Болатан Зараъ. Повесть
Вахит Хаджимурадов
«Болатан Зараъ» ц1е йолу повестан барамехь произведени йазйина 2005 шарахь. Произведени лерина йу ХIХ б1ешарахь Нохчийнчохь хиллачу къийсамна. Ломанан йуьртара нохчийн 300 б1е динбере новкъа волу, аренгарчу йарташна т1елеташ паччахьан 1едалан эскар ду, аьлла хезина. Автора шена хилан тарлуш ду аьлла хетарг ду, произведенина т1ехь гойтуш дериг.
Болатан Зараъ
Повесть
Вахит Хаджимурадов
© Вахит Хаджимурадов, 2023
ISBN 978-5-0059-7030-5
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Болатан Зараъ
(Цхьана классехь дешначу йо1ана Зараъина)
Нохчийн лаьмнашкахь, кхин йолчу яртех б1арге къастаяллал башхалла а йолуш, ца къастаяллал кхечу яртех тера а йолуш, цхьа юрт 1уьллура хьаннех доьтинчу арцашна, лаьмнашна юккъехь шен ц1е Селайд а йолуш. Оцу юьртахь вехаш-1аш вара, массара юьртахь лоруш, лаьмнашкахь массо а ярташкахь вевзаш а волуш, цхьа воккха стаг, Болат шен ц1е а йолуш. Болатан дас нийса хаьржина хиллера шен к1антана ц1е. Х1унда аьлча, иза жима стаг волуш дуьйна вара болат санна ч1ог1а дог-амал йолуш а, т1амехь мостаг1чунах тасалучу хенахь уггаре а ницкъаллачарех цхьаъ а. Къона волушехь шен хьекъалца а г1араваьлла, вара и, т1ом болучу хенахь нохчийн т1емлойн баьчча хаьржина хилла а. Шен дахарехь дуккха а халонаш т1е1ийтаеллера воккхачу стагна Болатна, амма уггаре а халаниг дара цуьнан х1усамехь доьзалхойх цхьа йо1, Зараъ, бен ца хилар. Цунна ч1ог1а лиънера шен цхьаъ мукъна а к1ант хилийта, амма доцург паччахьна а эшна олу-кх.
Нахана ца гуш делахь а, шен даима к1антах хьоьгуш волчу Болатас, Зараъна жима йолуш дуьйна 1ама динера цхьадолу к1ентийн хьуьнарш. Зараъас мажаран топ а кхуссура ч1ог1а нийса, шаьлта, тур а хьовзадора йо1а муьлхха а говза т1емало шен говзаллех хьоьгура волуш. Болат-м, шен дагахь цунах къайле а йина латтош вара, амма цхьана юьртахь 1аш болчу нахана ца хууш х1ун хира ду? Дера ду к1езиг х1ума-м, делахь а шаьш Болат ч1ог1а лоруш хиларна баккхийчара а, кегийрачара и шайна хууш дериг говза къайла доккхура.
Болатан йо1 ю аьлла доцуш, Зараъ ша а яра лула-кулахь а, дехьа-сехьа юьртахь а г1араяьлла шен г1иллакх леладан хаарца а, хьекъал алсама долуш хиларца а. Амма массарна, жимчунна а, воккхачунна а Зараигахь товш хетарг, иза цуьнан хазалла яра. 1уьйренца схьакхетта малх санна елаелла-екхна а, дог ц1ена амал йолуш а яра и. Ткъа хазалла ю массо а хенахь шена ца лаахь а, адмашна юккъе мелла а хьаг1 кхуллуша, къовсам юккъе тосуш а.
Сийначу байт1ехь даьлла Пет1амат-зезаг санна дуткъа дег1, куц-кеп долчу Зараига хьоьжуш а, къайла-къулах делахь а, деррехь делахь а, захалонаш хьехадеш а безамаш кхийдабеш а дуккха а кегийра нах бара. Юьртана йист лоцуш, цхьанхьа т1аьхьадисарна кхоьруш санна, ч1ог1а сиха дог1уш самукъане сирла тулг1е йолуш хи дара. Юрт лакха т1ехь а йолуш лахахь хьадда доьдучу цу ломан хина йисттехь ялсаманен суртаца дуста мегара долуш хаза дара. Гобаьккхина т1еяьлла буц йоьттина бес-бесара зезагаш, дуькъа гаьннаш долу, заза даьккхина хазаделла дитташ. Юьртара мехкарийн сирла, самукъане тобанаш хуьлура дашо малх суьйренга г1оьртича ц1еста к1удалш а карахь хина т1ейог1уш. Хьуьна юккъехь сиха ког болу лу хааделла лом санна, мехкаршна тебаш-м хуьлура оьздачу к1ентийн тобанаш а. Ломана басахь зезагаш санна хаза, куц-кеп долуш дуккха а бара мехкарий цу ломана юьртахь. Х1ора йоь1ан, шена генара гушшехь, б1аьрг серлаболуш а, аз ловза доккхуш а кегийра нах а бара. Зараъ цхьаъ яра акха басахь даьлла зезаг санна массо а дуьненах самукъадаьлла. Цуьнан жимчу даго х1инца а ца бинера шен кхолламан харжам. Цуьнан хьажар, елаялар б1аьргашца лаца г1ерташ, я шайн ира б1аьргашца цунна буру хьийзош, ойланаш дег1ах хьерчош к1езига-м бацара к1ентий. Йоь1ан жима дог дара-кх х1инца а самадаланза. Х1ора суьйрана к1ентийн тобана юккъера хьалха аьтто баьлларг-м г1уртура цуьнан дог эца, цуьнан ойла шегахьа хьовзон.
Тахана йо1аца къамеле валан аьтто баьллера юьртана лакхахьа шайн долахь к1отар а йолуш, накхармозий санна дукха шайн жа-уьстаг1ий а долуш волчу Махьмудан к1ентан Къудузан. Къайладахийта йиш яц, цо цхьа де хьалха Зараин доттаг1ий-зудаберашна цхьацца совг1аташ дина хилар, шен йо1аца къамел дан аьтто боккхург. Зараин шен пурбанца иза аьтто зудабераша хазахетарца баьккхира Къудузан, совг1ател совнаха оцу къамелах шайн мелла а самукъадаккха а дьухьала бацара забарен мехкарий-м. Уьш цхьа цуьриг а г1алат а ца бевллера оцунна т1ехь.
Мелла а хьаьвзинуо мара а болуш, алсама хьаьвзина амалш а йолуш, 1аьржуо аматехь а волу Къудуз къамел доцца дийцан лууш вара. Цуьнан шабериг безам стоммачу сизаца шен ден эзар уьстаг1ашна юккъехула чекхболуш хетара. Уьстаг1ий-м цхьа б1е бен ца хила а тарлора, амма къамел-м дара мел к1езиг а цхьана эзар уьстаг1ан барамехь:
– Кхин болу бахам ца бийцича а, цхьа эзар уьстаг1 оцу хьан когашна буха кхосса йиш йолуш ву-кх со таханлерчу х1окху исбаьхьчу суьйрана, – шен ма-хуьллу йоь1ан дог оьцуш там бан г1ертара Къудуз, ма хуьллу йо1ана юххе а те1аш, шен к1ора санна 1аржачу ц1оц1къамашна бухара буьрса б1аьргаш а къерзош.
– Суна-м шун ирзонехь мел дукха а цхьа б1е уьстаг1 бен кхабалура бац, бохуш дуьйцуш хабарш ма хезина, – эккхийтира 1айшат ц1е йолчу жимчу дег1ехь, эхь доцуш ю аьлла шен ц1е д1аяхна йолчу Зараъин накъоста.
– Х1ун! Муха бохура ахьа? – шен сихачу б1аьргашка лахийтира цо, шен дашна юккъе иккхина йо1.
1айшат-м шен зарзаранчух тера долу жима аз декадеш елалуш, зудберашна т1ехьа д1алечкъира.
– Иза-м тхуна а ма хезина, – 1айшатна орцаха бевлира кхинарш а мехкарий.
Амма Къудузан сиха карадира алан дешнаш:
– Шайн хьаг1 йолу меттанаш ду уьш-м нехан. Шайн боцу аьтто тхан хилчи, ца ланлуш, ца олуш х1ума дац цара, – ша ц1ена бакъдериг дуьйцуш хилар т1етадеш деган т1е куьйг а дуьллуш сиха д1адерзон г1оьртира нуц хила г1ерташ вериг, уьстаг1ех лаьцна долу къамел.
Амма шен накъосташа дижийтича а, и къамел дита реза яцара Зараъ-м:
– И эзар уьстаг1-м суна схьалора ахьа, хьуо пис стаг ца хилар а гойтуш. Ткъа хьайна х1ун до ахьа? – Къудуз зуьйш хаза б1аьргаш а гойтуш ц1аьххьана хаьттира Зараъас.
Къудуз-м шен г1уллакхаш тоделла дог1ийла кхийтира, амма уьстаг1ех даимана валар-м дацара цуьнан кестта шен дахарехь хиндериг гарехь:
– Ой, уьстаг1ий хьан хилчи а, сан хилчи а х1ун башхала ю? Хьо нускал хилла сан керта хьийзаш, хьуна т1аьхьа хьийзар дац ткъа уьстаг1ий а? – эккхийтира, Зараъас муха дуьйцу ца кхетачу Кхудузас.
Гонахара маьхкарий-м Зараъас к1антаца беш болчу бегашех кхетта дукха хан яра. Уьш-м самукъадаьлла буьйлура, белар лачкъадан ницкъа боцуш.
– Ванах, эзар уьстаг1 сан томана юккъе бог1уш хилчи, со муха йолалура ю хьан уьйт1ахула и тоба уьстаг1ий т1аьхьа а даьхна? Томана йо1ана дог1уш долу х1ума цуьнан ден ц1ахь дуьсуш ца хуьлу? – шега цец деъна кеп х1иттайора йо1а.
Къудуз-м, зудберийн беларца цхьана шен уьстаг1ийн тоба а къайла йолуш тарделла, жимма воьхна соцунг1а хилла висинера.
Кхеташ дара, и захлу гена дериг ца хилар, мел ч1ог1а эзарнаш уьстаг1ий Зараъин уьйт1а лаьхкина лаьтташ делахь а.
Кхин цхьа захало а дара Зараина кег-мегарнаш дитича, т1ехьаьвзина.
И захлу-м дера дара Зараина дийнна говрийн рема кховдон тарлуш!
Иза иштта дара: Зараъин лергех, мухха делахь а, цхьана суьйрана хинйисттехь мехкарша хабар туьйхира. Бийболатан к1ант Висита рема ялон Теркал дехьа вахана ву аьлла.
– И рема дера ю Виситас хьуна йоьг1на ялош, – бохура мехкарша, Зараъин лерге а те1аш.
– Рема а ялош ц1авеъча, хьо ехийта баккхийн нах бохкийтур болуш бу-кх к1анта! – Зараъ хьийзоран кеп х1иттош т1етадора зудбераша.
Виситин да Бийболат т1аьххьара хиллачу т1амт1ехь йинцу чевнех кхелхинера цхьа шо хьалха. Бийболат Зараин ден, ваша санна юххера ларалуш, дика доттаг1 хилла вара. Виситас х1инца а Зараин да Болат шен да санна лоруш вара. Бийболат дийна волуш-м цкъа нисделлера Виситин Зараин юккъехь безам бацахь а, билгалла х1ун ду ала йиш йоцуш цхьа алун суй эккхар. И санна долу х1ума-м Зараин накъосташна ца тусалуш дисин йиш яцара, мел ч1ог1а лиъчи а. И саннарг, Зараина шена дицделча а, мехкаршна дагахь лаьттара. Бакъдерг дийцича, зударийн цхьа ша къаьсттина синхаам бу и санна х1уманашна т1ехь. Божарий цкъа а т1аьхьакхуьур болуш х1уманаш а дац уьш! Висита рема ялон вахана аьлла ма хеззинехь, оцу х1умана а цхьа бух бан дезара зударийн ша-тайпа долчу хьекъалан. И бух бара, мехкарийн кхетамца, Виситана дукха хенахь дуьйна Зараига болу къайлаха безам. Иштта ца хилчи, жима стаг, къонах стенна воьду турпаллин г1уллакхаш лехан? Амма мехкаршна ца хаара, шен да кхелхинчул т1аьхьа, Висит кхин а герга хиллера Зараин дена а, х1усамна а. Зараъ-м шен йиша санна лоруш ма варийца жимстаг. Делахь а делан къевленаш дукха ю-кх, ц1ий гергара ма дацара Виситийн, Зараийн. Х1инцалца дуьйцург бегашца т1еоьцуш йолу Зараъ а, стенна делахь а цхьана х1умано садаъан юьйлира. Хьанна хаъа, иза-м кхерамен г1уллакхе ваханчу Виситина шен вешина санна сахьийзаш хилан а мегара.
Ши к1ира сов хан а яьллера хин йисттехь мехкарша Зараъ хьовзийна, буьйсана юккъехь Зараъ цхьана цаевзачу г1овг1ано самаяьккхича. Т1е х1ума а юьйхина и арайолуш, дадас мохь туьйхира цуьнга:
– Йо1! Хезий хьуна, самаяла сихха! Т1е х1ума а кхоллий араяла!
– Х1ун хилла, дада? Сингаттамен х1ума-м дац хилла? – дена дьухьала араелира йо1 оцу хенахь.
Амма йо1а динчу хаттарна жоп х1окхеран шуьйрачу уьйт1ахь дара, схьа хетарехь. Уьйт1е юьззина геннара яьхкина хилар билгало йолуш хьацарах ша и хи санна т1еда говраш яра.
«Зараъна рема ялон вахана Висит!» – шен накъостийн мехкарийн шабар-шибарш дагадаьхкира йо1ана, оцу ойланах ела а къежира иза. Арахь, даьржина беттаса делахь а, буьйса яра, цундела йо1 елакъажар цхьанна а ца гуш дисира.
– Йолла а кхосса говрашна хьалха, жимма хан а ялийтина, хьацар жимма дакъаделча, хи а малийта цаьрга, – элира Болатас йо1е.
Йо1е и болх банлур бу-бац аьлла шек а вацара и, шен йо1 дика евзара денна. Делахь а, Висита а, сиха т1е а вог1уш, вуьйлира йо1ана г1о дан. Шаьшиъ жима долуш дуьйна ша ма-яккхара ц1е а йоккхуш:
– Виса, х1ара говраш стенгара евлла буьйсана юккъе? – хаьттира Зараъас Виситига, денна ца хозийтуш.
– Говраш нисъялар Делан болх бу-кх… Х1орш г1алг1азкхийн аренашкара ялийна, – аз жимма лахдина хаийтира йо1ана жимчу стага.
– Виса, суна ялийна-м яц хьан и говраш? – ах бегашийна, ах к1ант зуьйш елакъежаш, хаьттира йо1а.
– Яц! – доцца хадийра Виситас.
– Суна ца ялийнехь, тхан уьйт1а х1унда лаьхкина ахьа уьш? – къарцалора йо1.
– Шун уьйт1а ца лаьхкина… Сайн ден метта аса лоруш волчу Болатан уьйт1а лаьхкина, – резавоцучу т1ег1ана т1ехь аз дийкира жимчу стеган.