– Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, – олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.
– Барх1 кепек бу моьтту суна, – цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.
Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.
– Сайд1али, хьо стенга ваханера? – хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.
– Эцца волалуш вара со-м, – дог ца дог1уш жоп делира аса.
– Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? – шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.
– Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… – д1ахадийра аса.
Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин д1а баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло а.
– Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, – олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.
Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со ч1ога лиэнвина моьттура, хьан-стиэ ца къаьсташ делахь а. Кхечун б1аьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх х1инца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.
Со чукхаьчча, даима санна нене юург ца йоьхуш дехьа чу вахана буйна лоцу киншкаш чуьра т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар ца хуьйцуш маьнги т1е аркъала д1атевжира. Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоь1ан стигал беса б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана 1инах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу г1ан санна йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох.
Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:
– Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта! – сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.
– Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? – суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.
– Мичхьа ю и? – хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.
– Х1ара ю-кх, – суна мерк1ела еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.
– И х1ун ю? – хаьттира аса, суна-м самаха а, г1енаха а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.
– Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна, – сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.
– Фиксаж, фиксаж…, – со маьнги т1ехь охьахиира.
– Хьажал ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна, – ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттаг1.
Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан х1инца а генуо вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.
– Мегаш ю. 1арби мичхьа ву? – хаьттира аса.
– Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, – шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.
– Мегар ду. Цо-м новкъаг1ертар бен кхин г1о а ца дора, – элира аса.
– Хьан ца до г1о? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх! – шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби самукъне радиотулг1е санна.
Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1иэнваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.
– Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1ийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш х1ун деш ду? – чухахкавелира юха а шен ч1ог1ачу озаца 1арби.
– Х1ан, д1айолий хьуна х1окхуо шен масатоп! – мах хадийра Турпалханас 1арбийн чукхоссаваларан.
– Арахь 1арж ца елича, вайн кораш дикка д1акъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай, – кхетийра аса доттаг1ий.
Тхан нанас Казахстанера ц1а ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискаг1ишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш яцара. Со вуьжучу чохь 1аржъелча, коре х1умнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.
– Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна, – элира цхьана меттехь 1ен са ца туьйчу 1арбис.
– Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а? – дийхира аса.
Тхо кет1адевлла цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1аьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана т1ехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Малх анайисте г1оьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца.
– Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун г1ирс кечбан воллу, – аьлла бахьана а х1оттийна со чувахара.
Сонехь якъаялийта пенах тоьхначу хьостамна т1еоьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх латош цунна дуьхьала ерзийна, цу т1ехь лехира аса Малижийн сурт долу кадр. К1айн-1аьржа томмаг1 бен гуш дацахь а, сан б1аьргашна хьалхахь-м дара йоь1ан юьхьсибат. Стигалан басахь б1аьргаш а хетара лепаш, оцу пленкийна т1ера сурт 1аьржа-к1айн бен даккха йиш йоццушехь. Пленке хьоьжуш соцунг1а хилла ойланийн йийсарехь лаьттара со. Мел хьомен дара оцу пленкийна т1ехь Малижин сибат гуш долу кадр. «Хьажал, Малижа, и д1о сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!» – 1умаран аз дийкира ц1аьххьана стигланаш къевкъаш санна ч1ог1а сан лергахь. Сайн керара пленка аса кхоьссина яхийтира соне.
– Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин т1е суьрташ дахан г1ерташ вай дийнна де ма дайъина! – чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан оьг1азен юьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.
– Сайд1али! – олуш цецдеина сецира Турпалхан а.
Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.
– Дика ца яьлла и пленка, – 1ехийра аса ши накъост.
– Х1умма а дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна т1едаьхча! – суьрташ дахар таханенна аса д1акхоссарна кхеравелла суна т1е1аткъам бира 1арбис.
– Х1ун хилла? Суьрташ фотокехатна т1е ца доху вай тховса? – догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.
– Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара! – чиркхе уьйхьира пленка 1арбис.
К1ентийн аса догдохорна сайна резавацара со х1инца.
– Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьтт1ера сан, – сапарг1ат-ваьккхира аса ши доттаг1.
Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу проявителна чукхийссан долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехатана т1ехь цхьа бозбуончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашена х1ума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къуоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу яххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан т1ехь гучуелира елакъежина Малижин юьхь а. Йо1 тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, т1екхачан йиш йоцу седа санна яра суртат1ехь суна къежаш йолу йо1. Суртат1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга алан 1умарас санна: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1ено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»
Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.
Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.
Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.
Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.
– Х1ун урок ю вайн? – хаьттира аса партийна т1ехь сайна уллохь 1енчу 1исага, цуьнга цецдоийтуш.