Оценить:
 Рейтинг: 0

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Год написания книги
2021
<< 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 >>
На страницу:
6 из 10
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган. Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.

Божаршна юкъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а ялийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна юкъахь харжам а хIоттийна бара нана, я йоI хьанна кхочур ю. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.

Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина юххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:

– Ас Делах дуй ма буу, кху керта еана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна я, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…

Араяьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена йоI.

– Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана – йоьлхура йоI.

– Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр яц хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша ю, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь ю хьуна.

Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу еа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.

ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза ян шайн йоI ялош баьхкинарш, корта хьалаайа юьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла ян бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Юкъараллехь шен цIе ларъярхьама, шен сих яьлла, шен хьоме йоI сийзаян нехан кара дIаеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла яра – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?

Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.

Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира

– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.

Минот а ца елира хьеший шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, юьртара къайла бовла. Юха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестира. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу яьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла яра цара елхош ерг. Кхузахь минот хьалха хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта кураллица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан яьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.

ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:

– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!

Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:

– Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.

Буьйсано юха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…

Эскар

I

ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.

ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана юкъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…

Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.

Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а яцара.

Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, еара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена яра гуьйренан стигла, ма цеIна яра ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, юьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а яра ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.

– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – яло, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрагIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…

Абрек-м дIаэккха кийча яра, ИбрагIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрагIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуялийра ИбрахIима говр…

Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа яа хIума ялар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.

– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар яц – забар йора ИбрахIима.

Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха еара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана юкъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна юкъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.

ИбраIхим чоьхьа ваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.

– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира – со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат язда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.

– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.

ИбрахIим юьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Юьхьанцара хеталора ма шийла яра кIентан а, ден а Iодика яр, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.

Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…

Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.

Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIеяххана илли.

Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Соьлжа-ГIала дIабахара гуларийн пункте.

Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца юьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна юкъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна юкъахь долу доза.

Шатайпа яра хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла яцахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш яра нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-яI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссаяала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.

ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу юхатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза яла хьаьхначу Афганистанехь яьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.

Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, юха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла еш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.

ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна евзира шайн юьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна яьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI яра Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана яло. Хьава тахана кхуза еанера эскаре шен ваша новкъаваккха.

Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал еш лаьттачу Хедас, ела а къежаш, ИбрахIиме элира:

– Гирий хьуна мел хаза йоI яра хьайга хьоьжуш?

Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м юха а шенаг дуьйцура:

– Дер ю Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.

КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера ю. Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.

ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна юкъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.

Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане яьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецаелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.

<< 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 >>
На страницу:
6 из 10