– Виса, ас-м хьо хийзавеш, бегаш бой! Жима волуш дуьйна бегашах кхетар волуш ца хилла-кх хьо! – шен рог1ехь реза йоцу кеп х1оттийра Зараъас.
Болат оцу хенахь кевнах а ваьлла ладуг1уш вара юьртахь кхин цхьа а г1овг1а юй. Юькъачу хьаннех юьзина йолчу шина рег1ана юккъехь 1уьллучу юьртахь тийна дара. Наггахь «г1алх-г1илх!» олучу ж1аьлийн г1овг1ано бен билгала а ца йоккхура бошмех юьззина къевлаяьлла юрт.
– Ма белахь суна дегбаам, со генара веъна жимма к1адвеллачух тера ду, бегашех кхетачохь а вац, Зараъ! – йоь1ан дегъбаъамах к1елхьаравалан г1оьртира жима стаг.
Иза ма дара йо1ана дезарг-м!
– Мехкарша-м хьо суна рема ялон вахана ма бохура, со оцу говрийн меха а ца лору ахьа, Виса? – к1ант к1елхара ца волийтура Зараас.
– Хьан мах-м, сан йиша, итт реманал а лакхара бара. Амма говраш аса вайна ца ялийна. Уьш байлахь дисинчу берийн нанойн дуьхьа ялийна ю. Амма сайн йишина цхьа безамехьа нисбелла дин-м балийна аса! И лаьтташ болу дин гой хьуна? – йо1ана там бан г1оьртира Висита, цунна совг1атана к1айн дин а луш.
– Баркалла, Виса, суна-м ца оьшура и дин а, хьо могуш-маьрша ц1авирзичахьана, – х1инца-м бегаш ца бора йо1а.
Церан шина дена юккъехь долу гергало бахьанехь Виситий, Зараъий а дара ваш-йиший санна цхьана хьалакхиина. Хала киртиг яра жимачу стаганий, йо1аний дахарехь т1ех1оьттинарг.
Говраш д1а1алашйина девлича, Зараъ лохачу раг1ун к1ела яхара, к1антана юург охьайилла. Ткъа Висита ц1ийнат1ехьахула хьаьдда доьдучу сирлачу татолана т1е вахара, юьхьах хи тохан. Жима стаг раг1у к1ела веъча Зараъас лохчу истолан т1е йиллинера, суьйрана кечйина х1инца а шелъелла яланза сискал, т1оберам, сихха к1еглеш т1ехь деттина схьадолуш дара дакъадина жижиг а.
– Со ойла еш яра, – элира Зараъас г1айг1анечу озаца, юьхьаха гата а хьокхуш, раг1уна к1ела вог1учу Вистига. – Ахьа дийнна рема схьа а яьккхина битинчу нехан а ма ду бераш а, берийн бераш а хир ду. Церан ойла ян а йой техьа ахьа а, хьо санна болчу т1елатархоша а?
Раг1уна к1елахь Зараъас латийна чиркхана серлонехь соцунг1а хилира Висита, йо1ийгара дагахь а доцуш иштта хаттар шена хезча. Амма и хаттар-м цо ша-шега дуьххьара деллачух тера дацара. Халла раг1уна к1ела тарлуш онда вара жима стаг.
– Паччахьан эскаршна хьалха а лелхаш, вайн лаьтташна т1едог1у некъаш а гойтуш, вайн адамаш а дойъуш, вайн а, шайн а берех бобераш а деш, харцонаш лелийначу г1алг1азкхийн, г1алмакхойн реманаш, бежнаш ду оха царех таса а луш, цаьргара дохурш. Вай ца бина царех мостаг1ий, цара бина вайна а, шайна а бала. Уьш паччахьах бевдда баьхкича, вайх царнна тешамен лулахой хиллера. Амма паччахьа шаьш хьаьстича, сиха 1ехабелира уьш, сихбелира вайн ярташ ягон а! Дала бекхам бийр бу церан т1аьхенна а техь! – олуш шен майра сирла б1аьргашца йо1е хьажира Висит.
– Хьо хьанна луьйш ву, ва к1ант? – къамело 1ехийначу Зараъаний, Виситиний дагахь доцуш, дийкира воккхачу стеган аз.
– Адамаллех, къинхетамах лаьцна цхьацца ойланаш йора оха-м, ваша, – олуш лохачу г1анта т1ера г1аьттина дег1 нийсдира Виситас.
Жимчу стеган шена хезначу къамелан кийсагах жам1 динчу воккхачу стага элира:
– Дера, г1алг1азкхий-м къонаха къам дара, вайна юккъехь-м ц1ий ийдина гергалонаш а дара хьалха заманчохь. Царнна хьалхабевллалеларш хир бу-кх церан б1аьрса дайъинарш. Охьалахлол, Висита, х1ума кхаллал. Йо1, суна а доттал г1алмакхчай, – олуш истолан йистте д1атарвелира воккха стаг.
Висита а хиъира охьа цул т1аьхьа.
– Ваша, говраш а, бежнаш а юьртарчу мискачу нахана д1анийсаян, юьртара баккхийчу нехан г1о оьшура суна. И хьайна т1елоцур дацара техьа ахьа? – дехар деш хаьттира жимачу стага юучу х1умана т1е а кхевдаш.
– Кхана 1уьйрана чукхойкхура бу аса баккхийнарш, – цхьана х1умана ойлане а хуьлуш элира Болатас, жимма 1ийна т1етуьйхира: – Висита, мискачу нахана ахьа а, хьан накъосташа а динарг доккха г1о ду. Т1аьххьара вайна паччахьан хьадалчаша кховдийначу т1емаша г1орасиз даьккхина дукха адам. Вайн наха вовшен г1о дахь а, хала киртиг ю дукха нахана т1ех1оьттинарг. Иштта делахь а, со дийна волучура хьан ден меттана а хилла 1аш а хиларна, цхьа хьехар дара сан хьуна а, хьан накъосташна а дан лууш. Дайшкара даьллачу г1алатех кегийра бераша, зударша жоп далан дезаш дац, муьлхха а къоман г1иллакхе даьккхича а. Вайн бераш бахьана долуш нехан берийн багара сискал яккхар нийса дац. И аша дийриг, т1ом боьдуш болуш хилча а, инзаре х1ума ду. Цулла совнаха, шун дахарна кхерамен х1уманаш а ду уьш. Герз д1аса тухучу меттехь даима а бац д1атохан аьтто болуш. Вайшинна юкъалелан вайн кхин зударий а бац, цундела со ца аьлча а ца волу. Хьайн х1усама а кхоьллина, вахаран т1е ойла а яхийтан дезара ахьа.
Эхь-бекх лаьцна, Висита истола т1ера г1атта сихвелча, омран кепехь куьйг хьажийна, и охьа а хаъийтина, ша г1аьттина чу вахан д1аволавелира воккха стаг.
Виситас шен керта ца ялийра цхьа корта а говр, бежан. Амма Зараъина боьг1на хиллера буьйсана к1айн хеташ хилла сира дин. Оцу буьйсана говрашна Зараъас йол юьллуш дуьйна хаъалора, динан йо1е кхоллабелла безам. Йо1а шена хьалха йиллина йол ца хьанъеш, цуьнга леррина хьоьжура сира дин. 1уьйрана говраш мискачу нахана д1аса юьгуш, сира дин-м Зараъина уллора д1абаккхан а ца белира. Бера санна йо1ана т1аьхьа а баьлла лелара сира дин. И сурт гинчу баккхийнчара а дин йо1ана битан сацам бира. Сирдин аьлла ц1е а кхоллаелира динан оцу дийнахь.
Зараъеран кертахь Сирдин д1абоьхкуш а бацара. Ша юьрта йистте яжа а йоьдура говра, ша ц1а а йог1ура. Йо1а нускал санна хаза а, ц1ена а латтайора Сирдин. Заръина говра а езаелира барам боцуш, амма нахана гуш дийнахь иза т1ехиъна хахкар-м ца хуьлура цуьнан. Нохчийн йо1ана товш дацара и санна дериг, цундела Зараъ буьйса юккъе яхача, божарийн духарца, шен говра хуура. Сирдин-м оцу хенахь самукъадолий, т1ема балан боллу моьттуш хуьлура. Туьйранахь бийцина т1емаш долу дин санна лелара и лаьмнашкахь, ломана буьххье хьалахьодуш, т1емабаьлча санна охьахоьдуш. Ткъа Зараъ ша хуьлура оцу хенахь уггаре ирсен йо1 х1окху доккхачу дуьнен чохь! Хабарш-м дукха дера дара Сирдинах, Зараъах лаьцна, делахь шен б1аьргашна гинарг цхьа а вацара.
Иштта чекхъелира лаьмнашкахь ялсамане санна йолу йовха аьхке. Дитташна т1ера, маждеш, г1аш а эгийна, гуьйре а хьаьдда т1ехйолуш яра. Шелонан дуьххьара денош а дара малхаца къийсалуш чуьрадевлла. Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и. Зараъ йолчу х1ора дийнахь бохург санна вог1ура жима стаг, амма шен йишица санна вара и даима а х1окхуьнца. Делахь а кхин цхьанна а йо1ана т1ехьаьвзина, захалу дийцина хаъавелла а вацара и. Зараъина-м и х1аваъ санна вара, схьахетарехь! Х1аваъ долуш, вай цуьнан тидам а ца бо, амма и доцуш цхьа минот а ца дахало дуьненчохь. Зараъас кест-кестта олура Виситига:
– Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?
– Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:
– Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а! – олий.
«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?» – ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.
Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:
– Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.
– Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со! – б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.
Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.
Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:
– Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. – Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац… Маржа я1… ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!
– Дада, Дада! – йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.
– Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан… сихха кхайкха Виситига! – т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.
– Со х1инцца… со сихха.., – арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.
Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.
Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.
– Ваша! Ваша! – озах ца вохан г1ертара жима стаг…
– Дада..! – багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.
Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.
Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.
Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.
Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.
Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:
– Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке ву цунна уллора д1аваьлла хилла, и могуш воцуш 1уьллуш волуш. Хьуна а хаьий техьа цунах х1ума? Х1ун ала г1ерташ кхайкхинера техьа цо соьга?
Зараъин б1аьргах жима седа санна хин т1адам хьаьдира. Ткъа муха алан дезара оьздачу йо1а, х1инца шен силла дукхавезаш волчу к1анте, дас ша д1акхалхале хьалха шена т1ехь йитина еза къайле! «Ша йигар хьуна т1едожийна дадас» – алан дезара цо? Иштта дешнаш к1анте ца олуш-м х1ара яла а кийча ма хир яра.
Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.
Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!» – ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:
– Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша! – бохура цо.