла стаг воций а.

Асланбека шен х1усамненаца, маьнги к1елхьара дуьхьалатийсалушшехь, хала озийна схьаваьккхинчу Йагина гина сурт дахар ч1аг1деш ду. Эзарнаш адмашна х1ора дийнахь гуш, уьш цец ца дуьйлу сурт: чоь, кор-не1, истол, г1ант, маьнга, т1ех1оьттина дийна х1ара санна ши адам. Гуш, буьрса жоьжахатин ц1е а йоцуш, тамехь эсала йовхо луш нохчийн пеша чохь догу дечиг. И ц1енчу дахаран хаза сурт ду, Йага цига юхакхойкхуш санна гуш. Х1ора Хьаьлиман дийцаран баснехь санна жам1 деш нислучу чаккхенехь санна, Йагин оцу чоьнах самукъадаларо цунна дахарх чам карлабаларо гойту Йагин коьртехь мелла а дикчу аг1ор хийцамаш хиллий.

Мелла а историн аг1онаш гайтина а ца 1аш, оцу тоьшаллийн Йагин г1оьнца, шена хетарг, шен дуьне гар вайна довзуьйту Хьаьлима «Талорхой» ц1е йолчу дийцарехь.

1993 шераш хала а, декъаза а киртиг яра Россин пачхьалкхехь. И дамар цу хилла яхана яра советан империи, шена т1аьхьа ийзош яра цо, Росси а. Ахдуьне д1алаьцна лаьттачу пачхьалкхан массо маь11ехь карзахбевллера талорхой, зуламхойн тобанаш. Акха капитализм яра шен ира, луьра к1омсарш къерзош пачхьалкхана. Оцу хенахь, суна хууш, 1аламат онда зиэнаш дара Читински областина а, Китай пачхьалкъана дозанехь Аргунь ц1е йолчу дозанан хи техь, Краснокаменск-г1алахь. Сецош ц1ерпошташ, вагонаш яссаеш, шайна г1аролаша дуьхьало йича, и вагонаш ц1е туьйсуш ягош, та1зар латтош бара цигара талорхой. Оццул йоккхачу пачхьалкхехь масане хилла хира ду и санна масалш. Талорхоша лелориг-м берийн ловзар дара. Заводаш, фабрикаш, мехкдаьттан, газан дийнна отраслешан керла дай буьйлуш бара, беламе, к1еззиг мехаш луш, уьш шайн долайохуш, караерзош. Иштта инзаре къиза а, хала а вайн пачхьалкъана т1ех1оьттина хиллачу киртигах цхьа жима цинц бу Хаьлима «Талорхой» дийацарехь хьабинарг.

Кхечу аг1ор хила йиш а яцара, Нохчийчохь да воцуш, адам доьхна, шаьш х1ун дан деза ца хууш лела хан ю иза. Белхаш боцуш, генара белхаш боьхна, алапаш доцуш, къам б1арзделлера, оцу къомана юккъехь собар к1езиг дерш, аьрха нах а нислора.

Шен дийцар долош, Хьаьлима юьхьанца гойту вайна, мела а оцу къизчу хиламашна йистехьуо нисбеллачу ламанхойн 1ер-дахар.

Йагин Бийтар-эвлахьцкъачунна тийна дара. Эвлахь кест-кестта д1айоккхучу токуо а, лахара хьала хезаш долчу къамелаша гойту х1окху тийналлина а т1ег1ерта йоккхачу пачхьалкхехь а, къаьсттина Нохчийчохь, хилла хийцамаш, бохамаш.

Амма Хьалима кхуллу метан говзачу исбаьхьаллин г1ирсашца шатайпа сурт, хьалха санна коьрта турпалхо Йага а волуш, кхоьллина басарш ма-торру юьстаха а тоьттуш. Беламе дийцаршкахь бохаман суьрташ гайта къаьсттина дика пох1ма а, йозанан говзалла а, адамийн амалш евзаш а, адам дезаш а хила веза яздархо. Ткъа Хьаьлим х1окху дийцарехь дика ларавелла и декхарш кхочушдеш. Цо беламе гойту цхьаберш, иза доггаха воьлу вукхарах, амма яздархочун беламна юккъехь, дикка цуьнга ладоьг1ча, къаьста оцу адамах цуьнан шен дог лазар а, боккха къинхетам а.

Йага-м шен зудчо Босбикас лелийначу урда т1ера далараш санна йолу хьаьжк1аш чуерзийна, оцу рицкъанах а воккха а веш 1аш вара. Амма Йага санна болу ламанхой карзахбоху лахара рицкъах йоьттина машенаш цхьаберш хьалакхийла боьлча, Йагина дагайог1у хьалха обаргаша Теркал дехьара кхийлина реманаш. Яхье волу шен доттаг1ашца Хьаппица, Мушуца, Шовхалца а. х1ара, наха лелочуьнга хьожий, ойла ца еш, юкъаг1урту, ткъа цунах х1ун хуьлу вайна гур ду дийцаран чулацам вай теллича.

Гуьмсе-г1ала Йага д1акхаьчча, цецволий вуьсу. Ерриге а Нохчийчуьра гулделла адам хуьлу, аьчканекъан бохалла д1а а, схьа ц1ераш ягош 1аш. Х1оккхузахь ву Йагин кхоъ накъост а, цара шайн доттаг1чунна хьоьху вагонаш т1ера х1ун мехала ю а, яц а.

Йоттуш шашлык а хааели, малар а ду, шелонца къийса атта хилийта. Беламца гойту яздархочо кхузахь адамийн амалш талхар йоццучу хан-заманахь. Иза гайта аьтто болу х1окху наха, синкъерам бу бохуш оцу юккъехь маьттаза лела адамаш, дуьйцу къамелаш гайтарца. Къоман сийлахь йолу амалш, оьздангаллаш хьоьшу кхуза гулделлачу адамо. Схьахетарехь, иштта кхин генадалахь Нохчийчуьра массо маь11ера кхуза схьагулбеллачу наха, берриге махкахь даржор ду и къам маьттазадоккху долу х1у! Иман даржош йолчу халкъан институтан векалш а хаало йистехьуо назманаш олуш. Йагин аьтто а болу цаьрга хаттар дан. Халкъан оьздангалла яржош хуьлучу синкъерамехь шена цакарийнарг а, лоху Йагас дешначу нахехь. Амма кхуза гулбелла бакхий нах а бу шайн рицкъ кхузахь ду моьттуш, Дала шайна делла. Шайна бег1ийла хеттачу аг1ор дерзадо цара, рицкъа х1ун ю аьлла, олучух шаьш кхетар а. Ц1ера арадаьхначу хенахь шайгара даьккхина, лулара къаьмнаша шайна дерзийна рицкъ а долучух тера ду цхьаболчарна х1инца а дагадог1уш. Уьш бу и рицкъа ц1ера арадаьккхинчу къомана Дала х1инца юхасхьахьажийна моьттуш, шайн дог оцунах 1ехадеш. Милла ца дала а, шайна мелана а олий, оцу адамаша-м зуькаран ч1уг а хьовзайо.

Х1инцале а шайх дог даьккхина, шайн харц дог-ойла гайтина нах, ц1ерпошт генна 1аьхаш хезча кхин а ирча беламан суьртаца гойту авторо. Чуетташ яккхий тоьпаш елахь а, юкъахдоккхуш доцу ламаз санна, деза лоруш долу зуькар деш берш, цхьамма омра дича санна, совцу. Уггаре инзаре беламехь ду, оцу Далла г1уллакъдеш болчу баккхийчу наха, ц1ерпошто дохьуш дерг шайна зуькар дарна мелана дохьуш саг1а ларар. И нах-м болчух тера дац ялсамане т1е кхаччалц хьежа шайн зуькарна ял схьаэца.

Амма оцу т1ехь а авторо гойту кхин а къиза а, беламе суьрташ. Чухецаделлачу адамаша сецначу ц1ерпоштан вагонийн не1арш йоьллу, дог1анаш дохош. Чухьаьддачу адамо когаш к1ел воьжнарг а г1атта ца вуьтуш, хьоьшу, т1е когаш бохуш, т1ехлелха уьш вагонашна чу. Ткъа дамех юьззинчу вагонан мах а къиза хадабо цара: «Ж1аьлеша даарг, деккъа цена дама бен дац кзу чохь-м!»

Уьш ду-кх ц1ера арабаьхначу хенахь мацалла лайначу нехан бераш!

Йага а ву хьеребирзинчу наха шен б1аьргаш чохь шайн къиза це латийна, б1аьргах сара кхетча санна, д1асауьдуш. Х1окхунна а, шайн зеделларг долчу накъосташа ма-1аммора, ца деза дама! Мандаринаш! Шекар! Амма репортеран буйнарчу кинокамерина т1еветтало иза. Уьстаг1ий чохь долуш вагон ю аьлла хезча, цига а хьоду Йага. Амма оцу адамашна массарна а дан дог1ург шен Йагина т1ехь до авторо. Вагон чуьра аракхуьссу уьстаг1ий д1асаидош ду адам, Йагас, катухий, биъ ког а лоций, шен гитуху уьстаг1, амма х1окхуо уьстаг1 бу моьттуш ги тоьхнарг и усьтаг1ий лардеш хилла ж1аьла хуьлу. Адмийн юьхь яйъина, ж1аьлин кепе дирзинчу адмана дог1урш шаьш санна ж1аьлеш ду! Оцу адмалла дайна хьийзачу адмашна дог1ург кхин цхьаъ а шен Йагина т1ехь гойту Хьаьлима. Наха шайн дезар дина висинчу вагон чохь шена ижу лаха вулу Йага. К1адех, пхьег1ех а ца вешачу Йагина хаало ц1ерпошт д1айоьдуш. Х1ара чукхоссавала ца кхуьуш ц1ерпошт чехка йолу. Йага х1инца Дег1астанера дозанахь лаьттачу 1едалан белхалошна нийсса кера д1ахьош ву. Ша саннарш алссам хиларна, Къедин-юьртахь сацийначу ц1ерпоштан керара волий, г1аш ц1ехьа лаьмнашка вог1у Йага.

Дийцар чекхдолуш, кхечу дийцаршна санна, жам1 дар, чаккхенца олу дешнаш кхин хьехаме дацахь а, к1оргга маь1на долуш ду, дийцар дешнарг бен кхетар воцуш а ду.

«Къедин-юьртахой санна, дика нах кхечу ярташкахь бу аьлла хеташ-м вац со!» – Йагин ойланца дерзадо шен дийцар Хаьлима. Къедин-юьртахой-м шаберш а вон хуьлийла дац, ткъа диканаш буй Йагас хестораш?

Доцуо делахь а, мела а философин чулацам болуш а ду Хьаьлиман «Зударийн саьхьарло» ц1е йолу дийцар. Дика делахь а, вон делахь а, кхин 1алман суьрташца басарш ца кегош, шена дика евзачу адамийн амалшна, дог-ойлана т1е тидам бахийтина авторо х1окху дийцарехь а. Кхин цхьаъ а ду, вай хьалха ма-къасттора, Хьаьлиман шен дешан говзаллица аьтто баьлла х1окху дийцарехь а, нохчийн къоман барта дийцарех пайдаоьцуш, шен дийцаран чулацамца дийна цхьаъ хуьлуьйтуш уьш иэдан. «Зударийн саьхьарло» дийцарехь Хьаьлима пайдаэцна шина нохчийн забаре дийцарх.

Х1окху дийцарехь Йагица цхьана жигара дакъалоцуш ву х1окхуьнан ши накъост Шовхал, Хьаьппи. Сюжетан коьрта ойла хьаьвзи зударийн, божарийн амалш самсаяхарна гунаха. Йагин зудчуьнга Босбикига мукъна а дош ца кховдош, и амалш кегошберш шаьш божарий бу, цундела куьгбехке лоруш а х1окхара зударий бу. Кхузахь еккъа ц1ена божарийн монологаш а ю. Амма коьрта сюжетан сиз ду, зударех Йагин накъосташа дуьйцург, х1ара хьовзош-тусуш, шен Босбикина чу а хохкуш, шайн жимма самукъадаккха лерина х1оттош кеп. Йага-м кхета мегар дара, шен накъосташа, шаьш бакъ хиларан тоьшаллина, далош дерш халкъан забаре дийцарш хилча, уьш бегаш буй. Амма и ца тешаран авторо хьалха х1оттийна 1алашо а вайна дийцаран чаккхенехь гучудер ду. Цкъачунна-м Хьаппис, Йага зударийн саьхьарлонах тешийта, дуьйцучу инзаре хаза беламе дийцарех 1ехавелла. Хьаппин дийцарехь зудчо-м ша саьрмик болу ор чу кхоьссича а, и т1е а ***й хоьхку. «Саьрмикна х1ун ю зуда, цкъа кхаллал х1ума бен яц!» – ойла дага ца йог1у Йагина, иза-м х1инцале а Босбикех цатешаман бух кхуллуш ву ойланашкахь.

– Уьш-м туьйранаш дара! – боху Йагас, амма оцу туьйранах иза теша кийчча ву. Оцу шен тешам т1ехь иза ч1аг1веш, Хьаппис дийцинарг бакъдеш, Шовхала а дуьйцу халкъан дийцар шена хезча-м ца олу Йагас «уьш туьйранаш дара!» Цо хазахетарца, т1араш тухуш, т1еоьцу иза. Х1инца иза дика тешна вог1уш ву шен Босбика а царех цхьаъ хиларх. Йага ч1аг1о йолуш тешийта, Хьаппис кхин а т1етуху, зударша, йо1 ненан ирс лоруш, к1ентий ца бо, олуш дицарца.

Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.

– Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду, – ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.

Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.
1 2 >>
На страницу:
1 из 2