– Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, – жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.
– Ткъа х1ун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна? – ца кхетара лулахо.
– И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета. Ткъа тхан воккхастаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а «х1аъ» бохуш цхьана пхеъа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могшалла а, ницкъа а тоьур бацара, – дехаре велира со.
– Зийнина хаьий хьан хьал? – шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.
– Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.
Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.
– Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.
Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.
Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.
– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.
Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.
– Ненан ваша? – хаьттира цо.
– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.
– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.
– Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.
Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.
Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.
Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.
Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?» – ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тусаялан езара и сан ойланаш. Х1ун дийра дара техьа цо? Даима а санна шен хазчу хьаьжъюккъе шад х1оттон мегара цо. Сан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьаьжъюккъе шад бина, ша санна шийла сийна б1аьргаш, оьг1азен лепа юьхь. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь.
Цхьа-ши де делира со Малижин ц1адолчу аг1ора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталг1ачу классийн арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика яра сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттаг1алла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх д1абоьдучу хенахь, со вара тховт1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1аьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш г1о дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъюккъера шад ца бостуш, гуонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» – ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъяьлча со ишколан ринжех араваьлла суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьал д1а суо висан лиънера суна. Йоккхачу шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана яханчуьра ишколе схьахьаьдда йог1у Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.
– Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! – йистхилира Губани.
– Соьга лоь хьо? – ца кхийтира со.
– Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? – елаелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:
– Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?
– Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарийца доттаг1алла лелош хилча, – бехказа валан г1оьртира со.
– Хьайна дика хуур ду хьуна, Йо1-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул т1ехьа хьоьжуш ю моьтту суна, – шена хетарг элира Губанис.
Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дег1ах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина т1ехьакхиан сихъелира.
«Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1аш волчу аса?» – жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна т1аьхьа д1а а волалуш.
Кхин цхьа урок чекхъяьлча со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1ехьакхиан г1ерташ ойла а еш, волавелла лелаш вара со, ц1аьххьана сайн ц1ейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.
– Ахьа соьга кхойкхурий? – хаьттира йо1а.
– Асий? – ца кхийтира со.
Амма йо1 иэхь хетта хааелла сихха т1етуьйхира аса:
– Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? – Губанин х1илланах кхийтира со.
– Х1аъ, – жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1айоьрзуш.
Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьаьжъюккъе х1оттийна шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шаха х1уттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа б1е шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Х1ун алан дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вист хилан дезаш вара, б1аьсте санна езаеллачу йо1е.
– Малиж… Малижа, баркал хьуна г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, – карийра суна алан дешнаш.
1умарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара со х1инца а бераллера валанза вуй. Цо г1о дира суна:
– Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо… кхечарех тера а воцуш, – элира цо.
– Акха ву алан г1ертий хьо? – бегаш бира аса.
– Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? – елакъежаш хьаьжъюккъера шад баьстира Малижас.
Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца, хьалха а санна.
– Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш к1елхьаравалахьара, – экзаменаш дагаяьхкина догкхуьйлира сан.
– Кхин д1а дешан дагахь вуй хьо? – хаьттира Малижас.
Суна-м 1умарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.
– Стенгахь? – хаьттира аса.
– Институтехь, – иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.
– Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, – сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.
– Ткъа эскаршкахь г1улкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, – шенчунна т1ера ца йолура йо1.
– Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, – 1умаран дешнаш ца дицлуш йо1ана 1оьттира аса.
Йоь1ан хьаьжъюккъехь шийла шад д1ах1оьттира, сан дег1е шело хьодийтуш.