– Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! – омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.
Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!
Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.
– Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? – хаьттира дас к1анте.
– Тахана-м, дада, диъ даьккхира аса, – воьхна вацара к1ант.
Иза-м дукха боккха аьшпаш ца хила там бара, шиннена шиъ т1е тоха хууш волучунна.
13.10.2022 шо.
Хала болх.
Иттех шарахь хьаькиман болх, а бина, т1аккха даржан лаха ваьккхина, ишколехь дирехторан г1оьнча болх, а бина, дуьненахь хилан тарлучу бюрократех чекх а ваьлла, «пенсионерийн хьаькимийн болх бан йиш йац», – аьлла балхара мукъа витина вара цхьа воккха стаг. Х1ора дийнахь: цхьа б1е сов, ишколашна болх бан 1амон, т1ейилинчу хьаькимийн конторашкара схьа мел оьхуш долу хьекъален кехаташна жоьпаш луш болх, а бина волу пенсионер ша шена висира уггаре а балхана т1ера кот ваьллачу хенахь. Шаверг а хьаьким хила лууш хиларна, учитал болх бан ца хаьахь а, учиталаш 1амон хууш хиларна, учиталаш ишколехь тоьуш бацара. Цхьа дика, хьаькимийн болх бан йиш йацахь а, пенсионерийн бакъо йара учиталийн болх бан.
Учитал балха вахара пенсионер. Ишколера техничка а т1ехь, шаверг а ладуг1уш вара – пенсионер дохко маца волу. Оцу хенахь цхьа учитал йеъира учиталски чу, пенсионера урок лучу классан уллохь ладоьг1уш а лаьттина:
– Хьовсийша, вайн пенсионерас лелош дериг!
– Х1ун леладо цо? Заявлени яздеш ву, балхара д1авала!
– Вац! Бегаш беш ву-кх дешархошца! Воьлуш!
22.09.22шо.
Ши учитал автобусана т1ехь.
Ши учитал йара, урокех мукъа а йаьккхина, дешархой а дирехторас мукъа а битина, г1ала йоьдуш. Хьаькимаша Интернет чуьра х1окхарна схьайаьхна, кечйина тесташ д1айала йоьдуш йара х1ара шиъ.
Цхьана учиталас сихха схьадаьккхина ахча д1аделира ГАЗель чохь, шолг1ачо шега далийта бохушехь:
– Саг1ийна! Делан доьхьа!
Г1алахь базаран кертара кхин а автобусца д1айахан езаш яра х1ара шиъ. Хьалхара учитал тохаелира къин цкъа а «саг1а даккха».
– Собар дехьа, соьга а далийтахьа и саг1а! Хьуна-м хьо к1елхьара яьлча бе бен д1а а ма ца хета! – бохура шолг1ачу учиталас.
22.09.22шо.
Жоврат.
Г1ала баха арабевллера учиталаш: мартанхой а, валаргхой а. Г1алахь вовшаха а кхитира уьш.
– Эхх1ай! Ма хала даьхкира тхо: оцу автобуса чохь д1а, схьа а детташ! – аьрзнаш дора мартанхоша.
– Деллахьа ца йеъира со-м хала! Эцца новкъахь кхин цхьа, ши зуда а кхетта, 250 рублей а делла такси техь хаза: 1аьржачу машенахь, локхуш музыка а йолуш, хаза к1ант а ма вара т1ехь! – дуьйцура Жоврат ц1е йолчу учиталас.
22.09.22шо.
Пхьор.
Суьйрана пхьор даъа охьахиира воккха стаг. Зуда а йара гонаха хьийзаш: Ша дийнан дохалехь хьаьнца дов даьккхира, масанца толамца чекхдаьккхира, масанца, аьтто а ца баьлла, тешанбехкаца д1адирзира а, дийцира зудчо. Масана дара уьш, майрачо х1ума юучу масех минотехь зуда дийца кхиънарг!
Ша муха олу а ца хууш, зудчо т1аьххьара а хаьттира:
– Мерза йарий юург?
– Цхьана куьйга хьо сеца а еш, йиъина х1ума, суна мичара хаьа, и мерза йарий!
22.09.22шо.
Телвизора бегаш бо.
Телевизора чохь шина, кхаъа т1ег1ане охьахевшина зударий а болуш, д1ахьош дара Зударшна лерина дезаде.
Зударша вовшашка а, телепередача д1акхоьхьуш волчу Ислам Хатуевга а, микрофон а, дош а ца кхочийтуш хаза а, деза а, маза а, заза а хабарш дийцира. Телепередача суьйрана бажа ц1абаллалца лаьттинехьара, кхин а дуьйцург хира дара белхено хабарш. Ислам жимма каде а хилла, телепередача д1аерзочу даьлча массо а зудашна декъа доладира зезагаш, цхьана жимачу стага мор боьттина эсешна буц санна д1адоькъура зезагаш! Хьалха шина т1ег1ана-м хьалакхечира жима стаг, амма лакхарчу т1ег1ана дег1ана шоралла-м тоьура, дохалла ца тоьура.
– Эх1, гора жима стаг я1! Уьш пиряжкаш елхьара-м, хьала кхийсича даьллера и зезагаш! – бохура лакхахь 1ачу зударша.
19.09.2022
Бекханан доттаг1.
Мелла а ахчанах х1ума елла хиллера Бекханас шен доттаг1чуьнга цхьана баттана. Пхи, ялх бутт хан яьллера доттаг1чун и ахча д1а далар ца хуьлуш. Реза воцучу Бекханас и шен зудчуьнга а дийцина хиллера. Зудчунна-м и ахча кхин а ч1ог1а дагах кхеттера.
Лечкъаш лелачу доттаг1чунна новкъахь т1енийсаеллира Бекханан зуда:
– И тхан чуьрниг вара-кх, ша вицвелла 1аш-м вац техьа хьо, – бохуш, къадийра зудчо.
– Дера ца вицвелла! Вицлура а ма вац! Вицвалан йиш а ма йац, ша и Владимир Ильич Ленин санна! – жоп делира доттаг1чо.
16.09.2022
Бекхан ц1е йолу борз!
– Со-м, хьуна ма хаъъара, цхьа борз ма ю. Вай цхьа к1ентий ма ду! Х1умма а ледара а доцуш! – къамеле ваьллера Бекхан, ишколан истолови истолана т1ехь чайна стака молуш тхо 1аш.
Чайна истака мелла ваьлча, шен истака схьа а эцна истоловин пхьег1аш йуьлучу д1аволавелира Бекхан.
– Ой, Бекхан, хьо стенга воьду? – хаьтира Русланбек ц1е йолчу Бекханин коллега волчу жимчу стага.
– И бохург х1ун ду? Сайн истака дилан воьду-кх!
– Хьо борз ю ца бахара ахьа? Истака ахьа муха дуьлу? Зударшка х1унда ца дуьлийту ахьа, церан болх бац и? – цец ваьллера Русланбек.
– Муха дуьлу! Иштта дуьлу-кх, истолови чохь болх беш ерг тхан зуда ма ю, цуьнга дилийта-м ца дезара аса и! – д1атилира борз шен истака дилан.