14.09.2022 шо.
Мелкие хулиганы!
Россен цхьана г1алахь мечикан зударий бара т1ом болчу хенахь нохчийн зудчуьнга дуьйцуш:
– У вас там такие ужасы рассказывают! Что только у вас не творится! Ваших людей укутывают в тряпье! Бандиты кругом!
Нохчийн зудчунна дика хуучух тера дацара оьсийн мотт:
– Не-ет! У нас все хорошо, – жоп делира х1окхо, – это мелкие хулиганы, которые служат в милиции виноваты!
14.09.2022 шо.
Моллина мерза кхор.
Г1уркх а бетташ ишколан луларчу кертана дехьара кхораш дохуш воллура ишкольни учитал-молла. Оцу хенахь кертана дехьа гучувелира кертан да.
– Делахьа ма мерза ду хьан х1ара кхораш! – воьхна хьаьвзира молла.
– Ду, – т1етайра лулахо, – лачкъийна дохуш долу кхораш даима а хуьлу мерза.
Лачкъийна котам.
Иттех шо х1окху ишколехь болх беш, дуьххьара саг1ийна юьртадас котамаш йоькъучу хенахь, котам кхаьчнера Воккхачу стагана-учитална.
– И тхан майрачунна-м ма ца елира оцу юьртадас и котам! – реза яцара истолови чохь болх беш йолу зуда.
– Иттех шарахь болх беш елла х1ара котам а шун майрачуьнаниг хилла-кх! – д1акховдийра учиталас котам.
Молла кхайкхарий!?
– Молла кхайкхарий! Хезарий шуна цхьаннена а! Ламаз дан дезаш вара со! – ша бен ламаз а ца до, аьлла гойтуш, «орца» дохуш, ц1ог1а бохуш чуьра ваьллера цхьа бусалба.
– Ца хезира, – жоп делира цхьана воккхачу стага, эцца уллохула т1ех волуш т1енийсавеллера и.
– Муха ца хезира? Суна-м ма хезира и… х1инцца, – гучудаьккхира шен х1илла бусалбано.
– Суна-м ца хезира, – ца къарлора воккха стаг.
– Муха ца хезира! Ца хазан йиш ма яц! – къовсаме велира бусалба.
– Ца хезира, – шена гонд1аха хьаьжира воккха стаг.
– Вай, со хьера ваьлла ма вац! Х1инцца цхьа минот хьалха молла кхайкха ма кхайкхира!
– Оцу хьан моллас х1ун дира-м ца хаъа суна, амма, эцца чохь 1аш волу тхан ишколан молла-м ца кхайкхира цхьаннега!
Саг1ийна котамаш.
Ишколехь саг1ийна котамаш йоькъуш йара дирекхтор. Шена а котам нийслура яц техьа дагадеъна, учитал Воккха стаг вара шен ма-хуьллу сиха уьйчахула д1аиккхина воьдуш.
– Хьо котам еха воьдуш велахь, исторожегара пакет йехалахь. Цхьа безамехьа хаза пакет ю и волчу чохь. Мел хаза ю, хаьий хьуна! Суна-м ца елира цо и, мел ч1ог1а аса йехарах, – хьехар дира техничкас Розас.
– Х1ун до аса оцу пакетах, суна оьшург котам ма ю? – ца кхийтира Воккха стаг.
– Х1ун до? Х1ун до! Нагахь санна, хьуна котам ца кхачахь а, пакет мукъна хир ю-кх!
Букъарш.
Ишколе чоьхьа волуш вара учитал Воккха стаг. Турникетана халла юккъе а нийсаелла х1оьттина лаьттара: ишколехь шен терзига боцучу безамца а, сихачу меттаца а дика евзаш йолу цхьа жеро-техничка.
– «Букъарш», со ишколе чу вохийтура варий ахьа? – бегаш бира Воккхачу стага.
– Ой! И бохург х1ун ду? Со-м яц «Букъарш»! – реза ца хилира жеро-техничка.
– Хала ма хеталахь, йо1! Воккхачу стага жимачуьнга олуш хуьла и иштта бегашена, – кхетийра Воккхачу стага, бехкала вахана.
Ша и малх санна елаелла, екхна, халла турникетана юккъера араяьлла, дехьа валийтара жерочо учитал:
– Ой! Со жима ю бохург ду хьан и, «ваша»?
– Дац! Со воккха ву, бохург ду-кх! – элира Воккхачу стага учиталас.
Дирехтар доп-п1уп1-образовани!
Цхьа вайна евзаш йоцу доп-п1уп1-организацехь, шайн организацин езалла гучудоккхуш, гайтаран хьама «конференци» яра еш, ишколехь шайн болх беш болучуьра учаталаш юкъаха а баьхна, схьа а гулбина. Дирехтаро лаккхара омрица деш куьйгалла дара, х1окху доп-п1уп1-организацехь иштта а пхи-ялх бен воцучу белхалошна, т1е хьоькхуш мохь бара: «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац» – шуна массарна а хаийта.
Х1окху доп-п1уп1-организацехь а хаьара, ишколашна х1инцалерачу заманчохь х1уъу а коча долла мегара дуй. Х1окхара 1амон бисина бара, дешархой 1амон институташкахь кечбина болу учиталаш. Шайна хуъуш цхьа доккха х1ума долуш санна, шина сохьтехь хьехараш-м дира х1окху доп-п1уп1-организацин дирехтаран цхьана: бухгалтерас, кхо-виъ заместителаша, шиъ-ах допобразованин педагогаша а. Дирехтаран-м шен шиъ-ах бен воцучу белхалошна дов дан бен ца хаьара, х1унда аьлча – «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац».
«Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.
Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:
– Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!
– Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу! – цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде… аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!
Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!
Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.
Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а – шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!
Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.
Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:
– Эх! бехк ма биллалахь, – оьккхийтуш.