– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!
– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.
– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.
– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.
Сайхан а, лулахойн котам а.
Шен дай санна даима а меца цхьа котам яра тхан уьйт1а эхан марзъелла. Пхи шо кхаьчначу вешин к1анте олура аса:
– Д1аэккхае и котам, хьо х1ун деш лаьтта?
Амма котам-м къар ца ялучух тера дара цуьнга. Т1аккха и яхье ваккхан дагахь аса элира:
– Сайхан, и лулахойн котам вайн уьйт1ахь шен ден ц1ахь санна лелар яцар хьуна, хьо стаг велахьара!
– Ваша, сан цуьнан санна ира з1ок ма яц! – бехказа велира хьекъален жима к1ант.
Доьналла долуш волу завхоз Казбек а, дешархо Товсари а.
Урок йара йолалуш, учитал Фатима кечлуш йара шен эшарийн урокана нотийн хьаьркаш д1аязъян.
– Мел стенгахь бу? Сиха г1о мел бан! – дехар дира учаталас.
Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:
– Мел буй?
– Мел беза хьуна?
– Мел беза суна!
– Собар дехьа! Мел беза хьуна?
– Собар до аса-м! Мел беза!
– И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?
– Мел беза!
– Мел беза хьуна! – бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.
– Мел беза! – боху аса а, т1ечехан йуьйлира Товсари а.
Х1ара шиъ къийсалуш доллуш, учитал Фатима а схьакхечира орцаха.
– Ванах и мел балан мегаш бац оцу берана?
Х1инца-м Казбекана а, шен доьналла долуш хилла болу дай а дагабаьхкира!
– Ой! Аса бохучуьнга ладуг1уш ма йац йа х1ара йо1 а, йа хьо а, ва Фатима! Мел беза схьаолуш ма дац шу и мел!
*******************************************
МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш
Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.
Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.
– Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, – бохура доттаг1чо.
– И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, – дийхира аса Мусага.
– Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! – цецвелира Муса.
– Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, – кхетийра аса доттаг1.
24.11.22
Зудчунна х1уш эцар.
Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:
– 90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? – олуш.
Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.
Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.
90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:
– Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!
– Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! – б1аьргаш къарзадира зудчо.
04.02.23шо.
1арби – фельдшер-акушер!
Воккха лор волчу ца воьдуш а, 1арби фельдшер бен вацахь а, цомгуш болу нах цунна т1е эха марзбеллера. Моз даочух тера дара цо, йа цомгушчарна хаза дуьйцучух. Делахь а цхьа дарба лелон 1емина хилан а мегара. Масана ду уьш, шайт1ана некъаш.
Цхьана хазчу суьйрана 1арби чу кхайкхинера шен накъоста. Дикка, молуш долчу къаркъано, коьртах тоьхначу хенахь, 1арбийн телпо г1ийла йийкира «ва-а-а!» олуш. Ца ваьлла схьаийцира 1арбес телпо:
– Ладуг1уш ву, схьадийцал, айхьа схьатоьхнехь! – аьлла.
– Х1ун боху цо? Х1усамнана-м йац, орца доккхуш? – хаьттира накъосташа.