Оценить:
 Рейтинг: 0

Болатан Зараъ. Повесть

<< 1 2 3 4 5
На страницу:
5 из 5
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Салтий-м тоьпаш а кечйина д1анийсабеллера сиха, амма ламанхойн лара а яцара хиндехьа хаъалуш. Хи дан бердах биссина хилла салтий а бевлира сихонца берда т1е, шайн буйнара ведарш цхьаболучара охьакхийсинера, бевдда бог1уш. Вукхера-м хьуьнар кхаьчнера ведаршца юхаберза, цхьаберш цхьаъ ведар бен доцуш бара буйнахь.

Кестта хьуьхь а воьлла схьакхечира инарла а.

– Х1ун хилла, х1унда? Х1ара х1ун к1ур бу аша г1аттийнарг? Стенгахь бу ламанхой? – зорба тухуш санна охьадохкура цо хаттарш, шена дуьхьала а лелхаш, ша-ша гайта г1ертачу эпсаршка.

– Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана салтийчунна топ кхетта, – куьйг хурашкин лабана улло а хьош, дуьхьала веънера инарлина хи дарна жоьпалла т1ехь долу эпсар.

– Ламанхой стенгахь бу т1аккха? – ца кхетара, шена т1ехьа яккхийн тоьпаш теттина бог1уш салтий а болуш, схьакхаьчна волу инарла.

– Сан г1аролаша дуьхьала тоьпаш а тоьхна кхерабелла хьуьнхахь лечкъина уьш-м! – дег1 нийса а деш инарлина хьалха лелхара эпсар.

– Шаьш акхарой елахь а, кхерабалар-м оцу ламанхошна х1ун ду а ца хаъара. Цхьа х1иллана ч1аг1о еш хир бу уьш. Бердаца д1а х1оттае йиъ йоккха топ! Вуьйш эскаршна вукху аг1онца шера аре ларъян д1ах1ийттае, шаьш хьалха хиллачу меттиге! – омра дира инарлас. – Ахьа гайтина турпалла хьуьнар ас паччахье дохьийтачу рапортехь билгалдоккхур ду! – жимма къажарна тайпа шен цигаьркан тонкин басахь йолу масех церг гайтира инарлас.

– Со хьан муьт1ахь лай ву-кх, хьан лекхара сийлалла! – даь1ахк еллачу ж1аьлин кепара хьаьвзира эпсар.

– Ламанхой-м лаьхкинера аша эскарна юург кечъян хи деъан аша? – ц1аьххьана дагадеъна хаьттира инарлас, массаьрга а бохург санна.

– Х1инцца, х1окху делан сохьтехь… Со бехке ву… къинт1ера валар доьху, хьан лаккхара сийлалла! – олуш д1атасавелира хих жоп луш волу эпсар, карахь ведар долуш а, доцуш а бобераш санна бердана йисттехь лаьттачу салташна улло.

– Стенга дехьана аша ведарш? Эхь ца хета шуна? Сихонца хинна т1е девдда доьлхуш гайтал суна! Марш! – цхьаберш хино т1адийна, вуьйш сацкъаро бехбина лаьттачу салташна т1евирзира эпсар.

Салтий ша-ша хьалха валан а г1ерташ бердах чутилира, т1ег1анаш т1ехула.

– Шишша ведар хи доцуш цхьаъ вуха верзахь аса бийр бу шун болх, заддарчий! – т1аьхьа мохь олуш берда йистте ша а д1ах1оьттира и, къерзош б1аьргаш а долуш, цергашна юккъе 1аьвдина дуткъа можа мекхан цхьа юьхьиг а йолуш.

Хин т1е боьлху салтий шай эгна ведарш а гулдеш хин а бердана а юккъера тог1ина чухула бевдда боьлхура, хина т1е кхачан сихбелла. Буьрка санна горга велахь а, массарел а каден волу цхьа салтий уггар а хьалха т1екхечира хинна. Д1аса а хьаьжина, хьуна аг1ора а хьаьжина, хьаьжана юккъе ж1арийн сурт х1отта ден кеп а йина, шен буйнара ший а ведар цхьана босса хина буха дахийтира цо. Амма ведарш хина бухахь дисира, ша салтий а «чхьоп-п!» аьлла хиш д1аса а тухуш хьаькхин санна горга муц1ар хьалха хин чу а 1уттуш вуьйжира. Генуо йолчу хьуьна юккъера яьллачу тоьпан тата т1аьхьуо кхечира схьа.


<< 1 2 3 4 5
На страницу:
5 из 5