Сан керара волуш д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча 1арби шен талламбина ваьллера.
– Хьо стенга ваханера? – милцочо санна хаьттира цо соьга.
– Вилспет хохкуш вара со-м, – к1елхьара валан г1оьртира со.
– Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? – Зийне хьожуш хаьттира 1арбис.
Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу бартхаттарна.
– Сулиман волчу ваханера со-м! – реза воцу кеп х1оттош жима аьшпаш боттан дийзира сан.
Аьшпаш бан а бара жима, со ши-кхоъ ц1а дуьтуш кхин а д1авахнехьара со Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера к1ант вара, сан жимма доттаг1алла хьакхалуш.
– Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! – ша соьга ленвойтура воций схьахьедира доттаг1чо шен г1овг1анечу озаца.
– Иван Архиповичас нана ялош вола аларна х1ун до вай хьуна? – хаьттира соь 1арбис, тхо жимма ханяьлча кет1адевлича.
– Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? – элира аса.
– Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, – элира Турпалханас.
– Цо х1ун до фотокехтах? – ца кхийтира со.
– Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, – кхетийра со Турпалханас.
– Т1аккха делан ахьа фотокехат? – хаьттира аса.
– Делир иттех кехат-м.
– Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?
– Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.
– Серлонехьий!?
– Х1аъ.
– Дагар а дина д1аделира ахьа?
– Х1аъ. Пачки чу а дехкина.
Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.
– Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина 1аьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? – дагадаийтира аса доттаг1чунна.
Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалханас диначух.
– Фотокехат а хьош ваг1ача х1ун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? – бегаш бора 1арбис.
– Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, – воьлура со доттаг1ашца.
Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.
1уьйрана ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1арна хьалхха даима а санна т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвалан вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.
– 1уьйре дика хуьйла! – олуш улло вахара со.
– Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш д1аялан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, – сан т1оьрмиг буйналоцуш ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.
Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Турпалхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.
Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна к1елхула аг1онца д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа юьртана Малижеран аг1ора дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттарена санна суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна уллоиккхина вог1уш 1умарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьсушшехь Малижийна корта т1ете1ош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихялар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1оттабелира уьш.
– Салам… ахьа х1ун до? Ишкола цигахь яц хьуна. Тилвелла-м ца воьду хьо? – бегаш бен кеп х1оттош хаьттира соьга 1умарас.
– Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, – олуш т1ехвелира со.
– Хьо ишколе ца вог1у? Д1а х1унда воьду хьо? – суна т1ехьа йистхилира Малижа.
– Урокана т1аьхьадисина шу. Т1аьхьавуьсург ларвеш лаьтташ Иван Архипович ву шуна цигахь, – ахвухавирзина олуш со сайн новкъа д1авахара.
И шиъ уроке сихделира. 1умар-м шен къамел ца сацош векаш вара, амма цхьана х1аваэхула хаа-м делира сан хьекъална, йо1 к1ентан самукъане дийцарах кхин къежаш ца хилар.
Со меллаша волавелла эвлаюккъерчу йоккхачу майдане кхечира. Жимма волавелла а лелла туькнашкахула чекх а ваьлла со вуха а майдане кхечира. Оцу хенахь майданехула схьавог1уш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьулвалан вуьйлира, амма ца кхиира.
– Сайд1али, хьо ишколехь вац? – хаьттира цо соьга геннара.
Вах1ид ц1е а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эх1-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш г1еметтах1оьттина жимочу дег1ехь векъана стаг вара и.
Бегаш беш, беламена стаг 1ехор, хьовзор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан х1уъу а дийр долуш вара со.
– Дера, лулахо, со-м ишколера иэккхавина! – дере дира аса.
Амма Вах1ид шен аг1ора кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера д1аваьккхина.
– Муха иэккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера д1аваьккханий? – хаьттира цо сол а ч1ог1а догдоьхна.
Со ц1аьххьана кхийтира, Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх.
– Вах1ид, – дехаран т1ег1ана т1е а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера д1а а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх! – дийхира аса лулахочунга.
Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.
Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, к1аддеш.
– Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? – хаьттира аса.
– Ву, геннара… тайпана.., – х1ун хилла, дийций валахь, – собар ца тоьура сан лулхочун.