Оценить:
 Рейтинг: 0

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар

<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
3 из 6
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь? – меттавалийра со 1исас.

Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Т1аьхьа-м висинера со, х1инца суна т1ехула т1е оьшург иза соьга ц1ахь 1амон елларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича шен метте кхаьчний, кхачанзий ву аьлла хеташ журналана т1е а хьаьжина сан ц1е яьккхира.

– Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш 1амон! – реза вацара со сайга хаттарна.

– Хьан х1унда ца хуьлу урокаш ян йиш? – цецвалар доцуш хаьттира хьехархочо.

– Цомгуш ву со!

– Х1ун цамгар ду хьан?

– Х1ара ду-кх! – айса буьйсана даьхна суртийн туп цуьнан истолан т1е дехкира аса.

Леррина хьаьжира хьехархо суьрташка.

– Дика корматалла ю иза-м. Амма хьо урокаш 1аморах к1елхьара воккхуш цамгар дац и. Шиъ ду хьуна охьахаа, – журналан т1евирзира и сан таханлера дуьххьара шиъ оцу т1ехь безамца д1анийсдеш.

Сан шиъ журналана т1е д1а а дерзийна, суьрташ схьадеъна сан парти т1е дехкира хьехархочо. Иван Архипович шен хьехархочун меттиге д1аволавелча, юккъера ши сурт схьаэцна, вуьйш классе д1ахьажийра аса. Малижин ши сурт цуьнга д1акховдийра со цуьнан аг1ора ца хьожуш. Суьрташ йо1а куьг схьакховдийна д1аийцира, амма кхин баркалл аьлла а сан дог ца ийцира. Со къайлаха хьаьжича даима а санна шен урокана кечам беш яра йо1. Эрна а ца хиллера и кечам бар, кестта цо шега хьехархочо динчу хаттарна жоп делла пхиъ даьккхира. Ц1аьххьана со волчу аг1ора схьабирзинчу йоь1ан шина б1аьргах, цхьана х1уманах тасавелла охьавоьжча санна хилира со. Еккъа ц1ена шело бен кхин х1ума ца гира суна х1инца оцу б1аьргийн сийналлехь. Хьаьжана юккъехь х1оттийна шадана кеп яра, оьг1азло-м яцара и амма цхьа цуьриг а йовхонах х1ума а дацара, суна самаха, г1енаха а дуьхьала туьйсуш хиллачу б1аьргашца. «Муха? Суна х1инццалца ца девзаш хилла техьа и б1аьргаш. Х1унда ду и б1аьргаш сан дег1ах чекхдуьйлуш санна хьоьжуш. Иза-м яц со гуш а!» – къиза ойланаш хьаьвзира сан коьрте.

Урок чекхъяьлла садо1ан арахьаьвдира бераш, хьехархо а журнална т1е цхьаъ-м д1аяздина классера аравелира. 1иса араволийтуш партаана т1ера г1аьттина вуха а охьахиира со, сой 1исай 1ен парта пенна уллохь яра. Малижа а яра шен меттехь схьайиллинчу киншкана т1ейог1аелла 1аш. Цуьнца цхьана партии т1ехь 1ен Губани а шен дешаран г1ирс т1оьрмигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир ю хьуна», – кхоьссина араелира. Малиже хьаьжича сан тидам хилира, иза киншкана юккъе дехкинчу суьрташка хьожуш хиларан.

– Малиж, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла, – йо1ана уллохь партана т1ехь д1атарвелира 1умар.

– Хаза ца яьлла со сурта т1ехь, – олуш суьрташ д1акховдийра Малижас.

– Деккъа ц1ена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а суьрта т1ехьчулла а иштта хаза ю хьо, – улло т1евуог1авелла тайниге санна хьаьжира 1умар.

Классанчохь масех божберех дешархой вара вовшех тийсалуш шайн саму-къадоккхуш. Церан г1овг1анехь дикка ца хезира суна кхин х1ун элира 1умарс. Со сайн партана т1ера киншка т1оьрмигна чу а кхоьссина меллаша аравелира. Бераш б1аьстенах, йовхонах самукъадаьлла ловзуш д1асауьдуш дара, амма сан царах самукъа ца долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколана уьйт1ара араволуш аг1онца болчу новкъа аравелира со. Кертайисттехула асфальт биллинчу г1ашлойн некъахула б1арийн диттийн 1индахула д1аволавелира со. Суна-м х1инца хьалха дуьххьара хезича санна иштта ч1ог1а новкъа а дацара 1умарас йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдог1ийла а дацара, дукха дешаран т1ехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, т1аккха цхьа корматалла 1амон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтуохан хенахь аьтто хир бац», – ойланаш йора аса ц1аьххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьависина чувеира со классе. Сан декъаза ц1окана та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан не1аран т1ам лацан бен ца кхиира иза т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш ехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.

– Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! – соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.

Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.

– Охьахаа хьайн метте… Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! – шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.

1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.

Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.

– Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! – бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.

Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.

«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте.

Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а г1урволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда к1елхьара валан г1ертачу йоь1ан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза д1аийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоь1ан б1аьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй х1инца дуьйна д1айолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и б1аьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна х1окху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.

Урокаш чекхъевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.

– Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьана дахийта цига! – ишколан уьйт1е екаеш ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис, суна т1аьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.

– Стенга дахийта? – доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.

– Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? – реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.

– Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, – аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.

Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» – бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.

Малижин ц1енна генавоццуш сецира со, х1инца-м хьажт1ера хьацаран т1адамаш хааделира суна юьхьт1ехула охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.

Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», – ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.

Со ц1акхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш.

– Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? – ша реза цахилар гойтура цо.

– Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, – бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.

– Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела ткъа, – т1аьхьа йист хилира нана.

Со сахьтана т1ехьаьжича, суо а цецвелира. Суьйрана ялх сахьт а даьлла лаьттира.

– Схьавола х1инца мукъна а х1ума кхалла, – со волчу йист хилира нана.

– Х1инцца, – жоп луш со сайн маьнгина т1е аркъала тевжира.

Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.

– Чохь вуй и? – 1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш.

– Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! – со волчу гучувелира 1арби дукха хан ялале.

– Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, – 1арбин букът1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.

– Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! – улло веира 1арби.

Аса куьг лаьцна ц1еххьана уозийна сайн маьнгана т1евожийра и.

– Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавлан дагахь ву! – олуш тасавелира 1арби.

– Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! – тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан.

Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:

– Схьадуьйла чай мала! 1уьйрана дуьйна х1ума а ца юуш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву х1ара к1ант а! – олуш.

– Муха хоьхкуш лелаш..? – ца кхийтира даима а духе валан сак1амлуш волу 1арби.
<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
3 из 6