Хьехархочун дийцар. Дийцарш
Вахит Хаджимурадов
Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.
Хьехархочун дийцар
Дийцарш
Вахит Хаджимурадов
© Вахит Хаджимурадов, 2023
ISBN 978-5-0059-7226-2
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Хьехархочун дийцар. Дийцар.
– Со 1аш-м г1алахь вара. Делахь а, хьалха юьртахь 1ийна ву. Цундела юьрта вухаверза дог дара сан. Юьртара ишколашкахь хьехархой ца тоьуш бу аьлла а хезинера суна. Амма г1ала д1асалелан кхуьур вац х1ора дийнахь. Ахь цкъачунна, чохь 1ен г1ишло, я цхьа чоь хилийтича, шун ишколе балха х1отта лууш вара со, – кхетийра ас, корта, хьарг1анан мас санна, 1аьржа басар бинехь а, дикка хан д1аиккхина волу ишколан директор Махьмад.
– Х1ун болх бина ахь? – хаьттира Махьмадас.
– Со ткъа шарахь сов оьрсийн мотт хьоьхуш хилла, амма ас чекхъяьккхинарг-м филфакан нохчийн отделени ю. Нохчийн мотт а хьеха лууш вара со, – сайн ойла йовзийтира ас.
– Бакъахьа хир ду. Оьшу тхуна-м оьрсийн меттан а, нохчийн меттан а хьехархой. Кортира а нисйийр ю, юьртан хьаша вина т1е а оьцур ву. Ткъа мел урокаш лелалур ю хьоьга, мас сахьт деза хьуна? – ч1ог1а реза хилира ишколан директор, самукъадолуш шен 1аьржа ц1оцкъамаш, «1аьржачу» к1ужале кховдийра Махьмадас.
– Сан шуьга цхьа дехар бен, кхин дехар дац. Урокаш а, сахьташ а шайна бакъахьа хеттарг хилийта, суна шун юьртахь оьшург – чохь 1ен г1ишло ю. Кхин дехар дац сан, – элира ас.
– Иза-м даккхийчех дац. Кортира хилийта-м ас дош ло хьуна. Сентябрь болабелча балха аравала, чохь 1ен меттиг ас сайна т1елоцу, – дуьззина дош делира директора кхин цкъа а.
Иштта д1аболабелира ас оцу ишколехь бина болх. Юьртан йистехьо, 1ежийн бешахь динчу ц1а чохь 1ен меттиг а нисйира суна директора, ша ма-аллара. Со новкъахь вог1уш дуьхьалкхетча, шен машен сацайой, охьавуссий, маракхеташ салам-маршал хоттуш, ч1ог1а г1иллакх х1оттадора соьца Махьмадас. Хьехархой а, шаверг санна, г1иллакхе, т1екаре бара соьца. Нохчашна юкъахь воцуш дикка хан яьлла волу со ч1ог1а г1адваханера ц1еначу нохчийн г1иллакхех. Бераша лелош долчу г1иллакхах а воккхавина а ца волура со.
Дерриге талха доладелира со лулахь нисвеллачу, шовзткъа шаре ваханчу Сайдас бинчу бегаш т1ера. Со лула веъна аьлла хезначу Сайдас шен х1усамнене, Малене, жижиг-галнаш дайтинера. Со х1усамдеца суьйрана раг1ук1ела х1ума кхоллуш 1аш, чуьра аралилхина цуьнан бераш дуьйлира ловзуш, г1овг1анаш ян.
– Д1адовла цигара, г1овг1анаш ма елаш! Х1ара кестта шун ишколан директор х1уттур волуш ву. Т1аккха кхо бийр бу шун болх, – бераш кхерийра Сайдас шен дагахь.
Дага-м деарара суна: «Деллахь, ма марахдовла мегаш жижиг-галнаш ду-кх х1орш!» – аьлла. Амма дан х1ума дацара: дош, аьлла даьлча, духадерзо йиш яц, цунна сиха т1емаш довлу. Т1емаш довларал сов, иза эрча а долу, кхечу нехан матта т1е мосазза дужу.
Ши-кхо де юкъа ца дуьйлира завучийн соьца йолу юкъаметтиг, озийначу 1одан пха санна, юлаяла. Тамашийна хеташ делахь а, оцу ишколехь багарбина ца валлал бара завучаш – виъ-пхиъ, мел к1езиг а. Директор-м, баттахь цкъа гучу а волий, ши-кхо бер чудуьгий царна жимма «муьшка» а йой, «совещанешкахула» ваьлла лелаш, ц1а воьрзуш а вацара.
Тхан нанас Зийнас, ша дийна йолуш, сайга олуш хилла: «Адамашца тарвала г1орталахь даима а!» – дагадог1ура суна кест-кестта. Адамашца-м тарвала хала а дера ца хиллера, амма т1аьхьарчу хенахь и адамийн юьхь а, сибат а дайна лелачу нахаца муха тарвала деза х1окху дуьненчохь? Шен да вухкий а, хьаьким х1утту, ткъа оцу хьаькиман даржах узуш болу етт а бой 1а. Алапа ца валлал хуьлу, ткъа лачкъош дерг цкъа а ца валлал хуьлу. Шена низам а, бакъонаш а ларъян беллачу белхалойн алапи т1ера а ахча лачкъадой, «саг1а хила хьан!» олий, Делан кхиэлах а к1елхьарволу. Берашна ишколан 1едало схьахоьцуш долу рицкъа лачкъадой, г1аланаш санна ц1енош а дой: «1едал ша а къу ду, къуьнан лачкъадо ас!» – олий, шена ялсаманехь меттиг хиларе сатосу. Ялсаманех а, Делах а тешаш воцчу хьаькамна-м гуттар а марш бет1а – цо-м адамийн ц1ий молу бакъонца. Масала, лор ву ша бохуш лелачо олуш хаза тарло: «Шегара саг1ина а кепек ахча хир доцуш волчу цомгашчу стага хьийзаво-кх со, шена „лечени е“ бохуш!»
– Ванах, суна дага-м ма ца вог1у хьо? – цецваларан кеп х1оттош хаьттира соьга цхьана дийнахь Махмуда.
– Муха ца вог1у дага? Вайшиъ вевзина дукха хан-м яц… – ца кхийтира со.
– Хьо РОНО-хь болх беш хилла ма боху… Бакъ дуй и? – шен ойланах кхетийра со директора.
«Деллахь ма суна оьшуш бацара-кх и дагалецамаш х1окху юккъехула чу!» – дагатесира суна. Амма ворда басех чухецаеллера, дан х1ума дацара.
– Цул т1аьхьа-м иттех шо а даьлла. Суна сайна а вицвелла со суо оцу хенахь хилларг. Мелла а х1инцалерчул жима ма вара со оцу хенахь, – бегаш т1е даккха г1оьртира со къамел.
Махьмуда-м велакъежа сурт х1оттийра, еккъа ц1ена шен нийсачу, ирйоьг1начу г1ожмех йина керт санна йолчу цергашца, 1аьржачу мекхан юьхьигаш нисъйина д1аса а озош. Сан кхетамехь дийцича, тахана дуьйна тхуна юккъехь и серийн керт яцахь а, цхьана ирчу серех йина къастор-м яра. Ши-кхо де делира юкъа, со мелла а къахка ца веш, сан са малдолуьйтуш. Амма цхьана 1уьйрана, малхо со чохь 1аш волчу ц1енна хьалхара 1ежийн диттийн г1а маждеш серладоккхучу хенахь, со уьйт1а ваьлча, суна гира 1ожа к1елахь, х1инцца диллича санна 1уьллу, даьсса къаьркъанан шиша. Бежнаш д1алахка баханчу лула-куларчу зударшна ца гуш дуьсийла а дацара и. Со ишколе балха д1акхаьчча, суна иза иштта хиларан тоьшалла а карийра, ондуочу дег1ехь йолчу масех завучех цхьамма сайга дуьххьара хаттар дича.
– Ванах, хьенех, хьо тахана ма к1адвелча санна ву, б1аьргаш а бу хьан ц1ийбелла, – эккхийтира цо б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна.
– Деллахь, сайн ма-хуьллу хьох лачкъо г1оьртинера со, амма хьо 1ийр йолуш-м яц, и сан къайле гучу ца яьккхича, – элира ас, дог доьхина кеп х1оттош.
– Ой, и бохург х1ун ду? Миска я1… Деллахь, и сайн хилла волу майра вита дийзира сан, и маларах кхеташ хиларна, – шен къайле, кхин шен шуьйрачу кийрахь ца сацалуш, схьакъадийра соьга жерочо.
– Делахь, иштта д1адодахь, оцу маларах со а веттавала мегаш ву-кх, – кхин а марсаяьккхира ас завучан сема ойла.
– Х1ун? Муха? Цхьа шиша а к1езиг хуьлу хьуна цхьана суьйрана?! – гучуяьккхира завуча шен къайле, сох кхинхетам дукха совбаьлла, т1ех а бахана.
– Ахь х1ун шиша дуьйцу? Ас буьйцург-м, сайн хьоьга бахана и бовха безам бу. И безам бахьанехь буьйсана сахиллалц набъеш вац со. Сахиллалц стихаш, стихаш, байташ язйо-кх. Бехк буй сан х1окху мискачу б1аьргийн ц1ийбелла, кхихкина т1ехбахача а?! – Чацкийн монологе д1аг1урттуш дош элира ас.
Иштта дешнаш-м жерочунна шен дашо жималлехь а ца хезначух тера дара, цуьнан нана-баккхий 1аьржачу б1аьргаша схьадийцарехь. Амма жерочо сиха караийцира шен кийрара чета доьжна дог. Иза кхийтира, ша х1инца ледарло шех ялийтахь, кхин цхьаъ а «къаьркъанан кад», шен хилла волу майра санна, шен карара вер вуй.
– Ой, цо х1ун дуьйцу! Ой! Иштта шена ницкъ бан мегар ма дац. Со-м, дера, яц дуьхьал, иштта бахьана долуш ахь молуш долчу оцу цхьана-шина т1адам къаьркъанна. Со-м суо а ма яра, иштта, хьо санна, цхьалхе дисина са лохуш, вай-м кхин башха хийра ойланаш йолуш а ца хилла, – т1етайра онда дег1ехь йолу завуч сан мискачу дагна. Амма г1улкх генадолуш лаьттара, дагахь а доцуш, сиха. Кхин д1а бегаш бар минийн аренгахь санна кхерамен дара.
– Мегар ду, ойла йина х1ума дан дезар ду сан. Со-м дуьхьал вацара, амма алапа ч1ог1а к1езиг ду сан. Зуда хьехочохь дац цкъачунна. Амма, ког когах кхетта а, сайна дакъазвала дагадог1уш хилахь, аса SMS-ка йоуьйтур ю хьоь-га, – къиза хадийра ас малхе г1оьртинчу къеначу зезаган безаман орамаш.
Со хьехархойн чоьне д1акхочуш херъеллачу не1арехь хезира суна телефон чухула ондачу завуча шолг1ачу завуче ден къамел:
– Цо х1ун дуьйцу? Цхьана буса ши шиша къаьркъий! Хьажахьа, т1ехула т1е РОНО-хь болх бина а ву-кх х1ара! Молуш ву аьлла, цигара а эккхийна хир дера ву. Иза-м берашна улло вуьтучохь а ма вац… – со чоьхьа а вьлла юкъах-делира озачу завучан телефонан къамел. – Де дика хуьлда хьан…, – т1етуьйхира цо соьгахьа а йирзина. – Цхьа хаза кинофильм гина шена боху-кх оцу вайн «Заббарис» сийсара НТВт1ехь, – «кхетийра» цо со шен къамелах.
Хьехархойн чуьра кхо-виъ хьехархо соьга вистхуьлуш, вист ца хуьлуш, д1асавевлира. Чохь йисина къона хьехархо Залина-м соьга голливудан кинофильман турпалхочуьнга санна хьожуш яра. Ас къайлаха б1аьрг та1ийра йо1е, цуьнан сийначу б1аьргашкара елакъажаран серло а яржош чохь. Оза завуч шен «ца дича ца довлу» г1уллакаш дан араелира. Чомехь урокаш ялар-м дуьйцучохь а дацара, де а доьхна даьллера. Дуьххьал д1а х1окху кхоьлинчу дийнахь стигалан кийсак санна лепаш Залинин б1аьргаш бара.
– Залина, соьга маре ян еза хьо, хьо цхьаъ бен сох саьрмак тарбалаза кху школехь висина стаг а вац, – элира аса йо1аца со висича.
– Д1авала хьераваьлла хьо. Со-м хьоьга тхайн дега санна хьоьжуш ма ю. Со дукха жима ма ю хьуна, – ша аьллачунна бехказалонна совг1ат санна, хьехархойн чоь малхо санна серлайоккхуш, елакъажар делира суна йо1а.
– Мегар ду делахь, Залина. Нагахь санна, ког когах кхетта а, шайн дас хьо араяккхахь соьга хаийталахь. Ас сайн т1еэцна йо1 йийр ю хьох, – бегаш бира ас дуьхьал.
Шолг1ачу дийнахь, ишколехула туьйранаш санна лелаш, схьакъиэдадеш дара: керла хьехархо маре г1уриг хиллал боцчу маьхкаршка дог хоуьйтуш хаавелла; керла хьехархо берийн ц1ийнера кегийчу зудаберех т1еэцна бераш дан г1ерташ ву! Вовшашка и кхаьънаш дохуш хьехархой а, цхьадолу лакхара классера зудабераш а, цхьана к1иранах гергга лийлира.
Ас х1ора 1уьйрана сатосуш гуобоккхура со 1аш волчу г1ишлона, керла «совг1ат» дуй-техьа керта кхоьссина олий.
– Салам 1алайкум, хьо х1ун лоьхуш ву кертахь, са а тасале? – йовхарш тухуш вистхилира лулахо.
– Деллахь, цхьа к1ира хьалха керта деса къаьркъана шиша кхоьссинера суна. Йоьхь1аржонах ларавала г1ертара со-м, – жоп делира ас, салам схьа а оьцуш.
– Мелла ваьлча, уьйт1а стенна кхуссуш ду ахь иза? Т1ехьа кхосса мегаш дац и? – цецвелира лулахо.
– Со-м молуш а вац. Цхьамма уьйт1а кхоьссина суна, – лулахо кхето г1оьртира со.
– Иштта ала ахь, хьо суьдхочунна хьалха лаьтташ велахь а. Со а ву хьуна х1окха чуьрчу г1омо ларт1ахь и мала ца вуьтуш, и шишнаш керт ма-ю хьулдеш лелаш. Хьо суьйрана балхара чувеача, со д1анехьа вер ву хьуна, войшинна цхьа литр ялахь, хьо чувог1уш, – т1едиллира суна лулахочо.
– Хьайна соьца дов ца дезахь, иштта къамел кхин ма делахь соьга. Со молуш вац. Хьайн ворданан дола айхьа дийр ду ахь, оцу т1ехь вайшинна некъаш цхьаьна ца дог1у, – д1ахьейира ас сайн дог-ойла лулахочуьнга.