Оценить:
 Рейтинг: 0

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Год написания книги
2021
<< 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 >>
На страницу:
5 из 10
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
– ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.

– Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссаелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазян гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду – нахана юкъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна юкъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч яьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь ю. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана еттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.

Нахана юкъахь соцунгIа хилира. Ткъа юха Зарганан мардас дош дийхира:

– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме еана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна юкъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха езаш ю. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика евза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хаIра гIуллакх къасторан урхаш соьга а елла, ас уьш юхаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.

– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.

– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи – нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхи болу тешаш ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна еттар бен гина боцуш санна лелаш бу – гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь.

Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин юкъараллехь ишта дика цIе яккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.

Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:

– ХIун де вай хIинца?

– Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…

– Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – ИбрахIиман дешана юкъаиккхира Абу-Хьаьжи.

– ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, – долийра шен къамел ИбрахIима – нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана юкъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш.

ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.

Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш – суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.

Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха юкъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.

Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха юьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIант1ехь ишта дуй баа беза, – нагахь санна шайн йишица, я шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…

И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча яьккха еза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, я шайн тайпанера зуда, я йоI сийсаза яйта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна юкъахь машар хила а кхин агIо яц шуна.

Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш я, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна.

Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна яха юьтур ца хиларах.

ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.

И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо

– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…

– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь яьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.

Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш дац Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца.

Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.

Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а яьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:

– Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI езаелла хилла цунна.

ЙоIа дош дела хилла кIанте йогIур ю ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза Iемина хилла даима шена езарг яьккха. Цо дукхозза а захало тIехьош хилла цу йоIана, амма хIоразза а йоI ехна ю, дош делла ю олий жоп догIуш хилла дуьхьал.

Цкъа талла ваханчохь йоьIан везар тархатIера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена тIаьхьа инзаре даккхий тIулгаш чу а эгош. Цу тIулгаша тIетаIийна Iуьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког тIулгаша юкъаIевшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара. Шен езаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен езаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира езар йолчу иза шен безамах ша мокъа юьту, кхечуьнга маре яха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца еллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур ю аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:

– ХIинца-м соьх яьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.

Оцу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а яьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:

– ХIинца со цIена ю! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…

– ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу ял оза терза карор доцуш еза ю шуна. Ойла е, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.

Юха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.

Заурбекан доьзалехь юха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса юкъаяьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.

Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу юьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЮхьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистяьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа яхьаш йогIур юй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.

Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:

– ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъелахь хьайгахь!

Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь.

III

Юха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьртана тIехула шен сийналла яржош. Заурбекан кертахь юха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна маIьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а яцара.

Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, юьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда еса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима юьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а юкъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун юьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.

Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш юха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша араьяккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна яьлла хаза йоI.

Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьаялош веанчух цхьаммо иза дIахIотта еза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.

– Цара хIун леладо, – бохуш гIовгIа хезира адамашна юкъахь.

Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, яхана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша яшийна шен къона, хаза юьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан яьлла елахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана юйла. Цуьнан кхоьлина юьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах яла, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна юккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:

– Со кху йоьIан нана ю… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла ерг, суна а де…

Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.

– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза яккхахь!

Хедас елакъажарца марйоьллира шен йоI:

<< 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 >>
На страницу:
5 из 10