Дахаран туьха. Роман
Акаев ИсмаIал
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха
Роман
Акаев ИсмаIал
© Акаев ИсмаIал, 2021
ISBN 978-5-0055-6573-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Сан да Акаев Наурдин а
(Заурбекан васт),
нохчийн шина тIамехь
бехк боцуш эгна адамаш
а дагалоцуш…
Бакъдерг – тIеман хьалхара мостагI
ДЕШХЬАЛХЕ
ЯХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ
(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)
Оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна еш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а юкъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»
Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, яздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?
«Са хуьлуш дара. Юрт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш ю ешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.
Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.
Автор кхета ешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.
Романехь дукха дуьйцу дахаркъобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар – иза стеган уггаре а йоккха мехала ю. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, я вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо ю – бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш яц, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.
Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.
Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.
Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-ярра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш – мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.
«Дахаран туьха» романан сюжета кIорге ойла йойту селханен, таханенна бIаьргаш боьллуш, кханене сатийсам кхуллу. Вайн тIаьхье – иза вайн дIаэхначу дайн хедар йоцу зIе ю.
Вай мел лайнарг а, хIинца дахар санна хеташ тIе мел лоцуш дерг а цхьаьна лаамца доьзна ду – дуьненчохь ваха болчу лаамца. И лаам бу Акаев ИсмаIалан массо а турпалхойн дагчохь. И лаам безам санна ницкъ болуш а, кIоргера а бу. «Безаман ницкъ – иза дош ца олуш, вовшех кхетар, вовше довзар ду. Безам даима нуьре хуьлу бIаьрхийн а, сатийсаман а, васан а серлонца. Безам а, Iожалла а цхьаьна богIуш ши кхетам бац. Ткъа цу безамо Iожалле а шен маттахь къамел дойту, иштачу безамах олу адаман безам. Дала похIма деллачунна бен хуур дац лаккхара безам бовза. Са мел кхоьллина хIума деза хууш шегахь адамалла ерг бен хир вац»
Ишта йовзуьйту автора шен ешархошна безаман къайленаш. ХIара ерриге а роман нохчийн къоман историх юьйцина ю. Цунна тIебеана хилла уггаре а беза баланаш – махках дахар а, нохчийн ши тIом а кху романан агIонашкахь деган Iийжамца йовзуьйту автора, политически шалхо йоцуш, ма-дарра бакъдерг дуьйцу цо, ешархойн ойланашкахь кхоллаелла муьлхха а шеко дIайоккхур йолуш.
Цкъа мацах Ясперс Карла аьлла: «Ша вовза а, шех кхета а луучунна лаьа историх кхета а». Шеко йоцуш нийса луьйш хилла иза, хIунда аьлча мел къаьхьа иза елахь а истори истори хилаза ер яц. Ткъа кху романехь ешархойн аьтто хир бу нохчийн керла истори цуьнан ерриге а къаьхьаллица ма-ярра йовза.
Декъаза кхолламех юьзна ю и роман, амма хIете а хIора турпалхо мел хала киртиг тIехIоттарах собарах ца вуху, дахаре йолу шовкъ дIа ца йолу цуьнан. Кху говзаран исбаьхьаллин васт шалхонаша лаьцна дац, иза цIена ду, сирла ду.
Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика евзаш хилар. Цара дIалоцу ерриге а роман.
Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш ю. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.
«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла яханчу замане тIай туьллуш, ешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.
Ас Iалашо ца хIоттийнера критика ян, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима ешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр ю аьлла а хета суна.
Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма французски Iилманчас а, философа Жан-Жак Руссос ма-аллара: «Замано гойтур ду»
Ярычев Насруддин, историк
ЮНЕСКО литературни кхеташонан
кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.
Авторан дош
БисмиллахIир-рахьманир-рахьим. Алхьамду лиллахIи раббил Iаламин.
Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.
Дахаре бIаьрг беттар яздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – Iожаллан сурт дуьллучул.
Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен ерриге а къаьхьаллица.
Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.
Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.
Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр ю аьлла.
ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.
Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна,
– амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.